ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тиньков Олега $506 млн гIуда токхур ду, Америкехь ял дIалуш харцо лелор дIадерзош  


Тиньков Олег
Тиньков Олег

Оьрсийчоьнан бизнесхочо Тиньков Олега америкахойн кхелахь бехк тIелаьцна, шега Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн ял яларан низам дохийна аьлла кховдийначу бехкашкахула, цхьа де хьалха ша бехке вац, бохуш дIахьедарш динехь а, хаам бо Свобода Радионо.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министраллица бинчу бартаца а догIуш, иза декхарелахь ву дIадала 506 миллион доллар. И бартбар тIечIагIбан безаш бу кхело, шен сцам цо бовзуьйтур бу ГIадужу-беттан 29-чу дийнахь. Ял яларан декларацин 2 пункт йохорна цунна хан тоха мегаш яра 6 шаре кхаччал, набахтехь яккха.

Тиньковн векала дIахьедина РБК агенталле, совдегаран тоъал ахча ду буьззинчу барамехь гIуда такха аьлла. Цуьнан дезар дац "Тинькофф Банк" а, "Тинькофф Страхование" а компанеш долахь йолчу TCS Group-ан акцеш йохка.

Кхушеран Зазадоккху-баттахь хиира Американ Iедалша Тиньков Олег бехке веш хилар, цхьа миллиоард доллар бахам хилар къайладахьа гIоьртарна.

Тиньков Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн махкахо вара 1996-чу шарахь дуьйна, 6 шо гергга даьккхира цо оцу пачхьалкхехь. 2013-чу шарахь ша америкахо хилар юхадаьккхира цо, цуьнан Тинькофф-банкана урхалла дечу TCS Group компанино акцеш биржехь йохка ехкинчул тIаьхьа.

И процедура чекхйолуш Лондонерчу биржехь цуьна банкан мах хадийнера 3 миллиард 200 миллион доллар, ткъа Тиньковн доларчу бахаман мах хилира цхьа миллиард доллар, хаам бира Американ Цхьанатоьхначу Штатийн юстицин министралло.

Американ махкалла дуьтуш бизнесхо ял яла езаш вара шен бахамах. Бехкбиллархойн версица, Тиньковс иттаннкахь лахбинера шена хилла пайда а, шен доларчу хьолан а терахь а. Цо яздинера шена хилла пайда 206 эзар доллар бу, ткъа берриг бахам бу 300 эзар доллар бу шен аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG