ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман хенахь шен йохийначу хIусамах компенсаци йаларе Нохчийчуьра вахархо хьоьжу 20 шо сов ду


Соьлжа-ГIала, 2000 шо
Соьлжа-ГIала, 2000 шо

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь дохийначу цIийнах Даев Iусманна дIадала Оьрсийчоьнан финансийн министраллина 1,6 миллион сом тIедожош бина сацам юхабаьккхина Нохчийчуьра Лакхарчу кхело. ГIуллакх кхин цкъа а листа дIахьажийна.

ГIуллакхан материалашца а догIуш, 75 квадратан метар йолу Даевн цIа Хилдехьарой эвлахь дара, иза дохийра 1995-2000-чу а шерашкахь тIемаш боьлхуш. ХIусам йохийна хиларх дефектан актехь а тIечIагIдина ду 2003-чу шарахь. ХIетахь комиссига кехаташ чуделлера цо компенсаци йаккха, уьш тергамза дитира цуьнан.

"Оцу юкъанна бIеннашкахь кхечу бахархошна, меттигерчу нахана, сан юьртахошна а цхьаьна, шен хеннахь компенсацеш дIайелла, суна лазаме ду, суна а, доьзална а тIехбовларна оцу коьртачу хаттарехь", - билгалдоккху Даев Iусмана искехь.

2005-чу шеран марсхьокху-баттахь Нохчийчохь йохийначу хIусамех кехаташ хIиттош хиллачу ЖКХ-н а, гIишлошйаран а Федералан агенталлин техникан тобанхоша болх сацийра, цундела дохийначу цIийнан хIусамден ницкъ ца кхаьчна компенсаци йаккха. Эххар а Даев Соьлжа-ГIалара Ленинскан кIоштан кхеле велира 2022-чу шеран гезгамашин-беттан 28-чохь, цара къобалйира цуьнан иск, 2,63 миллион сом дIадалар тIедожош. Финансийн министралло дехар дира сацам юхаэца аьлла, оцу гIуллакхехула кхозлагIа агIо - Нохчийчуьра урхалла а, Оьрсийчоьнан гIишлошйаран министралла а, МВД а юкъайало йеза аьлла. Вахархочун гIуллакх дуьххьарчу инстанцин кхеле юхаделира.

  • 2000-чу шеран юьххьера схьа дуьйна Нохчийчохь хьалхара тIом боьдуш йохийначу шен петарна дуьхьал керла хIусам йалийта хьийза Соьлжа-ГIалара йахархо Денисултанова Зура. Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь оцу гIуллакхехь толам баьккхина цо, амма Соьлжа-ГIалин мэри реза йац 20II-чу шарахь цунна хIусам ло аьлла бина сацам кхочушбан.
  • Дагестанан Лакхара кхело дуьхьало йина меттигерчу вахархочун Хакиев Сурупашин мехкан куьйгалхошка лакаш дехьабахарца йоьзна иск къобалйан. 1944-чу шарахь къам махках доккхучу хенахь шегара схьадаьккхинчу цIийнах компенсаци йаккха хьийжира иза. Оцу программехула 2022-2023-чу шерашна а ахча дац аьлла, дIахьедира Iедалхоша.
  • 2000-чу шарахь Керла Алды поселкехь дуккха а нах байарна бехкзуламан гIуллакх айдайта Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело бина сацам Нохчийчуьра Лакхара кхело юхабаьккхира. 20 шо сов зама ю Оьрсийчоьнан бакъоларйаран органаша ца толлу, мила вара эвлана тIелетта, 60 гергга меттигера вахархо вийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG