ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Торшин вийна, Висмурадов лазийна...


Нохчийчоь -- Байкерийн гайтам, 2015
Нохчийчоь -- Байкерийн гайтам, 2015

Нохчийчохь Невр-кIоштахь некъа бохамехь вийна «Альфа» олучу лерринчу тобан хьалханча хилла волу Торшин Юрий. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гIаролхойн хьалханча Висмурадов Абузейд лазийна ву.

Нохчийчохь Невр-кIоштахь некъа бохамехь вийна «Альфа» олучу лерринчу тобанан хьалханча хилла волу Торшин Юрий. Цуьнах лаьцна хаам бина цу тобанан ветеранийн сайт тIехь.

Торшин хилла Harley-Davidson олучу кхо чIурга йолчу мотицикална урхалла деш, цунна хьалха йоьду мотоцикал хаьрцаш аьлла, хаам бина "Российская газето", Нохчийчурча орцаллин министраллана тIе а тевжуш. Цу хаамца баш кхеташ дац хилларг хIун ду.

"Кавазский узел" сайто дийцарехь, Торшинца некъа хьовзам хилла «Ахмат» латархойн клубо вовшахтоьхначу хехкадаларшкахь. Оццу хьостано дийцарех, оцу некъан хьовзамехь лазийна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан гIаролхойн хьалханча Висмурадов Абузейд.

Оццухьостано бинчу хаамца, карарчу хенахь Кадыровн юххера стаг лоруш волу Висмурадов Соьлж-ГIалахь клиникехь охьавиллина ву. Хьал во хиларна иза Москох дарба дан вига аьтто бац цкъачунна бохуш хаам бо "Кавказский узело". Висмурадовца лазийна кхин цхьа стаг. Иза ву спортхо Бибулатов Мохьмад. Полици толлуш ю хилларг.

Оьрсийчура зорбан гIирсаш хаам бо Торшин Юрий Брянскехь 1958 шарахь вина хиларх лаьцна. 1982-чу шарахь иза юкъатоьхна хилла Советан пачхьалкхехь КГБ-но кхоьллинчу «Альфа» цIе йолчу лерринчу герзан тобанна.

И стаг хилла ОвхIанистанехь а, Къилбаседа Кавказехь а тIом бина. Бесланехь тIемалоша дIалаьцнаxe школана а, Дубровкехь дIалаьцначу театрана а штурм йинарг а ю цу стага куьйгалла дон тоба. 2000-чу шарахь и болх битина хилла Торшина. Ткъа 2015-чу шарахь дуьйна иза вара Нохчийн республикан куьйгалхочуьнан хьехамча.

Оьрсийчура Nation News сайто, Нохчийчура "Ночные волки" тобан хьалханчина Мутаев !аьлвина тIеа а тевжаш, иштта хаам бо: "Торшин ши чIург йолчу мотоциклна тIехь вара, коьртахь шлем а йоцуш. Иза цIеххьана мотоцикл сацо гIоьртира. И бахьана долуш охьавуьйжира иза. Цунна тIехьа вогIуш вара "Терк" лерринчу тобан хьалханча Висмурадов Абузайд. Иза а саца гIоьртира, разваьлла уллехула вала гIоьртира, амма иза тIехула велира Торшинна.

Nation News сайто​ хаам бо Торшин оццу маьIаргонна велла хиларх лаьцна. Висмурадов дарбан хIусаме вигина.

XS
SM
MD
LG