ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIегIортаран мах. Байденан а, Путинан а къамелна Американ реакци  


Джо Байденан а, Путин Владимиран а видеодийцарш
Джо Байденан а, Путин Владимиран а видеодийцарш

Украинина нагахь тIегIортахь Оьрсийчоьно лур болчу мехах лаьцна хаийтар. Иза яра, КIайн ЦIинан векало бахарехь, президентан Байденан коьрта Iалашо шина сахьтехь президентаца Путинца къамел деш, яздо Радио Свобода зорбан гIирсо.

"Президента Байдена элира президенте Путине нисса дIа: нагахь Оьрсийчоьно Украинина тIегIортар кIаргдахь, Цхьаьнтоьхначу Штаташа а, тхан Европерчу бертахоша а жоп лур ду луьрчу экономикан гIулчашца. Оха кхин а алсам ларбаларан гIирсаш лурбу украинахошна, хIинццалц беллачунна тIе а, хIинца оха луш болчу а сов а луш. Оха чIагIбийр бу тхайн бертахой НАТО-н малхбалерчу флангехь, эскалацина жоп луш", - дIахьедира пресс-брифингехь президентан Байденан къоман кхерамазаллехула хьехамчо Салливан Джейка.

Иза кхин кIорге ца гIиртира КIайн ЦIийнехь дийцаре деш долчу дийра долчух лаьцна, амма, цо ма аллара, Джо Байдена, Путин Владимиран бIаьргаш чу а хьажна, варе вира оьрсийн лидер, Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ дан кийча хилар 2014-чу шарахь шаьш цадинарг.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретаран хилла волу гIоьнча Кремер Дэвид сатесна ву Джо Байдена аьтто баьлла хир бу аьлла Путин Владимирна хаийта КIайн ЦIийно юьхьарлаьцнарг забар йоций:

Вуьшта, со тешаш вац, Путина цу тайпа жамI дийр ду оцу къамелах бохучух.

– Со теша лууш ву шина сахьтехь къамел деш президента Байдена вуно къаьсташ кхетийна хир ву Путин Владимир Ураинина дуьхьал Кремлан тIеман операцина хIун мах болуш хир ю бохучух, Путина кхетта бохучух, иза инзаре доккха гIалат хигр хиларх.

Со вуьшта, тешаш вац, Путина цу тайпа жамI дийр ду оцу къамелах бохучух. Хена йохала гур ду вайна. Цу юкъанна дерриг а долчо гойтуш ду, Цхьаьнатоьхна Штаташ шен Европерчу бартахошца цхьана тIейоьдуш ю санкцийн пакет тIэцарехь барт хиларна, баккъалла а лазаме хир йолчу Путин Владимирна. ХIинца оьшург ду Кремлна хаийта, и санкцеш болх бан йолалур хилар, Оьрсийчоьнан Украинина дуьхьал операци йолаллушшехь. Цхьа а хьем бар а, беттанашкахь санкцеш йийцаре яр а, уьш кечъяр а хир дац.

Цхьацца кхин болу аналитикаш санна, Кремер Дэвид хеташ ву, хIинца хир ду аьлла Оьрсийчоь SWIFT дуьненаюъкарчу махбаларан системех дIахадор.

Санкцийн объекташ хила тарлуш ду Iедалан лаккхарчу эшлонера нах.

– Суна хетарехь, Оьрсийчоь SWIFT системина юкъахъяккхар ду, кечйеш йолчу гIулчашна юкъахь. Дицдийр дац вай Европарламенто хIинцале а кхайкхам бина хилар иза дан деза аьлла. Доллачул а хьалха вайна гур ю луьра санкцеш энергетикан а, банкийн а, финансийн а Оьрсийчоьнан экономикан секторашкахь. Суна луур дара санкцеш хилар ган Путинна а, цуьнан юххера гонарчу нахана а дуьхьал. Со тешаш вац КIайн ЦIийнехь кийча бу Путинна дуьхьал санкцешна, амма хила тарлуш ду санкцийн объекташ хилар Iедалан лаккхарчу эшелонера нах.

Теша луур дара, "Nord Stream" (Къилбаседан Iовраш)газан биргIа хьехора дIадоьрзур хиларх, Оьрсийчоь Украинина тIелатахь, иза доккхачу декъана Германех дозуш хир делахь а. Цул сов тIеман гIо дар шорлуш ду Украинина, цуьнан ша Iалаш ян аьтто хилийта, алсамдера ду Американ Цхьаьнатоьхна Штатийн тIеман ницкъаш дIатарбар Польшехь а, Литвахь а, Латвехь а, Эстонехь а, фронтан дозанца Iохкучу пачхьалкхашкахь.

Украинин а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а эскархой бу 2016-чу шарахь церан цхьаьна хиллачу тIеман Iаморашкахь
Украинин а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн а эскархой бу 2016-чу шарахь церан цхьаьна хиллачу тIеман Iаморашкахь

Путин Владимирна, вуьшта, Украинина дуьхьал тIеман операци йолаярх лаьцна ша варе вар хезна ца Iаш, хезна ша къемеле кхайкхар, боху Джорджтаунан университетан профессора Стент Анджелас:

– Байдена, цхьана агIор забар йоцуш дIахаийтина Украинина тIегIорта а, цуьнан дозанехь эскарш гулдан а мегарг цахирх лаьцна, Кремлна кхерам а тосуш хьалха хиллачарел а вуно луьра санкцеш кхайкхор хиларх лаьцна, кхечу агIор цо боху Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ лаам болуш хилар проблема димломатийн гIулчашца дIаерзо, Вашингтон кий ча хилар европахошца а, Оьрсийчоьнца а цхьаьна и проблемаш йийцаре ян, КIайн ЦIийно Минскерчу бартана гIортор еш хиларх лаьцна, ша кийча хиларх лаьцна стратегин кхерамазаллах Кремлца къамел дан.

Сан шеко ю Кремлана луучух цхьадерг цунна делла бохучух. Цкъа делахь, "виртуалан оьрсийчоьнан-американ саммит", кечйеш хила мегаш ю. ШолгIа делахь, Цхьаьнатоьхначу Штаташкара ваIда кхаьчна цуьнга дийцарш дан стоьла ганах а хевшина, Москван сагатдийриг дийцаре дийр ду аьлла. КIайн ЦIенна хетарехь, цу тайпа гIулчаш яха мегар ду, нагахь цара Путин тешо гIо дийр делахь, Украининаа дуьхьал кхин а йоккхачу масштабехь тIеман операцеш ца йолаяйта.

НАТО-н ницкъаш дакъалоцуш Эстонехь эстони-оьрсийчоьнан дозанехь хилла тIеман Iамораш, Сигалкъекъа-бутт 2021-гIа шо
НАТО-н ницкъаш дакъалоцуш Эстонехь эстони-оьрсийчоьнан дозанехь хилла тIеман Iамораш, Сигалкъекъа-бутт 2021-гIа шо

Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Малхбузено а гарантеш лур яц Кремлна Украина НАТО-х дIакхетар яц аьлла. Стент Анжелина хетарехь, Путин Владимиран иза коьртачу Iалашонех цхьаъ ялахь а, амма Байденан администрацино дакъалаца мега Минскерчу процессан гурашкахь дIахьуш долчу дийцаршкахь, нагахь Москва реза хилахь Украинин дозанашкара шен эскарш юхадаха.

– Суна хетарехь, Путин гарантеш езаш ву, Украина НАТО-на юкъагIур яц аьлла, амма НАТО-но а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а цкъа а лур яц цу тайпа гарантеш. Кхечу агIор, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа буьззинчу барамехь Минскерчу процессехь дакъалацар хила мегаш хIума ду. Путин иза лууш хила мегаш ву, хIунда аьлча цо хьалайоккхур ю цуьнан престиж. Суна хетарехь, керлачу билламашна тIехь Минскера процесс денъяр дан мегар долуш хIума ду. Цо кхиам бохьур бу ала хала ду, амма дийцарша, лаххара а, лахдийр ду керла тIеман акцеш хила магаш хилар, - аьлла хета Стент Анджелина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG