ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Толам баьккхича санна: стенна оьшу Кадыровна Ичкерин векалш


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIаьххьарчу хенахь шен тидам алссам латтабо 90-чу шерашкахь яьхначу Ичкерин заманна тIехь. КIирандийнахь шо дерзош еллачу шен пресс-конференцехь цо юха а дIахьедира, ша цIабахкарна дуьхьал вац зуламашца куьг бехдина боцу нах, аьлла.

Кадыровна гонехь ичкерихой

Шайн заманахь федералашкахьа бевллачу нахах бу Кадыровн го доккхачу декъанна. Уггар тешаме ларалучу цуьнан накъостех волу Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам ву 1996 шарахь ГIизлара а, Первомайское а тIелатарш деш баьчча лаьттинчу Радуев Салманан машенлелорхо Iийна. Ша Делимханов оцу операцехь дакъалоцуш хилла ала бух бац, амма тIеман барам бирзича вуьйлира Радуевна герга хьийза.

1999 шарахь Нохчийчохь рогIера тIом болабелча а хаалора иза тIемалойн могIаршкахь, амма шо даьлча, Кадыров Рамзана, ша шен дена хадеш лелачу муьрехь герзахойн го гулбан болийча, цуьнан декъахь гучувелира Делимханов.

Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхо, Кадыровн уллера стаг, вовза волавелира Басаев Шемалан цхьана дакъойн буьйранча санна. Кадыровн гоне иза хIоьттина 2002 шарахь.

Хамбиев Мохьмад, Ичкерин тIеман министр, 2002 шо даладечхьана сецира тIемашкахь дакъалоцучуьра, 2004 шарахь каравахара официалехь федералийн ницкъийн, цул тIаьхьа иза а хIоьттира Кадыровн гоне.

Кадыров Рамзана кхоьллинчу тIеман дакъошкахь бу бIеннаш Ичкерин тобанашкахь лелла "могIара бIаьхой".

Дозанал арахьара юхабаьхкина могIара ичкерихой

2007 шарахь даймахка юхавирзира тIемаш буьйлалуш махкахваьлла, Польшехь сецна хилла Ампукаев Рамзан. ТIаьхьо Бельге дIавахара иза, цигахь цунна политикан тховкIело елира, паспорт а схьаийцира. Нохчийн информацин центр а кхоьллина, вехха цуьнан коьртехь а волуш, Ичкерин Польшера векал Iийра Ампукаев. Делахь а иза дIавахаро тIех дог ца дохийра Европерчу нохчийн – даима а вара иза Оьрсийчоьнехьа хиларца билгалвуьйлуш.

Алссам тидаме дуьйжира Масхадов Асланан министрийн кабинетехь могашаллин министр Iийна Хамбиев Iумар Нохчийчу дIавахар. Лаамехь-лаамза яьккхира цо шен гIулч – цо ша дийцарца, бевзаш боцчу Оьрсийчоьнан ницкъаша вадийнера цуьнан ваша.

Дозанал арахьа Хамбиевс толлура Оьрсийчоьнан эскарша Нохчийчохь дина зуламаш, цундела лааме дара цигарчу режимна иза цIехьаверзар. Цуьнан жимахволу ваша леррина Итале хьажийнера иза могуш-маьрша даймахка вуьтур вуйла хаийта. 2007 шеран Зазадоккху-баттахь президента Путин Владимира кхайкхира иза Оьрсийчу юха. Хамбиевс тIеийцира кховдийна некъ, ша валалц Iийра лоьран балхахь, ца гIиртира махкарчу политикана юкъа.

2008 шарахь, оццу хенахь дара муфтий а, Ичкерин шерашкахь ШарIан кхелан куьйгалхо а хилла Австрера Тевсиев Бай-Iела дIавахча. Иза цIакхачар а дара Кадыровна мехала – 1999 шарахь гIазот кхайкхор нийса дацара, Кадыров Ахьмад доллучунна а тIехь вара нийса бахийтира цо Тевсиевга.

2009 шарахь дуккха нах цец а бохуш, цIехьавирзира 2002 шарахь Дубровкера Норд-Ост дIалацарца гIараваьллачу Бараев Мовсаран да Бараев Бухари. Радикалца, Имарат Кавказан амирца уьйрехь вара Бараев, ларалора цуьнан дозанал арахьара векал. Австрин Iедало ша тергонехь кхобуш вуйла а хууш, цхьаьнхьа а дIаса ца вуьйлуш, вехира иза Европехь. Нохчийчуьрчу Iедална иза оьшура, радикалехь болу куьйгалхой а шегахьа буьйлийла дIахаийта.

Оцу муьрехь дехха къамелаш лийлира вевзаш волчу Ичкерин политикца Закаев Ахьмадца. Федералан Iедал кийча дара цунна кхерамзалла яла, иза цIехьавирзчхьана – тIеман юьххьехь чов ярца доьзна Оьрсийчоьнан эскаршца летта вац иза ШолгIачу тIамехь.

Цунна стенна оьшу уьш?

Ехха Закаевн гонехь Iийна, ша-шех министрийн кабинетан векал олуш хилла Мицаева Рубати даймахка дIаяхна ГIуран-беттан юьххьехь. Цунна аэропорте духьалвахара республикан зорбан министр Дудаев Ахьмад, парламентан депутат Хамбиев Мохьмад, кхиболу Iедалан векалш. Оццу сарахь Кадыровн резиденце а кхачийра иза.

Мицаевас Гезгмашин-баттахь Нохчийчу яхийтира шен ши йоI, царех цхьаъ – Суният – Кадыров Ахьмадн сурт дика дилларца конкурсехь толам баккха а ларийра.

Селханлера "Ичкерин йоI" цIеххьана йолаелира шен нийсархошна лен, иза дара Соьлжа-ГIалахь вуно оьшург. Ичкери юьцуш къамелаш дарца хьехбевллачу нахал а алсам оьшура Кадыровна керла бага. ХIинца аьтто бу Мицаева Рубатин Ичкерин чуьра къайленаш йовзийта - хьан хIун хьаьнца ца декъна, стенна, мила хьанна декхаре ву дIахаийта.

"Евроичкерихой" даймахка берзр еккъа цхьана нохчийн проблема яц, аьлла хета "Кавказан къаьмнийн ассамблеян" куьйгалхочунна Кутаев Русланна.

"Оьрсийчоьнна, Кадыровн Нохчийчоьнал а Iаткъаме ду хIинца а Ичкери хьехош цхьа нах бисина хилар. Москван Iалашо ю Ичкери евзаш а доцу керла чкъор кхиор. Ичкерех долу иэс хIаллакдан декхарейина Кремло Соьлжа-ГIала", – тешна ву Кутаев.

Закаев Ахьмад, Ичкерин заманара байракхаш, Ичкерин парламентан декъашхой, оцу заманара васташ – и дерриг а ду Москва шен Iалашонца ларийна цахиларан тоьшалла, боху политолога.

"Цундела, - цунна хетарехь, - керла-керла ичкерихо цIа массаза вогIу а, кадыровхойн кеп хIитто еза шаьш тоьлча санна. Уьш теша цунах".

Кутаевна хетарехь, Ичкери – иза яц цхьа еккъа цIерш, 90-чу шерашкара политикаш, дозуш йоцу васт ду къоманна: "Цундела эмиграцера милла а цIаварах а, дан хIума дац, йола езар ю Оьрсийчоь – Ичкерица йолу проблема йовш яц, лаьттар йолуш ю".

"Европерчу нохчийн ассамблеян" куьйгалхочунна Муртазалиев Асланна гарехь, Кадыровна ша даима буьйцу "Ахьмад-Хьаьжин некъ" бакъбархьама оьшу ичкерийхой цIехьаберзар, оцо бакъ беш а баккъал а тешаш волу и "некъ".

"Эзарза хьахийча, аьшпех бакъдерг хуьлу моьтту царна. Ткъа и аьшпаш шарбан, бакъдолчун кепе баха оьшу цунна хьалхалера а, керлабевлла а ичкерихой шена суждане хIита цIабахкар", -боху Муртазалиевс.

Цунна хетарехь, "Кадыровна шен гонехь ган лаьа бохкабелла ичкерихой, оцу хьоло дайдо иза ша вохкавлар а. Ткъа баккъал а болчу патриоташна беламе шоу ю лелориг".

***

Мицаева Нохчичу кхачар цхьаьандеъна Кадыровна критика ечу блогерийн гергара нах лецарца. Масала, ГIуран-беттан 23–25 деношкахь лецира "Iазапна духьалояран комитетерчу"юристан Абубакара Янгулбаева дехойх а, ненахойх а 40 гергга стаг. Иза ша а лецира, оппозицин 1ADAT телеграм-каналан модератор иза хиларх шеко йолуш. Цунна хетарехь, ша оцу каналца зIенехь ву аьлла Мациева Рубатис Кадыровга аларца доьзна дара и лецарш.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG