ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Царна дегаза хета". Шайгара яьллачу ледарлонна бехк ца биллар стенна ца доьху Дагестанан полисхоша


Нагахь санна, Оьрсийчохь бахархойн бакъонаш эшийна меттиг нислахь, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой хьакъ бу массарна а гергахь цаьрга бехк цабиллар деха. Бакъду, Дагестанера полисхой кIелхьарбовла хьийза къинтIера ца баха, ур-атталла кхело шайна тIедожийнехь а.

"Полисхойх" лаьцначу низамехь яздина ду, вахархочун бакъонаш хьаьшнехь, полисхоша шайн агIор иза къинтIераваккха везаш хиларх. Урхаллин омраца билгалъяьккхина ю гечдар дехаран къепе. Цуьнца а догIуш, "бехк цабиллар деха деза мел а йоццачу хеначохь, оцу вахархочун бакъо, маршо йохийна бутт хан ялале".

"Царна дегаза хета адамашна хьалха бехказбийла. Бахархойх цабашарца доьзна ду и

Юриста Исмаилов Марата билгалдоккху, низамо хIуъа бахахь а, Дагестанехь полисхоша къинтIера ца боху нах, йа церан куьйгалло урхаллин омра кхочушдарна тIехь терго ца латтайо аьлла.

Кавказ.Реалиица къамел динчо бахарехь, иза декъахь волуш хиллачу къестаршкахь, кхелахоша чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша лелийначу харцонах хьесапаш диннашехь, цхьана а ницкъхочо бехк цабиллар дехна дац, шаьш эшам бинчу агIонна.

Исмаиловс дийцарехь, хьакхалуш ду и доккхачу декъанна, ХIинжа-ГIаларчу юхатоечу майдане хьовсуш хилла жигархой а, журналисташ а низамашца доцуш полицин декъе лецна балорах.

КъинтIера ца ваьккхира жигархо Магомедов Арсен а. Журналистан Голунов Иванан гIо лоцуш хIоттийначу пикетера лаьцна валийна вара иза. Цхьахболчу меттигехь, юристан дешнашца, кхелан къепехула гIоьртира иза къинтIераваккхийта.

Масала, стохка кхело тIедожийра полисхойн куьйгаллина, ХIинжа-ГIалахь монстраци хIоттийначу Сиражудинова Раисате гечдар дехар, бакъо йоцуш цунна административан жоьпалла тIедожорна. Тахана а кхочушбаза бу кхелан сацам.

"Полицин белхахойн оьзданагалла, гIиллакх ледара хиларца доьзна ца Iаш, ду хIара хьал ишта Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло и омра кхочушдайта царна тIехь латто оьшу контрол ца лелорна а",- боху Исмаиловс.

Сиражудинова къинтIера яккха полисхой дуьхьалбевллачул тIаьхьа, цо кехат дахьийтина хиллера Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралле.

Юристо ишта билгалдаьккхина, могIарерчу нахе гечдар доьхуьйтуш, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIаязйина видеош интернетехь яржош хилар, ткъа низамо могуьйтуш дац бертаза адам бехказадилийтар.

Iазапашна дуьхьалояран Комитетан юристо Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиина еллачу комментарехь бакъ дина, шайн организацин практикехь а хилар, нагахь санна, шаьш ницкъбинчу нахе къинтIера довлар полисхоша дехнехь а, дора и ца "дегаза" аьлла.

"Кхелехула шайна гечдар дехийта деза церан. Царна дегаза хета адамашна хьалха бехказбийла. Бахархойх цабашарца доьзна ду и", - боху юристо, ша юристан болх бечу юкъанна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахошка бехк цабиллар багара даккха цкъа а аьтто ца балар билгалдоккхуш.

Кхин хьажам а бу оцу проблеме. Масала, адвокато Квасов Сергейс чIагIдо, шен прокуроран практикехь прокурораша даим а къинтIера бохура пачхьалкхан цIарах кхело бакъвина стаг, ткъа пачхьалкхо бахархошна бина эшам а, зен а меттахIоттадора аьлла.
Полисхошна бехк цабиллар деха цалааран проблемех дуьйцург цхьа а бух болуш дац аьлла, хета Квасовна.

"ТIекхайкхам ишта бу даим а: ницкъхой болчу агIор  тIулгаш кхийса вай гуттар а. Ма кхийсий вай!

"Проблема ю, амма оццул тIе тидам баххийттал хIума дац. Язде вай, муха беха байинчу полисхойн доьзалш, муха нисбелла церан доьзалийн кхоллам? Даим а цхьана агIор дийца мегар дац. ТIекхайкхам ишта бу даим а: ницкъхой болчу агIор тIулгаш кхийса вай гуттар а. Ма кхийсий вай! Низамаша тIедожориг кхочушдан деза, амма кхузахь гуттар а тIе зIок етта ницкъаллин структурашна. Цхьанна дицделлехь, ас карладоккху, пхи-ялх шо хьалха машенаш лоьлхуьйтура вай долчахь. Сиха дицдина дерриг а. ХIунда ца олу вай: "Дела реза хуьлийла царна, и дерриг а сацорна"? Дагахь латто деза Iаьржаниг а, кIайниг а хуьлуш хилар",- резавоцуш дуьйцу Квасовс.

Цунна хетарехь, кхин а яккхий, чолхе проблемаш ю листа езаш, полисхошка гечдар дехийтарал а сов, масала, социалан проблемаш.

"Цхьаъ къинтIера ца ваьккхинехь, хIаъ, иза вон ду, нагахь санна, ах Дагестан бохург санна уьшалахь йоллуш хилар - и гуттар а доьхнарг ду. Маца йийр йолуш ю цIандаран гIишлош?",- эргIадоьху юрист.

Кавказ.Реалиин корреспондент гIоьртира Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векалца зIе таса. Кхелан сацамаш дукха хьолахь шун урхаллин белхахоша кхочуш стенна ца бо, бахархойн бакъонаш хьешча, уьш къинтIера а хIунда ца боху аьлла, деллачу хаттаршна дала жоьпаш ца карийра царна. Бакъду, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакхххоша дош делира, "хьал луьстур ду" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG