ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къобалъязчу Ичкерин хьалханча Киевехь хьаькамашца а, депутаташца а цхьанакхетта


Закаев Ахьмад

Къобалъязчу Ичкерин векалш, шен коьртехь арахьарчу урхаллин хьалханча Закаев Ахьмад волуш, цхьанакхийтира Киевехь Украинан Лаккхарчу радан профилан дуьхьалонан комитетан векалшца а, депутатца Гончаренко Алексейца а, Оьрсийчохь магийна йоцчу ГIирмерчу гIезалойн боламан куьйгалхочуьнца Джемилев Мустафаца а, хьаькамашца а, иштта, Украинан ТIеман ницкъийн могIанашкара нохчийн тIемалошца а.

"Масех де хьалха баьхкина тхан векалш Киеве, чIогIа чулацаме программа яра – официалехь цхьанакхетарш а хилира, къайлаха а хилира уьш, царах лаьцна дийца йиш яц сан. Украинхойн Iедалшца а, къомаца а оцу тIамехь тхо цхьана хилар гайтарал сов, дуккхаъчу хеттарийн хьокъехь тхайн агIор гIо дан а даьхкина тхо кхуза. Дийцаредаран тIегIанехь ду и хеттарш", - дийцина Кавказ.Реалиига Закаев Ахьмада.

Нохчийн политико билгалдаьккхина, таханлерчу дийнахь Украинан Iедалан векалшца цхьана юкъаметтиг лелоран стратегин Iалашонаш билгалъяьхна.

"Оцу тIеман жамIашца дуьнене и Оьрсийчоь хийцалур ю. Оцу хьолехь вайна коьрта ду юкъараллан евроинтеграцин платформин бух ботта – Украинана а, Ичкерина а", - билгалдаьккхина Закаевс.

Политика иштта аьлла, Ичкерин урхаллин дIахьедарийн бахьанехь Украинхойн Iедало а, къомо а дика къастабо нохчий а, оьрсийн пропаганда лелорхьама пайда оьцу кадыровхой а.

  • Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацехь дIахьедира, Украинан дуьхьал тIаме ца баха, шайга гIо доьхучу Нохчийчуьра бахархошкара хаамаш совбийларх. Организацин дIахьедарехь дуьйцу, шаьш Украине тIаме дахийта кечдеш ду, Оьрсийчуьра арадовлуш гIо дахьара бохуш, иттаннашкахь бахархошкара кхочучу хаамех. Кадыровн критикаша чIагIдо, меттигера бахархой бертаза тIаме хьийсабо, оцу юкъанна, ницкъаллин структурийн белхахой боцурш, Iедалхой тIаьхьабевлла лела нах а цхьана.
  • "Новые горизонты" марафонехь дешархойн а, студентийн а хеттаршна жоп лучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьххьара официалехь довзийтина Украинан дозана тIехь долчу махкарчу дакъойн терахь – кхоъ эзар гергга стаг ву боху цо.
  • Масхадов Анзор, тIе ца эцначу Ичкерин хиллачу президентан кIант Киеве веана ву. Масхадов – Норвегин вахархо ву, цо дIахьедо, Оьрсийчоьнна дуьхьала бечу тIамехь Украинана муьлхха а гIо латтон дагахь ву ша, иштта, украинхойн хьаькамашца а, жигархошца а цхьана Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь а, тахана Украинана динчу чугIортарехь а оьрсийн эскаро лелийначу зуламийн цхьа база а кхоьллина, юкъараллина дIагайта дагахь ву иза.
  • Оьрсийн эскаро Украинерчу маьршачу нахана дуьхьала лелийна зуламаш дуьххьара Охан-беттан I3-хь Американ президента геноцид ю элира. Стигалкъекъа-беттан 9-хь Джо Байдена "тIеман тийсадаларш чекх довллалц" украинхойн эскарна ленд-лизехула тIеман гIирс дIакхачоран низамна кIел куьйгяздина.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG