ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Цхьа галдаьлларг цо аларна кхоьру": федералан каналашка стенна ца вуьту Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Оьрсийчоь Украине гIоьртинчу хьалхарчу деношкахь дуьйна Кадыров Рамзана пиар лелайо тIеман теми тIехь. ХIинцале бIе видео хIоттийна цо Нохчийчуьрчу эскархошца яьккхина, масийттазза кхерамаш тийсира Киев схьаяккха (иштта Оьрсийчоьнан тIеман министраллин дIахьедаршна дуьхьал а), 26-зза дIакхайкхийра Мариуполь мукъаяккъарх, шога дIахьедарш дира украинхойн президенте а, оьрсийн хьаькамашка а, кхерам тесира зарратан тохар дан а. ХIетте а оьрсийн пропагандо, схьагарехь, тергал ца во Нохчийчоьнан куьйгалхо. ТIом боьдучу 56 дийнахь федералан телехьожийлашкахь масех эфиран минот елира цунна, къаьстира Кавказ.Реалиина. Кадыровн чуьравийлар социалан машанашкахь бен хаалуш дац, оцу тIехула цунах кхаьрда цу чохь.

Чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна Хьалхарчу каналан сайтехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунна лерина кхо сюжет бен яц. Царех хьалхарниг керланийн эфире елира, Оьрсийчоьно тIелатар динчу шолгIачу дийнахь. ХIетахь Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждига хьалха къамел дора Кадыровс. Леррина цунна аьлла дIахIиттийнера масех эзар герзашца эскархой – чIагIдора, меттигерчу Росгвардин белхахой бу уьш бохуш. Оцу барамехь даьхна суьрташ пачхьалкхан ТАСС агенталло иштта билгалдоху: "Кадыров Рамзан ву, шайн резиденцин декъа тIехь нохчийн тIеман дакъойн а, спецтехникан а гайтам дIахьочу хенахь" аьлла.

Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Чиллан-беттан 25-чохь Кадыровс кхетийра Оьрсийчоьнан тIелатарх "терроризмаца къийсам" бу аьлла, масала далош хьахийра Шемара тIеман кампани, цул тIаьхьа тIаме кхайкхира украинхойн шайн лаамехь вовшахккхеттачу батальонехь болчу къобалъязчу Ичкерин агIончаш, "Украинера уггар буьрса тIемаш боьлхучохь нохчийн эскархой хир бу" аьлла, чIагIо а еш. ТIеман техника тIехь дIасабахара эзара кадыровхой майданара. Бакъду, оццу дийнахь къаьстира, Украине боьлхучу меттана юха а шайн тIеман дакъошка уьш дIабахана хилар.

Кадыровс динчу къамела юккъера Хьалхарчу канало Украинан президенте Зеленский Владимире хьажийна аьллачу дешнех бен пайда ца ийцира – Нохчийчоьнан куьйгалхочо "хьийхира" цунна Путин Владимирна хьалха гечдар дехар. Стенна – билгал ца даьккхира цо. Чиллан-беттан 25-чохь телеканалан эфирехь шозза гайтира регионан куьйгалхочо аьллачу дешнашца йолу йоца сюжет (миноте кхочуш а яцара).

Зазадокху-баттахь къаьстира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша ма-аллара "спецопераци" маса ерзорах гIуллакх хир доцийла. Цул совнах, хаамаш баьржира дуккха а баларш хилла аьлла, иштта кадыровхошлахь а. Оцу юкъанна хаамбора, Нохчийчуьра эскархой, гарехь, тIамехь дакъалоцуш бац, меттигера нах кхерош, видеош йохуш уьш леларна, цIе яхара царех "TikTok-эскарш" аьлла.

Хьовсархойн цхьа кхин ойланаш гIовттарна, йа совнах хеттарш хиларна кхерам бу

ТIамтIехь яьхна дийнахь масех видео шен телеграм-каналехь хIоттош, дIаволавелира Кадыров, кест-кеста кхайкхам бора конфликт марсаяккха бохуш, Оьрсийчоьно Киеве гIерта эскарш юхадаьхча а. Оцу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгалхо чIагIвеллера "тIеман партин" цхьахволчу лидершлахь (маьрша конфликт ерзон дуьхьал болчу Оьрсийчоьнан хьаькамех нахах иштта олу зорбанаша).

Социалан машанашкахь жигаралла Кадыровс гойтушшехь, Хьалхарчу каналан эфирехь юха а гучувелира иза бутт баьлча – Зазадокху-беттан 28-чохь. ХIетахь кхин а кIезиг эфиран хан елира цунна – 25 секунд. Opersvodki телеграм-каналера эцначу видео тIехь Кадыров мараветтало оьрсийн тIеман барзакъца волчу стагана, тележурналисто "Оьрсийчоьнан эскарийн инарла-лейтенант Мордвичев Андрей" олу цунах.

"Ахмат – билггал ницкъ бу", – олу видео тIехь ву бохучу инарло. "Иштта олу тхан буьйранчас, уггар а тоьллачу буьйранчас", - жоп ло цунна Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Мордвичев вийна боху, Киево динера иштта дIахьедар, хаам бакъ боций дIахаийта Iалашонца, пайдаэцнера оцу видеох Хьалхарчу канало. Амма, видео дIаязйина меттиг (Хьалхарчу канало чIагIдора, и Мариуполь ю бохуш.- Редакцин билгалдаккхар.), йа де а хууш дацара, и хаам талла а аьтто бацара зорбане яьккхинчу видео тIехь.

Билгале ду, и сюжет эфире яьллачу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIахьедар, Кадыровна Оьрсийчоьнан инарла-лейтенан чин даларх. Охан-беттан 7-чохь бен дага ца деара Хьалхарчу каналана цунах лаьцна, оцу хеначохь Нохчийчоьнан куьйгалхо ларийра президентан пресс-секретарьца Песков Дмитрийца девне вала, керлачу погонашца регионан куьйгалхо декъал ца вина аьлла.

Кадыров Рамзанна совгIат дIалучу барамехь
Кадыров Рамзанна совгIат дIалучу барамехь

Кадыровн дахарера оцу хиламех лаьцначу сюжето федералан телеканалан 42 секунд дIалецира, хьалхара шиъ юх-юха гайтинехь а, цкъа бен ца гайтира хIара. Соьлжа-ГIаларчу официалан церемонехь яьккхина видео гойтуш, тележурналисто дагадоуьйту, Нохчийчуьра эскархой Мариуполь къуьйсучу тIемашкахь бу. Кхин дIа Нохчийчоьнан куьйгалхочо "муьлхха а совгIат, йа чин кхачар – доккха жоьпалла ду" олу цитата гойту ,– тIаккха дерзадо.

Иштта, Оьрсийчоь Украинана тIелеттачул тIаьхьа Хьалхарчу каналан керланашкахь Кадыровс дIалаьцна эфир ю, программа дIахьочийн дешнашца лерича 3 минот 14 секунд, юх-юха гайтар ца лерича, шина минотал а кIезиг.

Кадыровн дIахьедарш дийцаредар а, цунна муьтIахь болчу эскархоша Украинехь лелориг а гайта йиш яра политикан ток-шоушкахь, амма сайтехь а, Хьалхарчу каналан социалан машанашкахь а уьш хьехор дац.

Кадыровн "трофей" а, цуьнан йоьIан йиш а

Пачхьалкхан ВГТРК медиахолдинго, цуьнан сайтехь а, телеканалийн социалан машанашкарчу аккаунташкахь а хьаьжча, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кхин а кIезиг терго йина. "Смотрим" онлайн-платформехь (ВГТРК-н йоллу ресурсаш вовшахтуху цо. –Редакцин билгалдаккхар.) Зазадокху-беттан 12-чохь цкъа бен хьахийна вац Кадыров тIом болабелчхьана. Оцу дийнахь украинхойн "трофейн" ю бохучу тапчаца "Соловьев LIVE" эфирехь гучувелира иза.

Масех минотехь къамел хуьлу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соловьев Владимирца. Цигахь а Кадыровс хьахайо шен телеграм-канал: "Хьуна гинехь, цига[видео]чу хIиттайо", даредо, шен Украинера коьрта "Iалашо" - и Iалашъен нохчий хиларх. Иштта цо дIахьедо, махкара "шайн лаамехь" баха гIертарш "Iаламат дукха бу". "Зударша а цхьана олу: "И шайтIанаш хIаллакдайтахьа тхоьга", - тIетуьйхира Нохчийчоьнан куьйгалхочо йоьдучу эфирехь.

ТIаьхьо телеграм-каналаша зорбане яьккхира, "шайн лаамехь" Украине боьлхучу нохчийн тобанех лаьцна видео – оцу тIехь хеза, ковра новкъайоккхучу зударийн белхар. Бинчу гона тIехьа бу уьш, царна хьалха лаьтташ бу герзашца нах. Кадыровн критикаша Чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна масийттазза дIахьедира, меттигерчу бахархошка бертаза тIамехь дакъалоцуьйту, ницкъахой боцурш а, цига хьийсабо шаьш тIаьхьадевлла лела нах а цхьана. Масала, Охан-беттан юьххьехь "шен лаамехь" верг санна, тIаме хьажийна Туркойчохь вехачу оппозицин блогеран Халитов Хьасанан ваша.

Охан-беттан 20-чохь ахчанах шайн лаамехь олу нах "леца" волавелира Кадыров, 300 эзар сом лур ду аьлла, тIе а лоцуш. Цул хьалха Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дIасайийкъира кхачан-сурсатийн яьшканаш Украине бахначийн доьзалашна.

ВГТРК-н ресурсаш тIехь Кадыровца йоьзна рогIера видео гучуелира ши кIира даьллачул тIаьхьа – Зазадокху-беттан 24-чохь. Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера схьаэцна монтаж йина видео яра иза. Цу тIехь йохийначу украинхойн гIалахь "АллахIу Акбар" бохуш, маьхьарий детта, герзашза болчу наха, Эрнесто Че Геваран хотIехь фуражка тиллина даьккхинчу Кадыровн сурт тIехь долу байракх лестош, герзаш дIасадетта цара.

Зазадокху-беттан 25-чохь "Россия 1" телехьожийлан "ВКонтактерчу" агIонехь зорбане яьккхинера кхин а цхьа башха видео- Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIа Кадырова Iайшата йиш локхуш, яьккхина клип. Оцу тIехь Соьлжа-ГIаларчу шахьарара арайолу иза къоман духарш доьхна зударш а, божарий цхьаьна болуш, царна уллохь догIуш ду, Z а, V а билгалонаш тIехь йолу футболкашца бераш. Оцу видео юкъахь гойту, нохчийн куьйгалхочун телеграм-каналера схьаэцна, Украинера кадраш. ТIеяздинчу "Прямой эфир" йозано а, публикацина бухахь яздинчо а гайтарца, кхаа минотехь яьккхина клип гайтина "60 минот" политикан ток-шоухь. Кадырова Iайшатан илли юкъахь, масала, ду ишта дешнаш: "Лакхарчун багара даьлла омра/Нохчийн бIахочо кхочушдийр ду".

Зазадокху-беттан 30-чохь зорбане яьккхина "Россия 1" телеканало кхин а цхьа видео. Шена агIоне язбеллачаьрга Кадыровс ша бина кхайкхам бу иза. Оцу тIехь Нохчийчоьнан куьйгалхо къовсаме волу Украинаца хиллачу машарийн дийцарийн делегацин векалца Мединский Владимирца, дIахьедо, Путин "цхьана а кепара юхавериг" цахиларх, тIейогIучу хенахь Киевна тIелатарх дуьйцуш.

Шен сонта хиларца, эскаран Iалашонех дIаала тарло цо, йоьдучу эфирехь а цхьана

Хууш дац, цуьнан кхайкхам гайтирий "Россия 1" телеканало. Пхеа минотехь йолу видео цхьахйолчу программехь гайтина аьлла, цхьанхьа а хьахош дац. Яц видео тIехь "Россия 1" логотип а, цунедла, хетарехь, социалан машанашкахь гина иза, телехьовсархошна гина яц. Кадыровн вистхиларех лаьцна ВГТРК-н ресурсаш тIехь кхин хьахош ца карийра Кавказ.Реалиина.

"Россия" телеканалашкахь нохчийн къоман векалан роль тIеман хенахь кхаьчна информацин а, зорбанан а министрна Дудаев Ахьмадна. Кадыровга хьаьжча, машарехьа верг санна хIутту иза Оьрсийчоьнан хьовсархошна хьалха.

Соловьевн эфирашкахь (Кадыровнчул а дукха ю уьш, ала дашна) министро дуьйцу, масала, "маьршадаьхначу" дозанашкарчу бахархошна "гуманитаран гIо латторах". "Россия 1" телеканалана лерина яьккхинчу сюжетехь, нохчийн корпункт санна, иза кхочу чевнаш йина бераш долчу Донецкерчу дарбанан цIийне, сагатдо молханашна. Сюжет йоьрзу нохчийн корреспонденто ког баьккхинчу кIантаца къамел деш- журналисто хоьтту цуьнга, муьлхачу позицехь футбол ловза луур дара цунна.

Оьрсийчоьнан эскарша оккупаци йинчу Украинан дозанаш тIехь гуманитаран гIо латторах кест-кеста дIахоуьйту кадыровхоша. Меттигерчу бахархоша баркаллаш боху видеош Нохчийчоьнан куьйгалхочо маса зорбане йоху. Делахь а, зорбанан гIирсийн хаамашца, оцу кепара видеош хIиттийна хила тарло.

Масала, Охан-беттан юьххьехь Кадыровн телеграм-каналехь цкъа дI а хIоттийна, юха а дIаяьккхира, Соьлжа-ГIалара кхаьчна гуманитаран гIо доькъуш ду аьлла, яьккхина видео. Журналисташа тидам бира, оцу сурсаташна тIерачу йозанийн – Украинехь арахецна хиллера уьш. Возуш воцчу талламхочо Христо Грозевс бахарехь, цо тоьшалла до, камера тIе а хьежош, Мариуполян бахархошна кадыровхоша дIасаекъна сурсаташ лечкъйина хиларан.

Цуьнан тоьшалла до, Зазадокху-беттан юьххьехь Оьрсийчоьнан эскарша дIатийсинчу гIаланийн бахархоша а. Цара дийцира, кхерамаш а туьйсуш, берашна юург лур яц бохуш, шантаж а еш, (Украинера хаамаш кхочура, мацаллина тIехула оккупаци йинчу дозанашкара маьрша нах леш бу бохуш; пачхьалкхан президенто Зазадокху-беттан 8-чохь дIахьедира, хьогаллех бер делла аьалла), дIаязйира цара видеош, шайна баркаллаш бохуьйтуш аьлла. Бучехь а, Ирпенехь а, Гостомелехь а маьршачу нахана дуьхьал лелийначу тIеман зуламашна бехке хила тарло аьллачу Оьрсийчоьнан эскаршлахь Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу 141-чу лерринчу полкан цIе а яьккхира Киево.

Кавказ.Реалиина иштта хууш ду, нохчийн шина батальонан командираш дIабаьхна хила тарлуш хиларх, Украинехь шаьш даьккхина герз дохка гIортарна. Яккхий тоьпаш а, дIасакхоьхьу ракетийн комплексаш а йоцург, Охан-беттан 20-чохь къастарца, кадыровхошна хьашт хилира юьртбахаман техника а цхьана. "Новое время" гIирсан хаамашца, Соьлжа-ГIалина гена йоццучу нохчийн Закан-Юьртахь хааелла "кхо комбайн а, трактор а, кхо хIутосург а, 20 тонн даьтта а". И йоллу хIума лачкъийна хиллера, GPS-н хаамашца, Украинерчу Мелитополехь. Техникан мах бу – цхьа миллион ах миллион евро.

"Дон диги-диги-дон"

НТВ-канал ша цхьаъ бен йоцу Оьрсийчоьнан федералан телеканал ю, кест-кеста Кадыровн дIахьедарех дуьйцуш йолу. Чиллан-беттан 24-чуьра схьа дуьйна Нохчийчоьнан урхалхо каналан сайтехь 16-зза хьахийна, амма и дерриг а текстехь йозанаш дара, массао а бахархошна лерина телесюжеташ яцара.

Шена пиар еш а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу политикан системехь шен позицеш чIагIъярхьама а пайдаоьцу Кадыровс Украинерчу тIамах аьлла, яздира Кавказ.Реалиино. Делахь а, тера ду пропаганда сих луш цахилар, зарратан герзах пайдаоьцур бу бохуш, кхерамаш туьйсучу Нохчийчоьнан куьйгалхочун бIахочун вастах пайдаэца. ТIеман коьрта турпалхойх хуьлучу меттана, ша иштта волуш санна гойту цо социалан машанашкахь, мемийн а, забарийн а персонаж хилла цунах.

"И дон диги-диги-дон – цуьнан цхьа флешбэкаш ю? Цхьана хенахь Дон хи йистехь цхьаммо йиттина цунна?", - забарш йо Нохчийчоьнан куьйгалхочун къамел деш "дуй хьуна", хезаш "дон", ала марзваларх, Сума гIаларчу бомбанех лоьчкъийлехь къамел дIаяздинчу украинхойн комико Редька Феликса. "ХIара тIом бирзинчул тIаьхьа кадыровхошна гIенах гур ду даьсса тIекIелдина цIенош, - яьссачу гIишлошна тIе йеттачу Нохчийчуьрчу эскархойх кхаьрда Оьрсийчоьнан стендап-комик Долгополов Александр "Навальный LIVE" эфирехь. – ЦIа лаьттачу меттигера церан массо а видеош хуьлу иштта, цунна тIе герзаш детта цара, ткъа цу чохь ца хуьлу цхьа а", - билгалдоккху юмористо.

"Дождь" телеканалехь Fake News программа дIахьош хиллачу журналисто Шепелин Ильяс билгалдоккху, керлачу хаамашкахьчул а дуккха а "импровизаци а, треш а" магочу федералан каналашкарчу политикан шоухь, Кадыров дукхазза хьехон йиш хиларх. Оцу шоун къаьстина стенограммаш зорбане йохуш яц. Оцу юкъанна, журналистан мах хадорца, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Хьалхарчу а, ВГТРК-н а каналашкахь дакъалацар тIаьххьарчу шина баттахь билггал лахделла.

"Суна хетарехь, тIом болабеллачу хенахь [телехьожийлехь] Кадыров дуккха а гойтура. Олийла дац сан, цигахь иза коьрта хуьлура. Мухха делахь а, интернетхь цо дIалоцу меттиг юстийла дац, телехьожийлехь цуьнан гучувийларца", - элира Шепелина Кавказ.Реалиица къамелехь.

Цунна хетарехь, тIеман юьххьехь Кремло Украинера маьрша бахархой кхерош, Кадыровх пайдаэцнехь а, кхиам боцуш Киевна тIелеттачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочун пропагандистан эффектан маьIна дайна. Цул совнах, политикан "фейкаш" гучуяха атта ду, ткъа шен чIагIонаш дукха хьолахь кхочуш ца йо.

"Цхьадолу Кадыров хьехор лахдалар нисделла, цо гуттар а еш йолу чIагIонаш йовш йолу дела (масала, Мариуполь схьяаккхарх), дуккхаъ нах оьгIазоьхуьйтуш", - аьлла хета журналистана.

Пропагадистийн тезисашца дустуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочун тIеман риторикех дуьйцуш, Шепелина билгалйоккху цхьа "къоман колорит" а, Кадыровн радикале хилар а – "керла хIума" кхоллар дика нисло цуьнан.

"[Телехьожийлехь] иштта болу шайнаш а тоаме бу царна. Оцу юкъанна, суна хетарехь, мел хIуъа дийцича а, Кадыровга цатешамца хьоьжу, 2010-чу шерашкахь ма-хиллара, суьйренан хаамашкахь иза ганне а ца гойтура – ца гойтура, Нохчийчохь хиллачу шина тIаме шайна хеттачу кепехь хьежамаш болу божарий хьуьйсучу каналашкахь. Юха а цхьацца кхерамаш бу, Кадыровх лаьцна хьовсархойн кхечу тайпа дог-ойла хиларна, йа совнахдолу хеттарш хIиттарна. Масала, хIун "оьрсийн дуьне Iалашдо" вай, нагахь санна, и къуьйсуш верг шариIатан агIонча хилча? Йа хьанна герга ду вай – Кадыровна йа Европана, хилийта иза телехьожийлехь дарстийна дуьйцу гей-парадашца йолу Европа а? И хеттарш массо а телехьовсархошна ца хета тарло даьсса", - дерзийра Шепелина.

Мел беламе ву Кадыров, цо дийриг кхардаме ма ду!

Оьрсийчохь дIаяьккхинчу "Мемориалан" кхеташонан хилла куьйгалхо Черкасов Александр адамийн бакъонаш Iалашъеш вара 1990-чу шерашкара схьа дуьйна, Кадыров Iедалан коьрте хIоттош а, иза кхуьуш а гина ву иза. Цуьнан массо а дIахьедарш Кремльна товш хир дац аьлла туьду цо, Оьрсийчоьнан коьртачу телеканалашкахь мехкан куьйгалхо цахилар. Делахь а, Москван таро яц Кадыровс мел олучунна тIехь терго латтон - "иза юхаозон тарло, амма сацор вац" аьлла, хета къамел дечунна.

ХIаъ, де-факто Кадыровна муьтIахь герзашца дуккха а вовшахтохараллаш, де-юре дацахь, - уьш оцу тIамехь дакъалоцуш бу. Амма тамаш бу-кх цхьаммо контроль латтош елахь, тамаш бу-кх цхьанна дага а дагIахь, Кадыров Рамзанан аларшна тIехь терго латтош ю", - боху бакъоларъярхочо.

Иштта хьал нисделла, Кавказ.Реалиица къамелдечунна хетарехь, Кадыровс Нохчийчохь урхалла дечу шерашкахь а, гIаттамхошна а, шен оппоненташна а дуьхьал дIаяьхьна ницкъахойн операцеш бахьана долуш а республикехь йоллу бакъо шена тIелацарна, иштта Къилбаседа Кавказехь "хьал маьрша латторан гарант" хиларна иза Москвана гергахь. Оьрсийчохь Путин Владимир дIаваьккхича, "хийца йиш йоцу политик" ву Кадыров Рамзан, билгалдоккху Черкасовс.

Оьрсийчоь Украине гIортале хьалха доьзалца хилла конфликт тIаьххьара а, уггар резонансе хиллачу информацин компанех нисъеллачу бакъоларъярхочунна Янгулбаев Абубакарна хетарехь, тIамна пропаганда еш, Нохчийчоьнан куьйгалхо телеканалашкахь вийца цалаар доьзна дац цуьнан радикале дIахьедаршца.

"Оьрсийчочоьнан хьосархошна - тIамехьа болчарна, - царна товр ду хIуъа а, къаьсттина радикале дерг. Кхузахь, суна хетарехь, Кадыров беламе хилар ду [тIамна тIехь пиар ян гIортарца], цо мел дийриг ма ду беламе!, - боху Кавказ.Реалиица къамелдечо. - ТIаьхьий-хьалхий айхьа цхьаъ дийр ду бохуш, чIагIонаш йо ахь. Масала, Киев схьяккха, [ткъа иза ца нисло], тIаккха беламе хуьлу".

Янгулбаевна хетарехь, юьхьанца Кремль "кхерам тосу факторх" санна, Нохчийчоьнан куьйгалхочух тешна хиллехь а, чугIоьртира ши кIира даьллачул тIаьхьа "массарна а хууш дара, оцу кхерамашна тIехьа хIуммаъ а доций". Аьлча а, къамелдечунна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо хIинца вац пропагандан пайден гIирс.

"ШолгIа фактор – Кадыров, суна хетарехь, дукха бехкала вахна Путинна хьалха сан ненаца хиллачунна тIехула (Мусаева Зарема нохчийн ницкъахоша бертаза дIайигира Нижний Новгорлера Соьлжа-ГIала, цигахь лецира иза, бакъоларъярхошна хетарехь, шаьш кхоьллинчу, политикан буха тIехь долчу гIуллакхехула. Оьрсийчоьхь а, дозанал арахьа а шуьйра йийца яьккхира и скандал, цхьахйолчу весрица, Чиллан-беттан юьххьехь Кадыров Москва кхайкхар а цуьнца доьзна дара.- Редакцин билгалдаккхар.). ЦIанвала таро ю цуьнан хIинца, дерриг дан а дира цо цунна: тиктокаш дIаязйора, кхайкхамаш бора, оьгIазло гойтура, шайн лаамехь нах хьийсабора, бертаза а цхьана. Амма жамIаш дац Кадыровн – даьсса дешнаш доцург", - боху Янгуобаевс.

Цундела эххар а Кремлан тешам байна Кадыровх – оцу тIехула, кхин дIа боху бакъоларъярхочо, Кадыровна билггал хууш дац, тIамехь хIун ду.

"ХIун хир ду, муьлхачу гIалана тIелетар бу – оцу планех лаьцна цуьнга ца дуьйцу. Цхьаъ багара эккхийта тарло цо. Шега цхьаммо аьллачух а доцуш, ларамза "лекхачу" ученашкахь хезнарг. Шен сонта хиларна эскаран Iалашонех дIахьедан тарло цо, йоьдучу эфирехь а цхьана", -дерзийра Янгулбаевс.

***

Охан-беттан 17-чохь оппозицин телеграм-канало видео зорбане яьккхира, хетарехь Украинан дуьхьал тIемаш бечу Нохчийчуьрчу эскархойх лаьцна. Цара дIахьедора шайлахь дуккхаъчу беллачех а, лазийначех а. Кхечу видео тIехь цхьахволу нохчийн эскархо ву 19 шо долчу Тамерланца къамел деш, цо дIахьедо, эзар стагах хиллачу шайн могIаршкахь 300 бен дийна ца висина бохуш. Дуьйцург муьлха дакъа ду, билгал ца доккху. Украинехь Нохчийчуьра ши эскархо валар бен бакъ ца дина Кадыровс.

Хьалхо Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелира Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.

Кавказ.Реалиино ма-дарра теллира, Украине гIортале хьалха стенца "гIарабевлла" Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтIахь долчу тIеман дакъойн командираш, - еша цунах лаьцна кху линкаца йолчу материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG