ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмираташкара шен шолгIа пачхьалкхалла къайладаьхьна Нурмагомедов Хьабиба – "Досье" центр


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

UFC-н хиллачу чемпионан Нурмагомедов Хьабибан шолгIа паспорт ду Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн, и къайладаьхьна цо. Цунах лаьцна хаамбина талламбаран "Досье" центро.

Журналисташа дийцарехь, информаци гучуйаьлла Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дозанхойн сайтана бинчу талламан формехь, цигахь хаа йиш йу мила, маца дехьаваьлла оцу пачхьалкхан дозанехула. Цигахь билгалдаьккхина, спортхо – ОАЭ-н вахархо ву аьлла. Оцу информацина кхин тоьшаллаш дац.

ШолгIа пачхьалкхаллех дIа ца хаийтахь, Оьрсийчохь жоьпалла тIедожадо. Журналисташна хетарехь, йа Нурмагомедовс гойтуш дац шен паспорт, йа Оьрсийчоьнан Iедалхоша бIаьргаш хьаббина. Масех бизнес-проект йу спортхочун, Оьрсийчоьнан низамашкахула, кхечу мехкан вахархо хиларе терра цунна дихкина ду уьш лелон.

Карьера йерзорца массо а UFC-н рейтингашна йакъара ваьккхира Нурмагомедов, цунах лаьцна дуьххьара дIахьедира цо лурчаха гIадужу-беттан 24-чохь, америкахочунна Гэтжи Джастинна тIехь толам баьккхича. Эшонза дIавахара иза, шен дахарехь 29-зза лата а летта. Оьрсийчоьнан Forbes журнало хIоттийначу 50 кхиамечу нахах рейтингехь хьалхарчу меттигехь вара иза. ГIирсан зерашца, Нурмагомедовна хилла пайда 12 миллион долларшкахь бу.

  • Стигалкъекъа-беттан йуьххьехь Mash телеграм-канало хаамбира, Нурмагомедов Хьабиб шен Орсийчоьнан компанеш йукъара ваьлла 306,6 миллион сом йасакхан декхар тIехь а дуьссуш аьлла. Цул совнах спортхо Туркойчу а, Эмираташка а инвестицеш хьежон воьлла. ТIаьхьо Нурмагомедовн девешо дIахьедира, и бакъ дац аьлла.
  • Нохчех схьаваьлла ийначу кепера латархо, Кадыровн гонерчех волу Чимаев Хьамзат Эмираташка дIавахна, Швецин цIарах кхин леташ вац иза. Iай Чимаев вара Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIентий лата Iамош цуьнца цхьаьна Таиландехь гинера 16 шо долу Кадыров Адам. Шайн социалан машанашкахь цхьана даьхна дуккха а суьрташ даржийра цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG