ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна гIо дарна 11 шо хан тоьхна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ростов гIаларчу тIеман кхело таIзар дина ГIебарта-Балкхаройчуьрчу вахархочунна Чемков Артурна террорхойн организацина гIоьналла латтийна аьлла. Шогачу хьелашкарчу колонехь даккха 11 шо кхайкхийна цунна.

Талламан версица, 2019-чу шарахь Чемковс гIо дина хилла Оьрсийчохь йихкинчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан декъашхочунна оьккхуьйтург а, хӀоъмолханаш а къайладохуш, яздо "Интерфаксо".

Чемков Артур – ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Баксанера схьаваьлла ву. Экстремизмаца, йа терроризмаца боьзначу нахах хаамаш вовшахтоьхначу тептарехь вара иза 2020-чу шеран Товбеца-баттахь дуьйна.

  • Къилбаседа-Кавказерчу тIеман кхело Дечкен-баттахь доккха гIуда хьарчийра Астраханерчу вахархочунна, Шемахь тIом бечу накъостах лаьцна шайга ца хаийтарна.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG