ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман министралло вербовка йинчу тутмакхийн декхарш гечдо кхелаша


Владикавказ, Оьрсийчоь / Гайтаман сурт
Владикавказ, Оьрсийчоь / Гайтаман сурт

Украинехь тIемаш бечу "Шторм Z" тобанера набахтешкахь хиллачу декъашхойн банкашна хьалха долу декхарш,пачхьалкхан органаша дIаоьцу йасакхаш, бахархойн арзашкахула долу декхарш тIерадохуш ду Оьрсийчуьрчу кхелийн пурстоьпаша. Цунах лаьцна дуьйцу "Вёрстка" зорбано, кхелийн пурстоьпийн Федералан сервисан (ФССП) зерашна тIетевжаш.

Ахча дала меттиг боллушехь, оцу кепара декхарш тIерадохуш низамаш лелаш доццушехь, тIеман министраллица контракт йаздинчу эскархошна гечдо церан декхарш. Масала, Кемеровехь пурстоьпо сацийра 9200 сом кредитан декхар схьадоккхуш Канюс Владиславна дуьхьал долийна гIуллакх.

2020 шарахь цо Пехтелева Вера йийра, тIаккха 17 шарна набахте хьажийра иза. 2023 шеран аьхка Пехтелеван дега, нене Канюсан сурт кхечира, иза тIеман барзакъ доьхна а волуш – ЧВК "Вагнерна" йукъакхетта иза, аьлла хийтира царна. Амма, хетарехь, цо контракт тIеман министраллица хIоттийна – "вагнерхошна" декхарш тIера ца доху.

Тамбовехь Алехин Павелна дуьхьал долийна хилла долу 11 гIуллакх сацийна пурстоьпо Панкова Натальяс.

2022 шарахь 26 шарна набахте хьажийра иза, талораш дарна, 91 шо долу зуда йерна а. Колонехь цо ма-воьддура контракт йаздира тIеман министраллица, тIаккха "Шторм Z" тобана йукъа кхечира иза. Ахшо даьлча пропагандин "Соловьёв Live" передачехь гучувелира иза.

Бехктакхаман гIуллакхехула цунна гечдинехь а, амма низамца а догIуш, ша йийначу йоккхачу стеган доттагIчунна синан Iаткъамбарна 321 эзар сом охьадилла везаш вара иза. Эскархочун иштта декхарш дара микрофинансийн организацешкахь а – оцу декхарийн вовшахтоьхна барам 639 эзар сом бара.

Шен сацамехь пурстоьпо бохура, декхархочун даьхний карон аьтто бацара, цундела гечдина ша, амма тIамехь дакъа лацарна алапа оьцуш ву важа.

"Шторм Z" тобанан декъашхочунна, Липецкерчу Батищев Олегна кхелан госпошлинан декхар тIерадаьккхира – и стаг а гучувелира Соловьевн программехь. Шен сацамехь пурстоьпо йаздира, Батищевн даьхни, ахча а ца карийна шена. Стаг верна кхел йира цунна 2022 шарахь, набахтехь цо ахшо бен ца даьккхира.

Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна аьлла декхарш тIерадаха аьтто луш низамаш дац. Таханалерчу низамаша цхьана ханна сацон бен бакъо ца ло декхар йухадерзоран гIуллакхаш.

Амма ЧВК "Вагнер" меттана тIеман министралло тутмакхашна вербовка йолийча, курхаллаш лелорна набахтехь хан токхуш волчу Москван мехкан Серпухан кIоштан хиллачу куьйгалхочо дийцира, хьукмато вербовка йечу хенахь дерриг декхарш тIерадохур ду бохуш дуьйцу, алименташ диссалц.

2022 шеран гурахь Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира низамна куьг йаздира – цо бакъо ло "лерринчу тIеман операцин" декъашхо вийча, цуьнан декхарш тIерадаха. Иштта I-чу тIегIанера заьIапалла йоккхуш иза лазийча а ло цо ишта бакъо.

"Шторм Z" тIеман тоба кхоьллира 2023 шеран чиллан-баттахь, цига йукъа нах набахтешкахула гулабо. РогIерчу контрактхошна санна хьелашца хIиттадо цаьрца контракташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG