ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тикток-эскарш новкъадевлла? Стенна йахийтина Кадыровс Украине керла тобанаш


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Украинин TIеман ницкъаш тIелата кийча бу бохуш беш хаамаш болуш, Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедина, шаьш тIаме керла батальонаш йахийтарах. "Ахьмат-I" ОМОН-ан, Росгвардин 94-чу, 96-чу сихачу Iалашонийн полкаш. Хьалха цигахь лаьттинчеран меттана баьхкина бу аьлла ду уьш.

Кавказ. Реалии редакцино дийцарехь, мел лахара а 26 стаг "Ахьмат-I" батальонера кхелхина лоруш ву. Уьш кхалхарах болу хаамаш дIадаханчу шеран дечкен-баттахь дуьйна хезаш бу. Нохчийн роцгвардейцаш Украинерчу тIаме бахар мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Кремлан нарративца "[сепаратистийн] "ДНР"-ан бахархошна гIо дар" олий нисдора. ТIамехь дакъалацар хьехош дацара.

Украинехьа тIом бечу нохчийн лаамечеран Мансур Шейхан цIарахчу батальонан декъахоша бахарехь, Оьрсийчоь боккхачу тIамца Украине чуйахчахьана, царна кадыровхой цигахь гина бац. Батальонан тIемлойх цхьамма Очерхаджиев Аслана дIахьедира, кадыровхой " тIом баран кепаш хIиттош бу, цара тиктокна видеош йоху, Iалашонна хьажийна доцуш герз кхуьссу" аьлла.

"Дер кадыровхой леш а ма бу. Дукха хьолахь цхьанхьа бахан меттиг йоцуш, йукъабоьхкинчохь нисло и санна дерг

"Дер кадыровхой леш а ма бу. Дукха хьолахь цхьанхьа бахан меттиг йоцуш, йукъабоьхкинчохь нисло и санна дерг. Йа украинхоша генара хьажийна герз тухучохь"

Цу тIехула тIе, "тIамехь кхалха лаам бу" шен бохуш, дIахьедарш дина Кадыров ша цу Украине вахан хIумма сиха вац: тIеман 14 баттахь хьаькам тIамана гергахь цхьанна гина вац, билгалдаьккхира Кавказ.Реалии редакцино хеттарш деллачу эксперташа. Амма Кадыровс хийлуза дира республикин бахархошна тIаме баха цалаарна уьш сийсазбеш къамелаш.

"ХIай, нохчий, хIай. Шу паргIат дийшина муха Iехкало? Со чIогIа цецваьккхина аша, эзарнашкахь маьждигашкахь, военкооматашкахь гуллуш хIунда дац шу? Шу хIун адамаш ду? Шайн доьзалшка хIун ала дохку шу?-дIахьедарш дора Кадыровс.

Махкахой тIаме кхойкхучу мехкан куьйгалхочо Украинина дуьхьалчу тIамах олура джихад (исламехь беза тIом - билг.ред.), тIом бан цалуу бусулбанаш "жоьжахате кхочур бу" аьлла, тIе а тухуш.

Кадыровн, Пригожинан дов

Росгвардин полкера а, "Ахьмат-I" ОМОНера а рогIера эскархойн тобанаш Украине дIайахале хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхо, ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочуьнца Пригожин Евгенийца цхьаьнакхетарах хаам хилира. Кадыровс ша бинесхочуьнца "вуно ладаме гIуллакхаш" дийцаре дина элира. Амма цу цхьаьнакхетаран кхинйолу агIонаш хьаха ца йира.

Цул тIаьхьа масех де даьлча, Кадыровн Пригожинца дардацар иккхира. ШоллагIниг шена тIеман гIирс цатоарна арздеш, воьхна хьийзира. Украинхойн Бахмутера шайн лоттийлеш нохчийн тIемалошна йуьтуш, эскар дIадига воллу бохуш, кхерамаш тийсира цо. ТIаккха Кадыровс Путин Владимире кехат йаздира, "Ахьмат" тобанан латархой Бахмуте дехьабахар доьхуш. Шен эскархой тIамана кийча бу, омра даларе хьоьжуш бу, масех батальон Украине йаха новкъайаьлла, аьлла хаам бира цо.

Амма ЧВК "Вагнеран" йолахоша шайн лоттийлеш ца йитира, тIом толлучу аналитикаша Кадыровс, Пригожинс "бертахь матч" дIайаьхьначух тера ду аьлла сацам бира.

Иза а, важа а шайн ладаме хилар, шаьш ца хилча йиш цахилар гайта лерина ву, элира Европерчу ичкерхойн "Толам" боламан комитетан хьалханчас Сулейманов Дажамбулата.

"Царех хIора а шен болх беш ву. Амма вовшийн конкуренташ а бу уьш. Вовшашлахь тешнабехк бан, галваьллачун меттиг дIалаца лууш бу",-тидаме лецира оппозицхойн жигархочо.

Шен-шен хенахь йо ротацеш

"Ахьмат-I" ОМОН-ан могIаршлахь ротаци йаран сацам боьзна хила тарло тIамехь Оьрсийчоьнан эскар меттах цадаларца, цуьнан цхьа а кхиамаш цахиларца, боху Къилбаседа Кавказ а, тIеман конфликташ а толлучу аналитико Чемберс Гарольда.

"Росгвардин полкера нах тIаме хьовсон Кадыровна шенна дагадеъна аьлла ца хета суна - и тайпа сацамаш тIеман министралло, президентан администрацино бен беш бац",- тешна бу эксперт.

Пригожинс Кадырове дехар дина хила тарло, тIаме Нохчийчуьра керла тобанаш йахийта аьлла, амма иза билггал иштта хилла ала цкъачунна ша ца хIутту, боху цо.

Пригожинан, Кадыровн политикин фракци хIинца а йолуш йу

"Цу цхьаьнакхетарийн нийса тидар - Пригожинан, Кадыров фракци хIинца а дийна хиларан, тIеман стратегин кечамаш беш хиларан билгало йу",-олу къамелахочо.

ХIора баттахь Украинерчу тIаме керла эскархой бахийта декхарийлахь ву Кадыров, шен хьосташна тIетовжарца дуьйцу нохчийн бакъонашларйархочо Янгулбаев Абубакара.

"Хьалха кIирнахь 200 стаг вара цига вохуьйтуш верг. Стохкалерчу гезгмашин-баттахь дуьйна и низам башха лелош дацара, амма буьйлабеллачуьра Iама Iаьмма, дIахьош дара. ХIинца ЧВК "Вагнеран" йолахой а эшна богIу. Ткъа Оьрсийчоь Украина тIелатаре хьоьжуш йу. Суна хетарехь, цундела хьовсийна хир йу Кадыровс цига керла батальонаш - царех керла чIагIо хилийтархьама",- аьлла дийцира бакъонашларйархочо.

Ша мах хадорехь, карарчу хенахь Украинехь 2000 кадыровхо хила тарло олий, тIетуху Янгулбаевс. Хьалхо республикин Iедалхоша кхин терахьаш билгалдехира: парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада дийцарехь, Украинехь дIахьочу "леринчу операцехь" (иштта олу Оьрсийчохь Украинехь боьдучу тIамах-билг. ред.) верриге махкара дIавахийтинарг 21 эзар тIемало ву.

"Билгалдаккха догIу, тахана кадыровхой олуш вай йуьйцург этнос йац, политикин билгалонаш йу. Кадыровхошлахь нохчий боцурш бу. Нохчий шайн куьйгалхошна генабоццуш лаьтташ хуьлу. Кадыровхойн тобанаш халачу меттигашка, кхечу батальонашка хьовсабо, цигахь низам лардайта",- тIетадо Янгулбаевс.

ТIеман йуьххьехь Украинин кхерамзаллин урхалло нахал даьккхира нохчийн маттахь Росгвардера хила тарлочу цхьамма шен хIусамнене дина къамел. Цо цигахь дуьйцура, шайн коьрта декхар тIамера уьдуш болу оьрсийн эскархой сецор ду бохуш.

  • Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. Цигахь цара хьалхо йохийначу гIишлошна герз детташ, маьрша нах "кIелхьара бохуш", видеош йоху.
  • Дукха хан йоццуш хиллачу хаамашкахь (ISW) америкахойн тIом талларан институто тидаме лецира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан кхерар алсамдалар. Меттигера бахархой гIовттарна, президент Путин Владимирца долу гергарло херадаларна кхоьруш ву иза. Кавказ. Реалии сайто (ISW) институтан эксперташца цхьаьна теллира, Украинерчу тIамо Нохчийчуьра политикина бинчу тIеIаткъамех дерг.
  • "Медиазона" сайтан зераша дийцарехь, Кавказерчу республикаш Украинерчу тIамехь нах кхалхарца дикка хьалхайевлла йоьлху. Дагестанера, Нохчийчуьра вахархочунна тIамехь валарна кхерам ворхIузза алсам бу Москван вахархочунна болчул а. Йа Вологодск мехкан вахархочунна болчул цхьаъ ах сов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG