ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трамп Доналдан омро сагатдо Iамеркарчу бусалбачеран


Трамп Доналд
Трамп Доналд

Цхьайолчу бусалбачу пачхьалкхашкара нах Цхьаьнатоьхначу Штаташка чубитар а, цигарчу мухIажаршна тховкIело ялар а ханна доьхку омра Трамп Доналдо тIеэцар Исламофоби санна туьду цхьаболчу Iамеркан бахархоша. Цара сатуьйсу и бехкам боккъал ханна бен ца хиларе.

Дечкен-беттан 25-чу дийнахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналд омар юкъадаьккхина терроризман кхерам лекха хилар лоручу бусалбачу 7-пачхьалкхара бахархошна визаш ялар ханна доьхкуш. Цу омраца догIуш, Иракъера а, Шемара а, ГIажарийчуьра а, Суданера а, Ливера а, Сомалера а, Йеменера а бахархойн визаш яха чуделла кехаташ тидамза дуьтур ду 30 денна. Цул сов, Шемара 100 гергга тховкIело лоьху мухIажарш чубитар доьхкур ду, ткъа кхечу махкашкара мухIажарш чубитар доьхкур ду 120 денна. Трампан администрацино дийцарехь, ханна лерина и гIулчаш тIеэцна, Цхьаьнатоьхначу Штатийн кхерамзалла чIагIъярхьама. Амма Iамеркан-исламан юкъаметтигийн кхеташонан (CAIR) пресс-секратаро МкКос Роберто кхечу кепара туьду и омра тхоьца телефонехула хиллачу къамелехь.

МкКо Роберт: Трампс юкъадаькхина Шемара а, Иракъера а, ГIажарийчуьра а, Ливера а, Суданера а, Сомалера а, Йеменера а ханна нахана доьхку омра цхьанна а агIор кхерамзаллица доьзна дац, Исламафоби бахьанехь юкъадоккхуш ду, кхерамзалла чIагIъярна тIехьажийна гIулч яц и. Iамерко хьалха дуьйна тIедожийна цу пачхьалкхашкара бахархошна леринчу кхерамзаллин барамашкахула чекхбовлар. И барамаш 18 бутт беха хила тарлора. КЭАРна низаман вон тIеIаткъам хир бу, аьлла хета цхьаьнакхета луучу Iамеркан бусалбачу доьзалашна, къаьсттанна могушбоцу лоьрийн Iуналла оьшу гергарачарна. Цо хIинцале билгалъяьхначу пачхьалкхашна цу тептаран йозанна кхина а пачхьалкхаш тIекхета мега.

Трампах президент хилчхьана Iамерканхошлахь бусалба нахе болу цабезам совбаьлла, бохуш билгалдоккху Робертс.

МкКо Роберт: Бусалбачу нахана дуьхьал гамо хиларна ден зуламийн терахь алсамделира 20I6-чу шарахь а, кху шарахь а алсамдолуш ду. Оха и хьал тергонехь латтор ду кхин хьаладолий а хьовсур ду.

Юкъадаьккхинчу омрина Iамеркан демократийн мехаллаш хамбечу бахархошка дуьхьало яра доьху Робертс.

МкКо Роберт:Трампан администрацин бакъо ю муьлххачу а пачхьалкхара милла а чу ца вита, цундела Iамеркан бахархой декхарехь бу шайн конгресан векалхошна и сацам юхабаккхийтархьама, цу бехкамана юкъайогIучу пачхьалкхийн терахь кхин хьала ца даккхийта а, и ханна юкъабаьккхина бехкам кеста сацабайта а, Iаткъам бан.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн бахархошна а хир ю и омра бахьанехь шортта новкъарлонаш, Гергарчу Малхбалица Iамерканхойн дукха а уьйраш хиларна, сагатдо Робертс.

МкКо Роберт: Цхьаьнатоьхначу Штаташа дуккха а юкъаметтигаш лелайо Гергарчу Малхбалеца - йохка-эцарехь а, интеллектуалан хаамийн хьокъехь а. Вай цхьайолчу пачхьалкхашкара нахана вайн махка бахка дехкахь, цара а изза жопдала тарло. Iамеркан бахархошна хала хир ду цу пачхьалкхашка шайн дешар а чекхдаккха а, я балха гIуллакхана дIасалела а.

Юкъабаьккхина бехкам хан тIеэцна хиларо дегайовхо йуьту омрехь билгаляьккхина хан чекхяьллачул тIаьхьа, иза юхабаккхарна. Демократин мехаллаш дуьненахь а ларйо бохучу пачхьалкхехь товш ца хета уьш йохор.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG