Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграмерчу каналехь Мариуполехь яьккхина видео арахецна, оцу тIера турпалхойх цхьаъ ву Геремеев Руслан – оппозицин политик Немцов Борис верна бехкевийриг.
Видео тIехь Геремеевс цкъа духхьара кадыровхойн тобанца ламаз до, цул тIаьхьа нохчийн байракх уллу, дийцарехь, Мариауполан администрацин гIишлонна тIе.
"Сан хьоме ВАШАС Геремеев Руслана "Добрый" шен тIедиллинарг массо хенахь кхочушдо. Цунна Мариуполера уггаре хала дакъа кхаьчнера, ткъа шен декхар командира кхочушдира плюсаца пхиъ жамIаца", - дIахьедина Кадыровс.
Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь Украинехьа тIом бечу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу шен лаамерчу нохчийн батальонан командира Осмаев Адама билгалдаьккхира, Кадыров Рамзана Украине "вахийта йиш мел ерг вохуьйту, шайлахь заьIап нах, цхьанна хIуманна хьалхо бехке хилларш болуш, хIунда аьлча, цунна чIогIа лаьа муьлхха толам бакхха".
"Амма турпалхойн кепехь Мариупол ларъечара ца хуьлуьйту оьрсашна оцу тайпа синтем", - билгалдаьккхина Осмаевс.
Ши кIира ду Кадыровс хIинц-хIинц Мариупол "дIацIанорах" лаьцна рапорташ еш, амма кадыровхошка иза хIинцле а далуш дац.
Геремеев Артурца цхьаьна Немцов Борис вер вовшахтухуш дакъехь хиларна шеконашка лаьцна полицино леван везаш хилла Геремеев Руслан лар йоцуш тIепаза вайна лоруш вара. Талламна карош бацара уьш, хIунда аьлча, официалан версица, и шиъ вазвеллачу цIийнан неI цхьамма схьа ца елларна.
Оппозицин политик, Оьрсийчоьнан урхаллин хилла вице-премьер Немцов Борис вийра 2015-чу шеран Чиллан-беттан 27-чу сарахь Доккха Москварецкан тIай тIехь, Кремлана уллохь. Вер вовшахтоьхнарш, иза тIедиллинарг а карийна бац хIинца а.
"Медиазонас а, Scanner Project антикоррупцин юкъараллин проекто а телефонийн биллингашна а, кеманашца дIасалеларна т1ехула а, иштта видеохьежамийн камерийн материалех пайда а оьцуш билгалбехира Немцов вуьйш дакъа лаьцна хила мега нах.
Царлахь – Нохчийчоьнан Шелковскан РОВД-н белхахо Хатаев Асланбек, Немцов вийначул тIаьхьа Москвара дIавахана хилла цуьнан куьйгалхо, вуьйчу дийнахь коьртачу гIала веана хилла патрулан постан сервисан командир Уцимиев Халид, иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан юххера гонера ши стаг – Федерацин Кхеташонан декъашхо Геремеев Сулиман, пачхьалкхан думан кхерамазаллин а, коррупцина дуьхьало латторан комитетан декъашхо Делимханов Адам.
- 2017-чу шарахь Москвара окружной тIеман кхело зулам дарна бехке лерира Нохчийчуьра схьаваьлла пхиъ стаг – Дадаев Заур, вежарий Анзор а, ШахIид а ГубашевгIар, Эскерханов Тамерлан, Бахаев Хьамзат а. Царна 11-на тIера 20 шаре кхачалц чохь яккха хенаш йиттира.
- Дуьйцучу зуламна бехке ву аьлла хета кхин цхьаъ, Шаванов Беслан, официалан версица, шегарчу гранатана тIехь иккхинера лоцучу заманчохь. Политик вен Iалашонца тоба вовшахтоьхначарлахь ву аьлла, бехке хетта Мухудинов Руслан дуьненаюкъарчу лехамашка велла. 2020-чу шарахь Мухудиновх тера стаг ГеремеевгIеран доьзалера цхьамма гIардаьккхинчу суьртанна тIе нисвеллера. Сурт Нохчийчохь даьккхина дара.
- Немцов вийна пхи шо кхаьчча "Даймахкана хьалха хьуьнарш гайтарна" 2-чу даржан орденан мидал сенатор волчу Геремеев Сулиманна дIакхачош омранна кIел куьйг яздина Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира.