ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман мах хадош "эмоциш дIаяхар" хьехна Кадыровна Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара


Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий, архивера сурт
Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий, архивера сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Украинерчу тIамехь болчу оьрсийн эскаран буьйранчашна йинчу критикана жоп луш, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс "мах хадочу юкъанна эмоциш йитар" хьехна цунна.

"Вуно эмоционале меттиг ю. Регионийн куьйгалхойн бакъо ю шайна хетарг ала а, мах хадо а… Амма чолхечу хьелашкахь муьлхха а мах хадочу юкъанна эмоциш дIаяха еза", - цитата йо Песковна оьрсийн пачхьалкхан хаамийн ТАСС агенталло.

Зарратан герз лелоре кхайкхар - иза эмоциш гайтар дуй, аьлла журналисташа деллачу хаттарна жоп луш Песков дагадаийтира, и герз лелор "лерринчу доктринехь" дуьйцуш ду, "муьлхха а хетаргаш кхузахь хила йиш яц".

Песковс бахарехь, Украинерчу тIамехь "Кадыровс а, ерриг республико вуно доккха дакъа лаьцна, лоцуш а ду".

2020-чу шеран мангал-баттахь тIеэцначу зарратан доктрино Оьрсийчоьнна магдо даккхийра зенаш дохьу герз лело, "пачхьалкхан цхьаалла кхерамна кIелахь нисъеллехь". Кехатца а догIуш, зарратан герзах пайда эца мега Оьрсийчоьно арахьарчу агрессина дуьхьало еш, мостагIо рогIера герз бен лелош ца хилча а.

  • Централан тIеман гонан буьйранча инарла-майор Лапин Александр бехкевира Кадыров Рамзана оьрсийн эскархой украинхойн Лиман гIалара юхадовларна, цунах "бездарь" аьлла цо. Политико шен телеграмерчу каналехь ма-яздарра, меттиг ларъян "ЛНР-ра" мобилизаци йинарш хьийсийнера Лапино, тIаккха ша 150 км генарчу штабехь "хиина Iийнера", ур-атталла "элементаре тIеман логистика" кхоччуш дIа ца хIоттийнера, боху цо.
  • Шен кхайкхаман чакхенехь Кадыровс Рамзана оьрсийн куьйгалле кхайкхам бира Украинина дуьхьал кIезга ницкъ болу зарратан герз лелор а, мехкан дозанехь тIеман хьал хIоттор а. Политико иштта шеконе диллира, фронтера баккъала долу хьал Путине дIакхачош хилар а.
  • Оьрсийчоьнан тIеман министралло шоьтан дийнан шолгIачу декъехь тIечIагIдира, "гIолехьа йолчу меттигашка" дехьадаьхна Лиманера эскарша, го баран кхерам латтарна.
  • Кадыров Рамзана дуьххьара беш бац федералан Iедале кхайкхамаш, Украинина дуьхьал зарратан герз леладе бохуш. Охан-баттахь цо дIахьедира, Киев дIалаца шен планаш хиларх лаьцна, тIаккха тIеман тийсдаларех шена хетарг дийцира: "Соьга хаьттича, ас цкъа дуьххьара Луганск а, Донецк а цIанйийр яра, тIаккха кхин дIа болх болор бара. ДIахьедийр дара, нагахь санна, йолах тIом бан веана Украинехь цхьаъ хилахь, тактикан зарратан тохар дийр дара билгалъяьхначу меттигашка, забарш ца яйта".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG