ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба тIеман гонан талламхойн дакъойн тIеман Iамораш хилла Къилбаседа ХIирийчохь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа ХIирийчохь ломах йолчу "Дарьял" полигонехь тIеман Iамораш хилла, тIеман талламхойн хIаваан-десантан кечам барехула.

Къилбан тIеман гонан 300 сов эскархо вара цигахь дакъалоцуш. Ломахь йолчу полигонехь цара Iамийра парашютаца кемантIера чулелха а, беркеманашна тIера герз детта а, маскировкех пайда эца а, хаа хаам бина Оьрсийчоьнан тIеман министралло.

Къилбаседа ХIирийчохь а, Карачой-Чергазичохь а, Ростовн махкахь а дIатардинчу тIеман дакъойн Iамораш дIахьуш ду Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш Украинин дозане тIедуьгучу юкъанна.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан Къилбан гонан зорбан сервисо хаам бина ма хиллара, Адыгейрчу а, Дагестанерчу а, Къилбаседа-ХIирийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а 20 полигонашкахь а, иштта Эрмалойчоьнан а, Абхазин а, Къилба-ХIирийчуьрчу а, Оьрсийчоьнан базашкахь а массо а эскарийн тIемалоша дакъалоцуш Iамораш хилира кхушара Марсхьокху-баттахь.

Даккхий батальонан тактикан Iамораш дIадаьхьира Оьрсийчоьнан Къилбехь а, Кавказехь а. Цу юкъа озийна Къилберчу тIеман гонан массо а эскарийн говзанчаш, юкъаялийна авиаци а, Iаьржачу хIордерачу флотан хIордакеманаш а дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG