ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн рэпер Тимати вешин "хIусамехь"


Даладеллачу кеманчохь Кадыров Рамзанца даьккхина, ша Инстаграмерчу шен агIонтехь гучудаьккхина сурт, оцу сохьта къайладаьккхина оьрсийн рэперо Тиматис. Оцу суьртан тидамбинчара дийца даьккхина, и кема Кадыров Рамзанан долара хила тарло бохуш.

Суьрта бухахь йоза дитинера Тиматис: «Зударийн деза де гергакхочуш, хьо ара а ваьккхина, ваха меттиг боцуш висахь, хьан вашас хьуна лерина йитина хIусам хир ю даим».

Тиматин агIонтехь цунна бухабазбеллачарна хетарехь, Кадыров реза ца хилла, шен кема цо Iорадаьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG