Махкал арахьа тамбоцуш лелачу бахархошца къийсам латтор бу нохчийн Iедалхоша – оцу Iалашонца Дагестанерчу полицица юкъаметтигаш дIатаса лууш бу уьш. Муха хир ю и тандем, цкъачунна хууш дац, делахь а, инициатива низамехь хилар шеконашка диллира Кавказ.Реалиино хеттарш динчу эксперташа. Бакъоларъяран органийн хила тарлун барт "зуламе бертабахар" ду элира цара, ткъа церан "оьздангаллин рейдаш" – къоман билгалонца репрессеш лелор хета.
Товбеца-бутт бовш мессенджерашкахь аудио хаам баржийра, цу тIехь Нохчийчоьнан парламентан спикеран Даудов Мохьмадчух тера долчу озаца стага боху мехкан бахархойн дозанал арахьа лартIахьдоцу лелар бахьана долуш хIуьттучу проблемех. Цуьнан дешнашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедиллина хьаькамашна а, полицина а оцу тайпа хIума сацаде аьлла.
Аудион авторо дуьйцу, "вайн лулахойн" лаккхарчу куьйгаллица къамел дина (юьйцург Дагестан йолчух тера ду. – Редакцин билгалдаккхар), царна хууш ду, Росгвардин къаьстина белхахойн, карахь цига хьовсийна бу аьлла официалан кехат делахь, бакъо хир ю "шен пляжехь леларца, къаьркъанаш моьлуш, хелхарш деш, эшарш лоькхуш, вайн гIиллакхаш, ламасташ сийсаздечаьрца къепе латтон" аьлла.
"Оха ца боху, цхьанххьа а ма гIо. Цигахь бехаш а бу нохчий. Шен гIуллакхе ца вахча ца волу, оха буьйцурш, вай юьхьIаьржа хIиттораш бу, шайн леларца вайн лулахой а цецбохуш",- дуьйцу аудио тIехь.
Кхин дIа тIедуьллу цо, "гIиллакхаш сийсаз мел дийраш цIа балабе. Бехкалабахначаьрца болх бан юкъаялор ю боху динан урхалла.
Нохчийн имамо "коьртеш даха" аьлла иштта лелачийн
И къамел хиллачул тIаьхьа маса информацин "Чечня Сегодня" агенталло хаамбира, Ставрополан кIоштарчу Пятигорскехь а, Дагестанехь а "вайнехан гIиллакхашца догIуш доцчу леларца" болу Нохчийчоьнан бахархой лоьцуш юкъаралхоша рейдаш йолийна аьлла. Мила ву оцу рейдаш юкъахь дакъалоцуш, хууш дац.
Нохчийн Iедалхой оьгIазбахийтинера, Избербашехь хIордайистехь буса Нохчийчуьра зудабераш самукъадоккхуш, кегийрхошна эшарш лоькхуш лелаш бу аьлла, мила ву цахуучу стага яржийначу аудионо. Уьш сецо а ца хьовсу Нохчийчуьра бахархой, мелхо а шаьш а бу нохчех хелхабуьйлуш, боху, инстаграмехь "ЧП.Грозный 95"юкъаралло хIоттийначу аудио тIехь.
Нохчийн имамо Хехоев Iумара массарна а хезаш кхайкхамбина, оцу кепара леачийн "коьртеш даха" аьлла.
"Кхечу къаьмнех болчу божаршца уьш хелхабуьйлучу заманчохь, нохчийн мажош йолу кегийнах куьйгаш детташ лаьтташ бу, шаьш нохчий ду а боху цара. Эхь дац, яхь яц, къонахалла а яц шуьца. Эхь ду шуна. Къоман эмгаралла а яц шуьца? Суна ца хаьа, цхьа хьакхин амалаш ю-кх, хьакха юуш лелла шу? Оццул осала муха хир ву борша стаг? ХIун эра ду, шен йиша кхечу къомах волчу стагаца хелхаюьйлучу хенахь, куьйгаш деттачух? Алийша, йа со хьераваьлла?", - боху Хехоевс шен нохчийн маттахь бинчу кхайкхамехь.
"Муьлш бу кхелахой?"
Дагестанехь "маьттаза леларна" аьлла бехкебинчу нохчашна Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца таIзар деш дац. Цундела, нагахь санна, шина мехкан ницкъахойн цхьаьна болх бан барт хилахь, цунах бертабахна зулам дар олийла ду, аьлла хета "Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхочунна Кутаев Руслана.
И болх муха бан дагахь бу, дIоггара къаьстина дац
"Нохчийн а, дагестанхойн а ницкъаллин структурийн векалшна юкъахь бина барт бу иза, кхана-лама гIуллакхаш дуьхьалдохуш, маьршачу нахана тIаьхьабийла. Хууш ма-хиллара, ахчанаш дохуш, сийсазвеш, къурд олуьйтуш доьрзу и. Цундела, со шеко йоцуш тешна ву, шаьш дол-долчахь лело импровизаци и ю аьлла", - билгалдаьккхира Кутаевс.
Нохчийн леларшца а, йа динца а догIуш дац лартIахьдоцуш лелар а, къаьркъанаш мийлар а – делахь а, юкъаралхочо ойла ян еза, мила и ву и оьздангалла хIоттош верг.
"Хаттар хIоттало – муьлш бу кхелахой? Вайна дика хууш ду, юкъараллин гIиллакх-оьздангаллин агIо лартIа ялон гIерташ цхьа а вац. [Iедалхойн а, ницкъахойн а] кхузахь кхин Iалашонаш ю", - билгалдоккху Кутаевс.
Дагестанхойн а, нохчийн а ницкъаллин структурашна юкъахь барт хила тарло, аьлла хета политологна Магомедов Мохьмадна. Цуьнан дешнашца, нохчийн ницкъахой "командировке" санна дIахьийсон мега меттигера ницкъаллин структураш чIагIъян а, юкъара къепе латтош накъосталла дан санна а.
"Хууш ду, дерриг а доьзна хир ду Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн куьйгалхойн барт хиларх. Оьрсийчоьнан административан бакъонаш талхорах долу кодекс кхеторе терра хир ду дерриг а, иза тIелацарца а, цара дендолчуьнга хьаьжна а. Шайн махкахошца бен бала хир бац нохчийн структурийн аьлла, мел а са тедо шайн Дагестанерчу ницкъаллин структураша. Ткъа практикехь и болх муха бийр бу, башха кхеташ дац", - билгалдаьккхира Магомедовс.
Юха а фальсификацих а, зуламхойн могIарш хийцарца а Iиттадала там бу вай
Бакъоларъярхочунна Янгулбаев Абубакарна го "оьздангаллин" рейдашкахь ницкъахошкахьара бакъонел совбийлар а, харцонаш лелор а. Цо иштта дIахьедина, оцу кепара барамаш къоман билгалонашца нахана тIаьхьабийларх тера ду, хууш ма ду, уьш стенггахь белахь а, нохчий бен лоьцур ма бац цара.
"Кхечу регионашкахь бина а, бехаш а болчу нохчех хIун хир ду, йа тайп-тайпанчу къаьмнех долчу дех-ненах схьабевллачара? Цкъачунна со кIеззиг теша, оцу тайпаниг Дагестанерчу МВД-ца юкъахь хир ду аьлча, нахана а гуш къаьркъа меларна а, маьттаза къамелаш дарна а, хулиганалла лелорна а жоьпалле ийзо тарло [нах]. Делахь а, юха а фальсификацих а, зуламхойн могIарш хийцарх а Iиттадала там бу вай, Москвах 2010-чу шерийн юьххьехь ма-хиллара – вайнехан хелхар хулиганалла ду бохуш, кехаташ хIиттош", - билгалдаьккхира бакъоларъярхочо.
***
Кху аьхка Нохчийчохь юха а тIаьхьабевлира, меттигерчу Iедалшна гергахь, республикан сий дойу махкара бахархой лоьцуш.
Товбеца-бутт бовш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан парламентан депутатаца Делимханов Адамца хиллачу цхьанакхетарехь тIедиллира, "лела ца хуу" махкахой цIабалор.
"Вешан цIе ларъян еза вай, забарш цхьаьнгге а йойтур яц, уьш миччахь хиларх, мел чIогIа беза нах уьш хиларх. Лела ца хаахь, цIа а балийна, швабрица горгамаш хьоькхуьйтур ю вай цаьрга", - дIахьедира Кадыровс.
И хилира, Дагестанера веана нохчо къаьркъа а мелла, туьканахь харцахьа леллачул тIаьхьа. Дукха ца Iаш, шена къинтIера бехира цо оьрсих лаьцна ша аьллачунна а, Украинехьа гIо дохуш, лозунгаш далорна а.