ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Товбеца-баттахь Нохчийчохь мел кIезга а 17 стаг лачкъийна


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Нохчийн республикехь товбеца-беттахь 17 стаг лачкъийна, цунах лаьцна дуьйцу 1ADAT оппозицин боламехь. Бакъоларъярхоша бахарехь, баккъала долу терахь кхин а лакхара хила мега.

Цхьаболчу лечкъийначу нехан цIерш ялийна: уьш бу Мачукаев Адам, Чекиев Азамат, Амриев Исропил, Хаяури Беслан, Дадаев Ризван, Сукишев Мохьмад а.

Дагадоуьйту, лаьцна волу Дадаев Ризван тIехь волу видео гучуелира хьалхо зорбанехь. Цу тIехь буьйсанна камерана тIехьа стаг хеза – хетарехь, ницкъаллин хьукматийн белхахо - цо хеттарш до Дадаевга, хьо стенна лаьцна бохуш. Вукхо жоп ло, цхьана жимчу стагаца цхьанакхета лууш вара ша аьлла. ТIаьхьо Нохчийчохь тIепаза вайра меттигера кхин а ши вахархо – уьш сексуалан ориентаци бахьанехь Соьлжа-ГIалахь лаьцначу Дадаев Ризванан телефонан контакташкахь хилла. Кегийрхой мичахь бу, йа уьш дийна буйла а хууш дац.

  • "Оьрсийн ЛГБТ-маша" кхоьллинчех цхьаъ волчу Кочетков Игоря Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь дуьйцу Дадаев дIалацарх лаьцна, иштта, тIаьххьарчу шарахь ЛГБТК+ наханна тIаьхьбевлла хьийзар республикехь муха хийцаделла а.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лач тIелецира критикийн гергарнаш лечкъийна хилар, амма тIе ца дитира ша юкъара ву бохург. Нохчийчоьнан куьйгалхочо бахарехь, блогерша а, бакъоларъярхоша а "вас йинарш" хила там бу уьш бигинарш. "ЧIир екхар вай долчахь юкъара даьккхина ма дац", - дIахьедира Кадыровс.
  • Дайначу шеран чаккхе Нохчийчоьнна дагахьлаьттар ю республикерчу Iедало шена резабоцчу блогерийн, жигархойн гергара нах идийна хиларца. И зуламаш лелорехь дакъалоцуш федералан урхаллашкара белхахой хиллехь а, Москварчу хьаькамаша даима а санна тергамза дитина уьш. Эксперташа а, бакъонашларъярхоша а билгалдаккхарца, хIоьттинчу хьолехь цхьаъ бен бац некъ – хилларг официалехь нахалдаккхар. Оцу хенахь аналитикаша билгадоккху, дуккха а нах лечкъоро гойту, оппозицин блогерийн а, бакъоларъярхойн а дIахьедаршна дуьхьал аргументаш яха гIора ца хиларо огIазе а, деэшна буьту Iедалхой, тIаккха цара ницкъаца дуьйцу.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG