ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемалошна лерина сурсаташ йухадухкуш ду аьллачу йахархочун бехказйийлар даржийна Дагестанера хьаькамаша


Гайтаман сурт

Оьрсийчуьра Украинана дуьхьал тIемаш бечу салташна лерина Iаьнарехь деттина жижиг хIокху кIоштахь йухадухкуш ду аьлла, хьалхо дIахьединчу меттигера йахархочо гечдар доьхуш ролик зорбане хIоттийна Дагестанера Шамилан кIоштан администрацино.

Хебда эвлахь дIайазйина йу ролик. Цу тIехь гойту машенан кузов тIера Iаьнарехь деттина жижиг чохь банкаш, "Йухкуш йац" аьлла, тIехь йоза а долуш. Видео дIайазйечо дIахьедо, "цхьана тылехь хиллачу мукадехко лечкъа а йина, кхуза а кхачийна, "тушенка", дIа а йоьхкина, ахча даккха". Оцу йукъанна Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийнарг тIом бу олу цо (официалехь оьрсийн пропагандо "леррина операци" термин йу лелош- Ред.билгалдаккхар).

Оцу видеона публикаци йина масех де даьллачул тIаьхьа кIоштан администрацино дIахьедира, и йоза тIехь долу "тушенка" маьршша йухкуш йу интернет-туьканашкахь, ткъа "Йухкуш йац" боху дешнаш бренд йу аьлла. Иштта хьаькамаша хаамбира, йохкархочух талламбарх а, цуьнгара масех консервийн банка схьайаккхарх а лаьцна. Видеоца цхьаьна хIоттийна текст йу, роликан авторо, "тушенка" йухайохкарх дIахьединчу меттигерчу зудчо, шена гечдар доьху, текст дIайоьшу цо кехата тIера.

  • Къилбаседа Кавказерчу мехкашлахь дуьххьара Нохчийчохь йукъадаьккхина нахана хьалха стаг дIа а хIоттавой, цуьнга гечдар доьхуьйтуш. Нохчийн пачхьалкхан телехьожийлехь а, меттигерчу хьаькамийн аккаунташкахь а кест-кеста гучуюьйлу къурд олуьйтуш видеорепртажаш. Бахархой "сийсазбечу видеон" терго йира Американ дуьненаюкъарчу динан маршонан Комиссино шен 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш йахар.
  • Дагестанан Кизил-Юьртан кIоштан куьйгалхочо а, Кизил-Юьртан гIалин гонийн хьаькамо а, иштта 29 шо долчу Болатукаев Шугаибан дас-нанас а къинтIера бехира. Жимчу стеган Москвахь автобусахь аьрха леларо йоккха гIовгIа эккхийтира махкахь, кху шеран дечкен-баттахь къинтIера бехира цара массо а.
  • Меттигерчу администрацина реза цахилар хоуьйтуш, цара "Ахмат сила" йоза тIехь долуш арка хIоттон дуьхьало йина аьлла, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга аудиохаам бахьийтинчул тIаьхьа Лакха Ноьврера вахархочо видео дIайазйина, шена бехк цабиллар доьхуш. Оппозицин нохчийн NIYSO телеграм-канало йаздарехь, гечдар бертаза дехийтина цуьнга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG