ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

20 шо хьалха Америкехь хиллачу терактех лаьцна материалаш схьаястар тIедожийна Байдена


 Джо Байден
Джо Байден

Американ президента Джо Байдена омра делла Юстицин министраллана, 2001-чу шарахь Гезгмашин-баттахь терроран тIелатарш динчул тIаьхьа ФБР-ра бинчу талламан материалаш талла аьлла, уьш къайлаха йолчура схьаястар а, зорбане яхар а Iалашонца. Цунах лаьцна хаам бо Американ Аз портало.

"Президентан дарже хIотта кампани дIахьуш, ас дош деллера Гезг-машин беттан 11-чу дийнахь Америкина терроран тIелатарш дарца доьзна документаш схьадостур ду аьлла. Айса аьлларг кхочуш деш ву со ибохаме де хилла 20 шо кхочуш", - аьлла ду Байденан дIахьедарехь.

Президентан указаца а догIуш, къайлах йолчуьра дIаяьхна материалаш зорбане йохур ю гергарчу 6 баттахь.

Гезгмашин-беттан 11-хь хиллачу теракташкахь кхелхинчу нехан гергарчара кхайкхам бина Цхьаьнатоьхначу Штатийн Юстицин министраллан инарлин инспекторе, таллахьара аьлла ФБР я харцдерг дуьйцуш хилла, я цо хIаллакдина террористашца СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан уьйраш хилла хиларх лаьцна документаш бохург . Дуккха а шераш ду цара и информаци къайлаяьхьначуьра дIаяккха бохуш дехарш дон.

СаIудин Iаьрбийн пачхьалкха дIахьедарш до шаьш цхьана а кепара уьйраш йолуш дацара Гезгмашин-беттан 11-хь Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташна тIелеттачу террорхошца бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG