ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампа тодийр дуй техьа Оьрсийчуьра дахар?


комбо-сурт Iамеркан президент Трамп а, Оьрсийчоьнан президент Путин а.
комбо-сурт Iамеркан президент Трамп а, Оьрсийчоьнан президент Путин а.

Цкъа а ца даьхна вай сел вуо, Обама президент волуш санна, аьлла забар яра Оьрсийчоьнан юкъараллехь лелаш. Цунна бехк бора, урамехь некъ ца хилча а, я Iаьнан юккъехь хин биргIа йоьхча а, я дахаран кхин кхачамбацарш хилча а. Ткъа, Цхьанатоьхначу Штаташкахь харжамийн компани йолаелча, демократех йолу Клинтон Хилари емал еш, республиканцех волу Трамп Дональд хесто буьйлабелира Оьрсийчохь, шайн кхане хоржуш санна. ДIа мел тоьхначу телеканалашкахь Iамеркера харжамаш буьйцуш болун дела, лаахь а ца лаахь а, цунна терго ян езаш бу хьовсархой. Трамп чекхавалар-Оьрсийчоьно баьккхина боккха толам а, кхиам а хета оьрсийшна. ХIунда, стенца доьзна ду иза, гур ду тIейогIучу заманахь, амма тахана оцу хиламашна терго ян езаш нисбелла нохчий а. Шайга хоьттуш а, я доьзна а, ур-аттала шайн махкахь а хIума доццушехь, Iамеркера харжамийн жамIех шайна хетарг дуьйцуш дIахIуьтту ши-кхо стаг вовшахкхеттачохь. Бакъду, Оьрсийчохь дукхачара «Трамп вай ву», бохуш мохь беттахь а, нохчийн урамашкара тергамхошна ца хета, иза Путинна сел муьтIахь хир ву аьлла. Цу хьокъехь Маршо радиога иштта элира Закараев Руслан цIе йолчу Соьлж-ГIалара вахархочо.
Закараев: «Трамп, оьрсийшна ма моьтту царна муьтIахь хира вац. Царна мотта-м моьтту иштта. Iамеркхой зеделла ма бу, шайн болу пайда а, хIайда а хууш. Хьолан да а ма ву иза».
Трамп Дональда, шен харжамийн компани дIаяьхьара, дуьххьара дIа, чуьра баланаш а, чолхаллаш а дIаяха еза, тIаккха, арахьара юкъаметтигаш нисъян еза бохуш. Уьш а, Iамеркхошна пайдехь йолчу агIора хила еза аьлла хета цунна. Оцу дIахьедарийн маьIанех ца кхета Оьрсийчуьра дукхахболу тергамхой, аьлла дуьйцу аналитика Исаев Мохьмада.
Исаев: «Трампан коьрта Iалашо Iамерка а, Iамеркан бахархой а бу. Кхечара, шайн мах дIа а луш, болх бе аьлла ду-кх. Цо ловзор яц Китай а, Оьрсийчоь а. Шен пачхьалкхехь шортта кхачамбацарш ду цуьнан. Дика менеджер хIоьттийна-кх Iамеркехь».
Болх-некъ боцуш, цIахь пенсехь веха Соьлж-ГIалара вахархо Хамзатов Мовсар а ву Iамеркехь долчу хьолана жигара терго еш. Оьрсийчуьра дахар-цигахь а, кхузахь а милла а харжахь толур делахь тамаш хета цунна. Мелхо а Путинна а, Iедалехь болчу оьрсашна Трамп хетарг хир вац, элира цо.
Хамзатов: «И харжамаш болабелчу дуьйна Оьрсийчоь чIогIа сагатдеш яра, шайна хоржуш санна. Пайдехь хир вуй ца хаьа суна. ХIинцалц хилларш, кхаьрца гIоьртина а волуш чекх ма ваьлла. Бакъду, хIорш чIогIа Трампан саготта-м бара. Цхьаъ хир ду-кх иза».
Президент Трампах дегайовхо йолу оьрсий гIалат хета кхечу тергамхочунна Юсупов Вахин. Цхьа а арахьара ван а веана, цхьанна стеган дахар тодийр дац, оцу стагана шена хийцавала ца лаахь, аьлла билгалдаьккхира цо.
Юсупов: «Оьрсийчохь Iедалехь мел верг Трамп Путинан девешийн кIант волуш санна хазахеташ ву. Суна хетарехь, цхьа а стаг хаькам водахь а, доьхна хьал цхьаммо а нисдийра дац. Оцу коммунистийн тIахьало а, церан дIовш мел диинарг дIаваллалц толур дац хьал. Трамп Iамеркан президент ву. Вайн хийцадала хIума дац, вай ваьшша ца хийцахь».
Трамп Дональд шен дарже дIахIотта масех сахьт дисинчу хенахь, цунна дуьхьал митинг дIаяьхьара Iамеркера бевзачу актераша а, Iедалхоша а. Царна юкъахь вара Нью-йоркан мэр де Блазио Бил а. Хаьржинчу президентан духьал хIинцале нах бу аьлла хезча, ирс яI церан, шайна луург дIаала йиш юй церан, кийрахь а ца къуьйлуш, олу цхьаболчу нохчаша.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG