ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

22 шо кхаьчна Нохчийчохь луьра Хьалхара тIом болабелла (видео)


Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарш чекхдоьвллачу Семашкахь белхарца схьайогIуш ю йоккха стаг. ГIура-бутт, 1994 шо.
Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарш чекхдоьвллачу Семашкахь белхарца схьайогIуш ю йоккха стаг. ГIура-бутт, 1994 шо.

22 шо хьалха, 1994-чу шарахь ГIуран-беттан 11-чу дийнахь, луьра тIом болало Нохчийчохь. Оцу хенахь Оьрсийчохь президент хиллачу Ельцин Бориса, шен политикин хьелаш тодархьама, эскарш хьажадо Нохчийн Республике, низам а, къепе а, юкъараллин кхерамазалла а дIанисъян.

Цу хькъехь цо куьг таIийначу номер 2169 йолчу указан цIе иштта яра: «Нохчийн Республикан территори тIехь низам а, низаман къепе а, ткъа иштта юкъараллан кхерамазалла а дIанисъян оьшучух лаьцна».

Ельцин Борис
Ельцин Борис

Оццу дийнахь, тIеман министраллан а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Чоьхьарчу эскаран а цхьаьнатоьхначу эскарийн тобанан дакъош чудуьйладелира Нохчийчоьнна. ДIаболабелира Хьалхара тIом.

Кхаа декъе декъна эскарш чудахара кхаа агIор. Малхбузехьара – Къилбаседа ХIирийчура а, ГIалгIайчура а, къилбаседа-малхбузехьара Нохчийчоьнца доза долчу Моздокан кIоштара, ткъа иштта малхбалехьара - Дагестанан территори тIера.

ТIаьхьо Хьалхара тIом боьдуш президентан указийн а, Iедалан сацамийн а доккхах долу дакъа Конституцица догIуш дацара аьлла дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан Федерацин Конституцин кхело.

Нохчийчура хьалхарчу тIамехь кхелхинчу адамийн терахь билггал хууш дац.

Инарло Григорий Кривошеевс куьйгалла деш хиллачу Оьрсийчоьнан талламан тобано чIагIдарехь, Нохчийчохь Хьалхарчу тIамехь вийна 5042 Оьрсийчоьнан эскархо, 510 - лар йоцуш вайна лоруш ву, 16 098 стаг чевнаш йина хилла.

Мемориало дийцарехь, цу тIамехь кхелхина 2700 гергга нохчийн тIемало. Оьрсийчоьнан Кхерамазаллин Кхеташонан секретар хиллачу Лебедь Александара тоьшалла дора Нохчийчохь 80 эзар маьрша стаг вийна бохуш.

Оцу хенахь болийна тIом хIинца а буьззинчу барамехь бирзина бац адамийн дегнашкахь.

ТIаьхьарчу хенахь нохчийн къоманна балабоьссина и де дагалоцуш Iедал ду махкал арахьа, коьртачу декъана Малхбузехь. Иштта Австрин коьртачу гIалахь Венехь гулбеллера вайн махкахой кху акце.​

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG