ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цара ницкъбина ца ехь, 20 шарна чуюллур ю со". Нохчийн мухIажаран Герихановин истори


Гериханова Амина
Гериханова Амина

Зазадоккху-беттан юккъехь доза хадочу юкъанна Румынехь дIалецира Нохчийчуьра 36 шо долу яхархо Гериханова Амина. Шен кIентаца Украинерчу тIамах еддера иза. Гучуделира, Шемарчу тIемашкахь дакъа лаьцна бохуш бехкейора иза оьрсийн эскархоша – оцу буха тIехь Интерполехула лехамашка еллера иза.

Гериханова талламан изоляторе хьажийра, цуьнан кIант приюте велира, тIаккха иза гергарчу наха дIавигира. Гезгмашин-беттан 3-хь Сучава гIаларчу кхело чуйоьллинчура араяьккхира иза, амма къевлинчу лагере йигира Рэдэуци гIалахь, цигахь Гериханова шен экстрадицин хьокъехь Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелан сацаме ладоьгIуш ю. ГIуллакх толлучу юкъанна Гериханова Оьрсийчу хьажор дихкина кхело, зудчо бахарехь, цигахь цунна тIехь Iазап латтор ду, юьйр а ю.

Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дуьххьара дийцина нохчийн ницкъахоша шех "джахIадхо" йан гIертарх, шен Румынера чохьлатторан хьелех а, Оьрсийчу экстрадици йича шена хиндолчух а. МухIажаро бахарехь, шен гIуллакхах лаьцна кхоччуш хаамаш дац цуьнгахь, ша маьршайоккхург хиларан бух а къаьсташ бац.

– Хьо дIалацарх дийцахьа.

– Со Львовера Румынехула транзитаца Туркойчу йоьдуш яра. Сирет олу чекхвалийтаран пунктехь со автобус чуьра охьаяьккхира, шина сахьтехь хеттарш дира. ТIаккха сан кIентаца рейсера охьаяьккхира со, сан хIумнашка хьоьжура уьш. Суна цкъа а ца гинера иштта лерина хIумнашка хьежар: хIора эвна, бедаран хIора тегна меттиг, беран хIора ловзориш. Беран тIоьрмиг чохь дечках дина жима урс карийча вовшашка хьежа буьйлира уьш. Аса дуьйцура, иза ловзориг бен яц, хоьттура, церан бераш ца ловзу?

ХIумнашка хьежар дирзича дозанан полицино дIалецира со, мича юьгу ца олуш, прокуратура дIайигира.

Гериханова Амина шен кIантаца
Гериханова Амина шен кIантаца

– ДIалацарн бахьанаш дийцирий хьоьга?

– Новкъахь ас масийттаза хоьттура: "ХIун проблема ю хилларг? Румынхой соьх ца кхетара, амма "проблема" дош девзара царна. Суна цхьамма жоп ца лора. ТIаккха украинхойн мотт буьйцу гочдийриг схьакхечира. Суна иза дика ца хаьа, амма вуно хала кхийтира со цо хIун боху, "хуьлучух кхетталц" со чуюллур ю бохура. Со дуьхьал йара: "ХIара кхин пачхьалкх ю, сайн бер цхьалха дита йиш яц сан, соьца и стенна леладо?"

ХIумнашка хьоьжучу юкъанна кIантана наб кхийтира, со йистехь йоцуш самаваьлча цуьнан стресс хиларх кхоьрура со. Сайн лаамца со ца ягIахь нуьцкъаха дIаюьгур ю, аьлла кхерам тессира суна. Реза хила дийзира, сайн бехк боцийла дIагайта гIертара со. Оьрсийчоьно Интерполехула со лоьхуш хилар Сучаван прокуратурехь бен ца хиира суна, вуно доккха зулам дарна шеконашка лоцура со Нохчийчохь диллинчу гIуллакхехула. Оцу бехкашца итт шарера ткъа шаре кхачалц хан тоха мега суна. Кху шерашкахь со дIалаццалц Шемахь тIемаш дина ас, бохуш чIагIдо Оьрсийчоьнан талламо. Дийцарехь, со шемахойн эскаран салти ю, тIемалошна герз, гIирс латтабо аса, уьш тIемаш дан а Iамабо… Ма туьйранаш ду! Прокуратурера "арест-центре" дIайигира со, Сучавера изоляторе, кехат а кечдина, буьйса яккхийта йитира, Iуьйранна кхелана хьалха хIоьттира со. Со дIалецира.

– Хьайх лаций дийцахьа, мичара ю хьо?

– Суна Ичкери (къобалъянза республика – Ред. билг.) хеташ йолчу Нохчийн республикера, суна Джохар хетачу Соьлжа-ГIалара ю (Джохар цIе лелийна цо 1998-2000-чу шерашкахь – билг.). Со цигахь кхиъна, аса дешна, бухгалтер, гIуллакхашлелорхо болх бина, Мехкадаьттан университетерчу механикан факультетехь методист болхбан а кхиъна. Юриспруденцехь дешна тIаккха, амма диплом лар ца дина. 2012-чу шарахь маре яхара со, цул тIаьхьа болх ца бира.

– Нохчийн Iедал хьуна а, хьайн цIийндена а тIаьхьдаьлла лелара. Цунах лаьцна дийцахьа.

– Зудаялор дирзича сан цIийнда ницкъахоша дIавигира цуьнан бусулба духар хиларна. Цо хечин-когаш дацдора, салафитхоша санна еха коч лелайора, иштта пес а – урамехь лаца а лаьцна, полисхойн машена чутоьхна хила тарлора иза. Маж лелош болу божарий жигара дIалоьцура оцу хенахь, цундела иза полицин декъе дIавуьгура. Шен шолгIачу зудчуьнца цIерпоштехь волчу хенахь, иза кадыровхоша юха а дIалецира, вуно чIогIа йиттинера цунна. Чохь хи долчу телатан шишанца йиттинера, цунна тIехь ларш ца йиссийта, цуьнан тоьшаллаш ца хилийта а.

20 стаг стаг чохь латточу камерехь 11 буьйса яьккхира ас. Хеттарш лучу юкъанна хIоразза а еттара суна

Кхетара, тхайн паргIат даха йиш хир йоцийла, нанас цигара дIавахар дехнера цуьнга. Кадыровхоша муьлххачу муьрехь низамехь йоцург кIелкхосса мегара цунна, тIаккха чу а воьллина, "тIепаза вайна" эр дара, Нохчийчохь и лелош ма-хиллара. ЦIийнда Туркойчу дIавахара, суна а, сан кIантана а арахьара паспорташ дара кечдан дезаш.

Ас кехаташ кечдечу юкъанна цIийнда волчу Туркойчу кхоалгIа зуда кхечира, цигара Шема новкъаелира, шеца цуьнан паспорт, телефон а эцна, тIаккха цунна тIаьхьа дIаваха дезнера цуьнан. Царна хазахийтира Шемахь, уьш цигахь диссира. ТIеман тийсдаларш доладелча, цигара арабовла аьтто бацара церан. Кхерамазаллехь Туркойчу дIавуьгург даккхийра ахча дала дезара, даьхний цаьргахь дацара.

2019-чу шеран зазадоккху-беттан 1-хь сан цIийнда вийра ракета тоьхча. Зуда шен берашца дийна йиссира, къевлинчу лагере кхечира уьш. Цигахь йийсарехь латтош эзарнашкахь зударий, бераш ду дерриг дуьненара.

– Туркойчу кхача аьтто хилири хьан?

– 2015-чу шеран стигалкъекъа-баттахь сан цIийнден шолгIачу зудчуьнца кIезга мах болуш билеташ карийра тхуна Минводера Стамбуле кхачалц. Амма кеманан трапехь юхадерзийра тхо дозанхоша, тайп-тайпанчу кабинеташка хеттарш дан дIасайигира. Тхо Шема даха новкъадевлла аьллча шайгахь хаамаш ду бохура. Тхан арахьара паспорташ ницкъбоцуш дира, рейс дIатаса декхаре хилира тхо. Амма тхайн тIоьрмигаш багаже дIа ма деллера оха! Сайн ма-хуьллу сайн бакъонаш ларъян гIертара со, амма кема тхо а дитина новкъаделира, тIаккха тхо Нохчийн республике юхадаьхкира. Масех де даьлча ФСБ-н белхахо а, оперхо а веара со йолчу, хеттарш дира, тIаккха сих-сиха со Соьлжа-ГIалин Старопромыслан РОВД кхойкхура керла хеттарш дан. Белхан хан йоцучу хенахь, яьсса ала мегар долуш гIишло чохь хуьлура уьш.

2015-чу шеран гIадужу-беттан 22-хь кадыровхоша лачкъийра со. Камера чохь 11 де-буьйса даьккхира ас. Хеттарш лучу юкъанна хIоразза а еттара суна. Цигара маьршаяьлча со юха полици кхайкхира. Исс сахьтехь суна ток еттара, со садеIа ца ларайора. Сарахь со дIахийцира, амма кхетийра, Нохчийчуьра дIабаха гIерташ болчу сайн бевзачу наханна мотт бетта беса ас. Мила, мича, стенна воьду дийца деза бохура ас. Иштта полисхоша соьга джихIадхочун доьхка лур ду бохура, тIаккха иза схьа а эцна, цара де аьлларг дан дезара ас. Иза кIело хила мега аьлла хийтира суна – теракт йина йолу "зуламхо йуьйш" санна кеп хIоттош. ТIаккха дIаяха сацамбира ас.

Ставрополехь кIентаца бутт баьккхира ас, тIаккха гергарчу наха хаамбира, сан доьзална кадыровхоша кхерамаш тийсина аьлла. Махкара дIаяха сацамбира ас. 2016-чу шеран марсхьокху-беттан чакхенехь со Украине кхечира, тIом болабаллалц цигахь Iийра. ТIаккха [оьрсийн эскарш чугIоьртича] со Львове дIаяхара, тIеман тийсдаларийн чакхе тIекхачалц, амма дуккха а сан доттагIий Туркойчу дIабахара, цига яха сацамбира аса а. ТIаккха, шуна ма-хаара, Румыница долчу дозанехь со дIалецира.

– ХIинца мичахь ю хьо? Хьан рогIера хьал муха ду?

Гериханова Аминин камера сурт
Гериханова Аминин камера сурт

– Рэдэуци гIалахь ю со хIинца, миграцин лагерехь, леррина кечйинчу къевлинчу чоь чохь. Ша цхьаъ чохьваллоран камера ю иза, корех тоьхна решетка а, кIохцалгийн серашца гобина жима керт йолуш. ХIара Европа хилар тидаме эцча, хьал вуно ирча ду. ХIара боьха меттиг ю. Боьха хьожа оьхура, хьаштангIан лаьттахь боьхаллаш яра, бехк ма билла ас ма-дарра дийцарна. Со кхуза схьаялийча со масех дийнахь йилхира, хуьлург тIе ца лацалуш.

Оцу [хьукматан] администрацино еххачу хеначохь пурба ца лора чохь цIано йан оьшуш йолу хими соьга йала, кхеле арз делча бен ца елира соьга и. ХIинца дийнахь цкъа ло соьга и, тIаккха дIаоьцу. Аса халла кафель тIера модаш дIаяьхна. Хетарехь, моралан барамца дуьстича, тIамехь атта хир дара кхузахьчул а. Со чIогIа шеллора, ас хала лов шело – цхьадика, вохвийриг елира соьга. Буьйсанна со йижалуш яц чхьаьвригаш, гӀундалгӀаш чухула хьийзарна. Ас уьш сайн гIайба тIехь а лецна! Iуьйре хуьлуш бен жимма наб йан аьтто хуьлу сан, амма лартIахь наб ца йало соьга. Цунах сан нерван системина Iаткъам хуьлу.

Цул сов, телефон лелорна шога доза ду суна тоьхна – дийнахь ткъа минот. ЛартIахь юристашца, адвокаташца, гочдечунца, бакъоларъярхойн вовшахтохаршца а зIе латтон аьтто ца хуьлу сан. Суна дуьхьал лелочу репрессех ларъялархьама тайп-тайпанчу нахаца зIенехь хилар оьшу суна, амма хан ца тоьа. Цул сов, кхузахь интернетаца проблема ю, цIаьххьана дIаяла мега и.

– ТIаккха кхача муха бу? Тоьий хьуна?

– Со дика кхобу. Кухни чохь кхача кечбан аьтто ца ло суна "кхерамазалла ларъярхьама", кухни чуьра гIирс ца лелабойту. Цуьнан метта ресторанера кхоьхьу кхача, иза дика бу. Лагеран белхахоша гуттара дуьйцу, ас "къоман кхерамазаллина кхерам бохьу", бохуш. Цундела рогIера аьттонаш бац сан, масала, сайн хIума тега маха ца ло суна, йа бедаршна хьакха иту ца ло.

Кхерамазалла ларйо бохуш сан косметика чохь йолу тIоьрмиг ца ло соьга, хIунда аьлча, цу чохь маIарех хьокхург а, куьзга а хиларна. Лерринчу дехарца ло соьга иза, тIаккха кIезгачу хеначохь лелийча дIаоьцу. Сан тIеухкурш а ю лагеран администрацехь. Соьга схьаяла стенна ца мега уьш? ТIаккха ахча? Иза а хIунда ду куьйгаллехь?

Ур-атталла бедарш хьалауллург яла а дуьхьал бара суна, цу тIехь аьчкан чIуг хиларна! Кху деношкахь халла иза сайна ялийтина ас, шиъ елла. Аса цуьнца хIун дарна кхоьруш ю и администраци, суна-м хаац. Цунах пайда а оьцуш, со ирх оллайала гIерташ ю моттахь цара доккха гIалат доккху. Сан камерехь ша-шена зулам дан шортта аьттонаш бу и ца хилча а, суна стенна оьшу иза?

– Мукъа хан муха йоккху ахь?

Оцу лагеро, депортаци йаран кхерамо а чIогIа талхийна сан могушалла, сайн дахарехь цкъа а ца хилла со иштта вочу хьолехь

– Сан дехарца къоламаш а, басарш а делла суна, сурт дуьллуш самукъадолу сан. Дуьхьалонаш йоцуш ламазаш дан йиш ю сан. Кхузахь литература ю, амма оьрсийн маттахь книгаш яц, украинхойн маттахь ю, амма ас хала йоьшу оцу маттахь. Эшахь арз чудалало соьга. Лагеран администрацера кехаташ кхочу соьга, уьш довза а аьтто хуьлу сан. Арахьарчу цхьангара кара хIума йала проблема хуьлу, администрацица деха дийца дезаш хуьлу.

– Лоьрийн гIо латтадой хьуна?

– ХIаъ, амма кхузахь жима гIала ю, говзанчаш кIезга бу. Натуропати лелайо ас, аптекера молханаш ца моьлу, оьшучу профилера лоьрашна тIекхача аьтто ца ло суна, Бухаресте кхачалц уьш каро йиш яц боху. Европехь сайна оьшучу лоьрана тIекхача бакъо ю моьттура суна, амма кху изоляцехь сан проблема луьстуш яц, тIаккха сан хьал толуш дац, оьшуш долу хьехарш, дарба ца хилча.

Оцу лагеро а, депортаци йаран кхерамо а чIогIа талхийна сан могушалла, сайн дахарехь цкъа а ца хилла со иштта вочу хьолехь. Лагере кхачале ялх баттахь чуйоьллина латтийна со, амма цигахь а бацара иштта Iаткъам. Ур-атталла сан гочдархочо а билгалдаьккхира, цигахь цигахь сан хьал гIолехьа дара, тIаккха лагеро вон Iаткъам бо суна. Кхузахь негативе ойланаш бен яц, стресс, депресси. Суна эхь хета и дийца, иза сайх цкъа а хьакхалур ду моьттуш яцара со. Со бух боцуш, низамехь доцуш лаьцна латтош хиларх тешна ю со.

– Хьолаца моралехь муха ларайо хьо?

– Дуккха хенахь дуьйна со тIелелаш йолчу лоьрашца хедаш зIе латтойо ас. Сан синан хьал меттахIоттош гIо до цара. Цаьрца дуьйцу ас, сайна тIехь болх а бо. Сан дин а ду сан, сан кхерамазалла ю иза.

– Гергарчаьрца ган бакъо лой хьуна?

– Со йолчу йан кечъеллачу журналистаца цхьанакхета лаам бара сан аьлча, администрацино элира, цхьанакхетийта йиш яц, Бухарестерчу куьйгалхочуьнга кехат яздан деза. Амма цигахь а пурба ца делира. Бахарехь, соьца адвокаташ а, гергара нах бен цхьанакхета ца мега. Дера яцара со реза – иза лартIахь реакци соьца харцо лелийча. Амма соьга вуно акха хьоьжура, сан реза ца хила бахьанаш доцуш санна.

– Европерчу пачхьалкхашкахь бехачу хьайн махкахой хьоьгхьа бистхуьлуш буйла хаьарий хьуна?

– Изолятор чохь йолчу юкъанна суна хIумма а ца хаьара, хаамашна тIекхочийла дацара. Со чIогIа кхоьрура. Интернет яцара, камерехь лаьтташ аьчка телефон яра, цу тIера мобилан номершка телефон тоха бен йиш яцара. ТIаккха телефон тоха бакъо елира суна, бевзачаьрца зIене елира со: дехха къамелаш дан хан яцара сан, амма соьх лаьцна дуьйцург, соьгахьа митингаш хIиттайо бохург а соьга схьакхачийра. Соьх лаьцна яздийриг хаьа суна, амма деша йиш яц. Маьршаяьлча доьшур ду ас.

– Румынехь хьуна тIаьхьбевлла хIунда лела аьлла хета хьуна?

– Хетарехь, кхузара со дIаяхийта лаьа царна, амма низамехь со дIахеца ца лаьа. Румынехь политикан тховкIело ехна ас, амма шозза дуьхьал хилла уьш. Румынехь аппеляци хир ю, амма юха а дуьхьало йахь, тIаккха Европан адамийн бакъонехула йолчу кхелехь къовсур ду ас.

Эха шарахь чохь а латтийна арахецча, Румынин кхерамазаллин сервисо соьх лаьцна цхьаъ яздира. Шайн цхьа справкина тIе а тевжаш, суна изоляци йар доьхуш ходатайство йира прокуроро, цундела хьажийра со лагере, маьрша ца яьккхира.

– Оьрсийчоьнан караелча хIун кхерам лаьтта хьоьгахь?

– Румынхойн талламе жоп делира Москвара, сан бакъонаш цхьамма хьошур яц аьлла. Со ца теша Оьрсийчоьнах, хIунда аьлча, цара шайн низамаш а цхьана хьоьшу. ГIуллакх Соьлжа-ГIалахь диллина ду, со Соьлжа-ГIала хьажор ю. Ур-атталла со Оьрсийчоьнан дозанехь нисъелча а, цунах лаьцна нохчийн ницкъахошна хуур ду, уьш суна тIекхочур бу – таллам, кхел хир яц.

Со чуйолла Iалашо хилахь, цкъа дуьххьара вуно къиза Iазапехь латтор ю со. Бинчу ницкъах со лахь, цара дIа а йоьллина, со едда эр ду. Дийна йиссахь сайна дуьхьал кийтарлонаш йолуьйтур ю, тIаккха набахте хьажор ю, сан гIуллакхехь яздина ма-хиллара, ткъа шарна. Йа цхьа билггал духар а доьхна, хьуьнха юьгур ю, йисте герз охьа а диллина, йен а йийна, соьх террорхо йий ю. "РогIера шайтIа", цара ма-аллара.

– Хьайн кхерамазалла ларъян хIун гIулчаш йоху ахь?

– Хенаца тоьхна доза а доцуш, сайн адвокатаца, гочдархочуьнца а къамелдан лаьа суна. Ур-атталла изолятор чуьра а суна аьтто лора, сарахь исс даллалц муьлххачу хенахь, мичча а телефон тоха. Амма кхузахь бакъо ца ло, хIара набахте йоцушехь. Сайн телефонна тIекхочийла оьшу суна, новкъарлонаш йоцуш.

Со чуйолла Iалашо хилахь, цкъа дуьххьара вуно къиза Iазапехь латтор ю со

Суна арест йинчу хенахь дуьйна сайн румынхойн адвокат шозза бен гина яц суна кхелехь. Со изолятор чохь йолчу хенахь соьга бохура, иза сан гIуллакхехула цхьанца цхьанакхеташ ю, амма оцу хьокъехь соьца цо ца дуьйцура, соьца цхьана а ца кхетара. Amnesty International бакъоларъяран цхьанакхетараллин юристо ЕСПЧ-га кховдо кехаташ кечдора сан гIуллакхехула, сан адвокате кехаташ кхоьхьуьйтура, амма цо уьш тергамза дуьтура.

Ши кIира ду ас администрацига сан адвокате телефон тохийтар доьхуш, амма хIинца цуьнца къамелдан аьтто ца хилла сан, цунна соьца болх барна ахча луш доллушехь. Амма сайна оьшу адвокат лаца аьтто бац сан, лицензи йинчу юристийн тептарерниг бен харжа йиш яц, "къайлахчу кхерамечу гIуллакхашна тIекхочийла" ю церан, ишттачу гIуллакхашка даьккхина сайниг а. Оцу тайпа адвокаташ бац Рэдэуцехь, Сучавехь. Бухарестехь бу уьш, сан лагерера ворхI сахьтехь машенахь некъбан беза цига дIакхача.

Кхелехь ас тIаьххьара реза цахилар гайтича, соьга адвоката элира: "Амина, иштта ма лела, кхелахой реза бац". Амма со тешна ю, сан реакци харцона тIеIоттавелчу лартIахь волчу стеган санна ю. Со нисъеллачу хьелашца дуьстича со вуно культуре лелаш ю.

***

Amnesty International-н векало Кавказ.Реалиига дийцина ма-хиллара, хIинца ЕСПЧ-хь толам баккхар ду Герихановина коьртаниг, ша Оьрсийчу юха ца йигийта.

"Йа альтернативан агIо йан йиш ю румынхойн Iедалан - хIинццехь эксрадици сацо. Цо ходатайствехь ехна хилла йолу тховкIело а елла, иза Оьрсийчу дIайигийтарна дуьхьало йан", - аьлла къамелдинчо.

Герихановина гIодеш иштта нохчийн "Вайфонд" ассоциаци ю – цара уггар хьалха дийцира иза дIалацарх. Масех баттахь Европера нохчий тайп-тайпанчу гIаланашкахь митингашка, пикеташка бовлу мухIажар маьршаяккхар тIедожош.

Де хьалха Гериханова Амина дIахеца аьлла тIедожийра Ичкерин урхаллин арахьарчу премьер-министро Закаев Ахьмада. Евробертан Iедалшка ваьлла иза, харц бух тIехь бехкаш а дехкина, лаьцна латтош ю иза аьлла цо, иштта дехна иза дIа а хецна, кхоалгIачу пачхьалкхе дIаяхийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG