ТIекхочийла долу линкаш

Мюнхенерчу конференцехь билгалъер ю Трампан арахьарчу политикан концепци


Мюнхенера Кхерамзаллин Конференци

ХIора шарахь Мюнхенера кхерамазаллин конференци дIахьош елахь а, амма кху шарахь санна цу хиламна тIе иштта ирбелла тидам хьажийна хир бац политикан аналисташа а, Европерчу пачхьалкхийн урхаллийн декъашхоша а. Бахьанаш цхьа могIа ду – кхерамазаллах йолчу дуьненчуьрчу коьртачу конференцехь дуьххьара керла хаьржинчу Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан векалш дакъалоцуш хилар а, Брекситехь Евроберта юккъера Британи араяла сацам бинчул тIаьхьа цу Цхьаьнакхеттачу Европех хIун хир ду-те боху хаттар схьадиллина лаьтташ хилар а, Оьрсийчоьнца девне евллачу юкъаметтигаша кхуллуш йолу гIайгIа а, амма и юкъаметтигаш тоян бахьана Кремло шегара долуьйтуш ца хилар а, Шемара а, Украинера а хьелаш стохка Мюнхенехь тIаьхьарлера конференци хиллачул тIаьхьа аттачу-м тешна а ца долуш, мелхо а, чолхе дирзина хилар а. Иштта дIа кхин а, кхин а.

Амма коьрта интрига, хьахийна ма-хиллара, Вашингтонерчу керлачу администрацин векалш конференцехь дакъаларца йоьзна ю. Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент Пенс Майк ву Iамеркерчу делегацин куьйгалхо. Цо конференцехь йовзуьйтур ю Трампан урхаллин арахьарчу политикан концепци, уггаре а хьалха Европица а, Оьрсийчоьнца а доьзна долчунна тIехь. Цул совнах, Iамеркан тIеман министр Мэттис Джеймс а ву форумехь дакъалоцуш. Цо хьастагIа НАТО тIеман альянсан декъачу пачхьалкхаша шаьш лаца декхарийлахь долчу барамехь цу альянсан финансийн хьашташкахь дакъалоцуш дац, цара шайгара дог Iуш дерг я охьадилла деза, я Вашингтоно шен цу альянсехь йолу жоьпалла шена тIера охьаюьллур ю аларна боккхачу тидамца ладоьгIуш бу конференцин декъашхой цуьнан шота дийнахь хила дезачу вистхтиларе.

Шайн рогIехь оцу хеттаршна жоьпаш лоьху Мюнхенера конференци тергал ечу политологша а, дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн аналисташа а. Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочунна Асхабов Хьамзатна хетарехь, хийцамашка ладегIар мелла а тамашийна ду, хIунда аьлча хийцамаш Трамп дарже веача дуьйна схьа хIинцале а хилла. Я и хийцамаш во хийцамаш бац.

“Суна хIинцале а баккхий хийцамаш хилла аьлла хета – Трамп халкъо харжар а бу боккха хийцам, цуьнан харжамийн программехь дийцинарг къобал а дина. Оьрсийчоьнца йолчу юкъаметтигашкахь цу Трампс барт лаха беза вай, барт хилар гIолехь ду цо бохуш хилар а дика хета суна. Ша аьлла долчу хIумнашна тIера иза гаррехь юха вер ву аьлла суна ца хета”.

Кхаа дийнахь яхлучу конференцехь дакъалоцуш 500 сов стаг хуьлу, доккхачу декъехь пачхьалкхийн а, урхаллийн а куьйгалхой а, арахьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министарш а, дуьненчохь уггаре а гIарбевлла болу аналисташ а, тергамхой а. Ткъа иштта бIеннашкахь журналисташ а. Нагахь санна и лакхахь багарбинарш берриш а конференци тIаьхьарчу иттанаш шерашкахь Мюнхенерчу уггаре а сонтачех а, механа езачех а ларалуш йолчу „Баварин уьйтIе“ олучу фешенебелан ХIотелехь вовшахкхеташ белахь, цу хьешийн цIийна хьалха гулло хIора шарахь бIеннашкахь антиглобалхой а, пацифисташ а, аьрро-ницкъийн векалш а. Хьешийн цIийна хьалха аьлча а, - цу цIийнна-м уьш Мюнхенерчу полицино улле а ца буьту, кху шарахь, масала, 4000 сов полисхо хир ву цу гIалахь къепе ларйеш.

Оьрсийчоьнан делегацин коьртехь кху шарахь цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей ву. Цо шота дийнахь Нормандийн форматехь вовшахкхетачу пачхьалкхийн – Германин, Францин, Украинин – арахьарчу гIуллакхийн министаршца цхьаьнакхетарш дIахьур ду Украинера хьал дийцаре дан.

Ша Мюнхенера кхерамазаллин конференци, кху шарахь, ала дашна, 53-гIа дIахьош йолу, кIиран суьйре кхаччалца яхлур ю.

XS
SM
MD
LG