Оьрсийчоьнан Iедало некъан тариф есторна («Платон») дуьхьало еш айина протестан акци лаьтта хIинца а. Дуккхаъчу некъашца совцийна латтайо шайн еза машенаш кирлелохоша-шофераша.
Иштачех цхьа йоккха ковра гулъелла Дагестанерчу Манас юьртана гергахь. Цаьрца, уьш дIасабаха гIерташ кхийсало мехкан полици. Ша и гуламхой ницкъаша дIасабохур бац, аьлла кIирандийнахь Дагестанан куьйгалохочун Абдулатипов Рамазанан администрацино, хаамбо "REGNUM" агенталло.
Хьалхо шаьш Росгвардин декъо гонелаьцна бохуш аьрзнаш дора протестхоша.