ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман министраллин керла ши полк Нохчийчохь вовшахтоьхна боху Кадыровс


Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт
Нохчийчуьра эскархой, гайтаман сурт

Нохчийчохь керла ши полк вовшахтоьхна, цу йукъахь дакъалацийта "къастийна" 2400 стаг ву – цунах лаьцна дIахьедина мехкан урхалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь.

Кадыровс бахарехь, тIеман министраллин "могIарехь" кхуллуш йу полкаш, карарчу хенахь царна гIирс вовшахтоьхна довлуш лаьтта. Хаамца цхьана Соьлжа-ГIалахь хиллачу кхеташонан видео хIоттийна, цу тIехь парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дIакхайкхийра, дуьйцурш 42-чу дивизин дакъош ду аьлла.

Кадыровс чIагIдо, Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана оцу тIамехь дакъалаца 26 эзар сов стаг вахийтира аьлла, царех 12 эзар – Гуьмсерчу "спецназан университетехь" Iаморашкахула чекхбевлла"лаамхой олурш бара. Карарчу заманчохь хьаькаман дIахьедарца, Нохчийчуьра ворхI эзар сов эскархо ву тIамехь.

Карладоккху, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцуш 21 эзар Нохчийчоьнан вахархо ву - и терахь дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьначу шайн белхан гуламехь республикин парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада.

  • Марсхьокху-беттан йуьххьехь Кадыров Рамзана дIахьедира, Украинехь тIом бан махкара 19 эзар вахархо кийча ву аьлла. ТIемашка салтий хьийсош уггар а йоккха плацдарм хиллачу регионан куьйгалхочо денна бохург санна хаамаш бо кечбинчу ницкъех лаьцна, делахь а, цо дуьйцург бакъ хиларх шеконаш кхоллало экспертийн.
  • Украинин тIеман ницкъаш тIелата кечам беш бу бохуш, хаамаш баьржичну йуккъехула Нохчийчоьнан Iедалхоша стигалкъекъа-баттахь а дIахьедира, Украинина дуьхьал тIаме махкарчу Росгвардин урхаллин "Ахмат-1" ОМОН-н а, Росгвардин 94-гIа а, 96-гIа а дакъош хьажийна аьлла. Хетарехь, цигахь хIинццалц хиллачаьрца дIасахуьйцуш бара и тIемалой.
  • Дукха хан йоццуш тIом толлучу Американ Институтан (ISW) эксперташа билгалдаькккхира, меттигера бахархой шена дуьхьалбовларна а, президентан Путин Владимиран шех тешам барна а кхерам совбуьйлуш хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан.
  • Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь ISW-н Институтан эксперто Степаненко Катеринас хьахийра, Кадыровс тIеман керла "Север-Ахмат" куп Нохчийчохь схьайелларх а, оцу хьокъехь дIахIиттийначу нахалахь 3300 эскархо вара аьлла дIахьедарх. "Муьлххачу хенахь" и полк кийча йу хьалхарчу могIаршкахь тIемаш бан аьлла.
  • Гуьйранна Кадыров Рамзана хьийхира, Украинерчу тIаме 300-400 эзар вахархо хьажаве аьлла – Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа хуьлу иза.
  • Стохка гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан Iедалхоша дIакхайкхийра Украинина дуьхьал тIом бан Росгвардин шина декъан – "Север" полкан (Соьлжа-ГIала куп тоьхна Кадыров Ахьмадан цIарах 141 полк) а, "Юг" батальонан (Веданахь дислокаци йолу 249-ра батальон) а эскархой хьажорах. Бара царлахь иштта "Ахмат-Грозный" ОМОН-н а, Росгвардин Нохчийчуьра урхаллин мехкадаьттан объекташ ларйен полицин полкан белхахой а.
  • Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. Цигахь цара хьалхо йохийначу гIишлошна герз детташ, видеош йоху. Цунах лаьцна дуьйцура, Украинехьа тIемаш бечу шаьш Къилбаседа Кавказан бахархоша а цхьаьна.
  • Нохчийчохь лаьтта Росгвардин дакъаш официалехь пачхьалкхан урхалла йуккъе догIу, амма Кадыров Рамзанан куьйгаллехь ду.
  • Нохчийчуьра Украине хьийсабо ницкъаллин структурашкара белхахой а, мобилизаци йинарш а, иштта лаамхой олурш а. Бакъоларйархоша масийттазза дIахьедира, бертаза тIаме хьийсорах лаьцна. Салтий бо полисхоша лечкъийначу кегийчу нахах а, иштта, масала, оппозиционерийн гергарчех а. Нохчийчуьра бахархой бертаза тIаме хьийсабо бохуш, хаамаш кхочу Оьрсийчоьнан Iедалхоша мобилизаци йирзина аьллачул тIаьхьа а цхьаьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG