ТIекхочийла долу линкаш

ГIалгIайн махкара яхархо дIалаьцна полицин белхахоша, цо къайлахь ладугIуш болу гIирс эцна аьлла.

28 шо долчу зудчо эцнарг ю GPS-треккер. Масех кепехь хуьлу и треккер, сирникан ботт санна а, жимчу беро ловзочу тайниган хьесапехь а.

Ша оцу гIирсо гойту, телефонна тIе тесча, хьо волу меттиг а. Ткъа чохь сим-карта делахь гонах дуьйцург а хеза. Цундела и тайпа треккерш а, кхиерг а санна, низамаша йохка а, эца а магийна яц.

Ткъа стенна, хIун Iалашонца оьцу наха и гIирс? Оццул тешам дIабаьлла теша вовшех бохуш, шена хетарг довзйитира Соьлж-ГIаларчу яхархочо Ульбиева Ларисас.

Ульбиева: "Вайна юкъа ца долуш хIума а дац! ЧIогIа цец йолу со цуьнах. ХIинца къайлах ладугIу хIума а юьллу боху зудчо цIийндена, цIийндас шен зудчунна а. Суна чIогIа хаза ца хета иза".

Къайлах ладугIу гIирс эцар-бохкар магийна дацахь, интернетехула иза харжа а хоржий, ахча дIа а дохьийтий, юха почте схьакхаьчначу хенахь хIунда схьалоцу нах?

Эца магийна яцахь, юхкуш йолу меттигаш дIа хIунда ца лакъайо, бохуш карзахвуьйлу Шела кIоштара вахархо Абдулмуслимов ВахIид.

Абдулмуслимов: "ХIара зама йийцина зама ю. Нехан барт а, тешам а хир бац баьхна зама. Оьцучо цхьана зуламна оьцуш бацахь и гIирс ша ду

Ткъа, иза ларван эцнехь - кхин болх бу. Оьрсийчохь магийна ца хилча, туьканашкахь паргIат юхкуш стенна ю уьш? Сан а ю и, ас эцна. Яц, ас цкъа а лелийна-м".

ГIалгIайн махкахь оцу зудчо эцна болу къайлахь ладугIу гIирс, шен майра стенгахула лела талла эцна бу аьлла хета цхьаболчарна. И масалш дукха ду, аьлла дийцира Соьлж-ГIаларчу вахархочо Салтыханов Рамзана.

Салтыханов: "ГIалгIайн махкаь цхьа миска ю боху дIа а лаьцна, хьийзош. Безам олий, цхьа хIинойн киношка а хьожий, майрошна тIехь таллам бан арабовлу зударий. ТIаккха цIийндас иза шена хиъча, я доьзал бохабо, я цунна кога кIажа а хуьлий веха.

Ткъа божарша иза оьцуш хилча, цхьана белхан гIуллакхан оьцу аьлла хета суна. И гIирс ца хилча а, карахь лело телефонаш чохь а ма ю и мел йолу хIума. Оцу полисхоша шайгара хIунда ца эцна и хIума аьлла хьийзош яцахь, суна-м ца хаьа".

ГIалгIайн махкахь дуьххьара яц лаьцна зуда къайлахь ладугIу гIирс оьцуш гучуяьлла. Дукха хан йоцуш цхьа стаг а лаьцнера къайлах видео йоккху сахьт оьцуш. 50 эзар соьмана гIуда туьйхира цунна.

Масех бутт хьалха Нохчийчохь а лецира 70 шаре ваьлла цхьа воккха стаг. Цунна а гIуда туьйхира лаккхарчу барамехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG