ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ницкъ бинчу Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Нохчийчуьра, Кубанера бахархошна 253 эзар евро кхачийна ЕСПЧ кхело


Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло
Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан гIишло

Ницкъаллин структурашкахь гIело хьегийтарх жоьпалла Оьрсийчоьнна тIехь ду аьлла Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело – цо тIедожийна Дагестанера а, ГIебарта-Балкхаройчуьра а, Нохчийчуьра а, Кранодар-махкара а бала лайначу ворхIаннан доьзалашна 253,3 эзар евро дIадалар.

Уггар дукхах компенсаци кхаьчна 55 шо долчу Дагестанан вахархочунна Ибрагимов Султанханна. 2016-чу шеран зазадокху-баттахь полицино лачкъийнера иза ХIинжа-ГIалахь цуьнан ден хIусамера. БархI дийнахь латтийра иза Советский кIоштан полицин декъехь, цигахь ток йеттийтира, йиттинера цунна, гIирмахойн-римахойн латарийн тренер Омаров Iеласолта а, лезгинхойн "Садвал" боламан хьалханча Гаджиев Назим а айхьа вийна але тIелаца бохуш, ницкъбинера цунна. Хьалхо "Медиазонас" хаамбарца, Ибрагимовс СИЗО-хь цхьа шой ахшой даьккхира, 2017-чу шеран гIадужу-баттахь бехккъасторхоша бехказаваьккхира иза. 2019-чу шеран марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьнан кхело 800 эзар сом компенсаци хIоттийра цунна, бехк боцуш цунна тIаьхьабовларна аьлла. ЕСПЧ кхело тIедожийна 55 эзар евро цунна дIадалар.

Сацамбина иштта Сочира Свешников ГергийнагIуллакхехула а, 2017-чу шарахь полисхоша дIавигинера иза школера (11-чу классехь доьшуш вара), теше санна хеттарш дан аьлла. Хосты поселкан полицин декъе валийра иза, Свешниковс дицарехь, йиттира цунна, айхьа къоладина алий, тIелаца бохуш. Жимстаг дуьхьалхиллера цара деллачу кехаташна куьйгаш яздан, тIаккха Лоо поселкера полицин пункте вигира иза, цигахь юха а йиттинера. Эпилепсин лазар деанера Свешниковна, лоьраш кхайкхинера цунна, ткъа лоьраш дIабаханчул тIаьхьа Георгий реза хиллера цара бохург дан- къола деш юкъахь хилла ша аьлла, тIелецира цо. Охан-беттан 30-чохь кхетамчуьра ваьллера Георгий, неврологин дарбанан цIийне охьавиллира иза, цигахь стигалкъекъа-беттан 5-че кхаччалц дарбанаш лелийра цунна. Лазартнера араваьлча Талламан комитете дIахаийтинера цо зулам дарх, иштта бакъонашларъярхошка юридикан гIо а дехнера. Компенсаци кхачийна цунна ЕСПЧ кхело 45 эзар сом.

Анапера 67 шо долчу Паладьян Эдуардана тIехь Iазапаш хьегийтар бакъдира ЕСПЧ кхело, цунна 52 эзар евро делла. 2013-чу шарахь лецира иза цхьа могIа нах байъарца доьзначу гIуллакхашна бехкевина. Ток йеттийтинера цунна полисхоша а, талламхочо а Кореновскера изоляторехь, йиттинера, кхерамаш тийсинера айхьа динчунна дареде бохуш. 2016-чу шарахь бехккъасторхоша иза бехкехилар къобалдира, кхело шогачу хьелашкарчу колонихь даккха 16 шо хан туьйхира Паладьяна. Цуьнца цхьаьна бехкевора Краснодаран кIоштан экс-депутат а.

Дагестанера вахархочунна Магомедов ИмангIазалина 33 800 эзар евро кхачийна, тIечIагIдина 2014-чу шарахь Кизляран РОВД-н белхахоша цунна йиттина хилар.

26 эзар евронаш кхачийна ЕСПЧ кхело ГIебарта-Балкхаройчуьра шина вахархочунна Ашабоков Тимеркана а, Танову Артурна а. 2012-чу шарахь, хIетахь 17 шо хилла Ашабоков лецира экстремизмана дуьхьало латточу Э Центран белхахоша Нальчикна а, Баксанна а юккъерчу некъа тIехь. Къастаза йиссинчу меттигехь латтийнера иза, йиттинера цунна. Цу хенахь 20 шо хиллачу Тановна йиттинекра Чегемскан РОВД-н белхахоша. Ашабоковца цхьана хенахь лаьцнера иза а.

Иштта листина, къобалбина Тунтуев Аюбан – Нохчийчоьнан экс-президентан Кадыров Ахьмадан хиллачу хадархочун латкъам а. 2015-чу шарахь Владимирскан кIоштарчу номер 6 йолчу изоляторехь латточу заманчохь шена тIехь хьегийтинчу баланех дIахьединера цо. Къиза йиттинера цунна, хьийзор ву бохушг, кхерамаш а туьйсуш, айхьа керла зулам дина алий, мукIарло дай, "Правовая инициатива" проектан адвокатан гIо оьшуш дац ала бохуш.

2019-чу шарахь оцу колонихь кхелхира Тунтуев – гергарчара дуьйцура, цуьнан дегIа тIехь йиттина диссинчу муонех, амма Талламан комитетан эксперташна чевнаш ца гира. Тунтуевн латкъамца Европан кхело 15,5 эзар евро компенсаци хIоттийна.

ХIара, Тунтуевга Iазапаш хьегийтарх тIеэцна шолгIа латкъам бара: 2021-чу шарахь ЕСПЧ кхело 100 эзар евро дIало элира, 2005-чу шарахь Тунтуев лаьцча цунна тIехь ницкъбарна. "Правовая инициатива" проекто хаамбо, номер 6 йолчу изоляторх хьакхалуш, кхин а чубелла кхозлагIа латкъам а хиларх, иск чуеллера 2018-чу шарахь.

  • Итт шо хьалха Назранехь вийначу шина вешех ГордановгIеран Салманах а, Жунайдах а компенсаци елира йишина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. 2012-чу шеран охан-беттан 3-чохь балхара цIа вогIуш хиллера ши ваша, церан машенна ФСБ-н белхахоша герзаш тоьхча. Цул тIаьхьа полисхоша пхи адам чохь долу машен ураман кхечу агIор дIайигинера, оцу юкъанна Горданов Салманан дакъа чудоьжнера машенара. Полисхоша юханехьа машен чу а теттина, цул тIаьхьа машен эккхийтинера. Инцидентан тешаш хилира меттигера масех вахархо.
  • Европан Кхеташонна юкъара дIаяьккхина Оьрсийчоь зазадокху-беттан 16-чохь, Украинехь тIом болорна. Цунна жоп лучу Москвано сацамбира, оцу дийнера схьа дуьйна ЕСПЧ-н тIедахкарш кхочуш ца дан. Оцу хьокъехь низамна куьйгъяздина Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира товбеца-беттан 11-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG