ТIедогIучу шина шарахь 4 миллиард сов доллар Мексинан дозанца хьалабийр болчу пенна дохка дагахь ву Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд. Конгрессе тидаме йуьллур йолчу бюджетан проектехь хир ду и терахь билгалдаьккхина. Кху шеран Чиллан-баттахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн чоьхьарчу кхерамзаллин Министералло цу пенан мах 20 миллиард доллар хадийра. Пенан хьалаботтаран мах къаьстар бу Трампа механ проект конгрессна хьалха кху шеран стигалкъекъа-баттахь.
Мексикан дозанца пен хьалаботта дагахь ву Трамп
