ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ЦIена нохчийн цIий". ХIун дуьйцу керлачу низаман проектан Нохчийчуьрчу авторша?


Кадыров Рамзанан инаугурацехь. Соьлжа-ГIала, ГIадужу-беттан 5-гIа, 2021 шо
Кадыров Рамзанан инаугурацехь. Соьлжа-ГIала, ГIадужу-беттан 5-гIа, 2021 шо

Нохчийчоьнан парламенто лаам къадийна Пачхьалкхан Думехь, зулам дина стаг хьахош, иза схьаваьлла къам довзийтар дехка деза, аьлла. Республикерчу Iедалхошна хетарехь, оцо цим тосу къаьмнашна юкъа. Нохчийн парламентареша чIагIдарехь, къомах я динах дозуш дац стага дина зулам. Делахь а, Нохчийчуьрчу Iедалхоша шаьш кест-кеста хьхадо шайн оппонентийн къам, я дозаллица билгалдоккху шайн цIий цIена хилар. Ишта масалш дагадохкуьйту Кавказ.Реалиино.

2019 шарахь Нохчийчоьнан министрийн кабинетан цхьана кхеташонехь Кадыров Рамзана буьйцура гIодоьхуш хуьлу махкара бахархой. Теллича, бохура, оцу наханна гIо дина карадо, хIума оьшуш бехаш а ца хуьлу.

"Шайн цIенна хьалхара яраш дIа ца яхало шуьга. Оцу хьелашкахь еха зуда, басарш а хьокхий, и яраш дIаса а тоттий, шен гIуллакхе йоьду. Ас боху, со дика ойла йолуш веъна, сайгара вон дош долуьйтур дац ас. Амма цIий цIена долу нохчий лелар бац ишта", – дIахьедира республикан куьйгалхочо.

Кадыровга гIодоьху нах харцлерца Iорабахар диллина а лаьтта Нохчийчохь. Оццу видео чохь цо вуьйцура, шен гIо ца до бохуш, леткъа цхьа заьIапхо а.

"Оха цунна йиъ чоь йолу петар елла, гIудалкх а, ахча а делла. Хьо цомгуш хиларна тхо дац бехке. Оха цунна социал дIадала деза – кхин тхо хIуманна а декхаре дац", – бохура Кадыровс.

ТIаьххьарчу талламаша гойту Нохчийчоь алапаш эцарца Оьрсийчоьнан регионашлахь 80-гIачу меттехь хилар. "Лидерашлахь" ю иза белхазаллица а.

"ЦIий цIена нах"

2014-чу Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, еха мажош а лелош, мекхаш дашар, доца хечийн когаш лелор – иза вахьабизман битам бу, Нохийчохь доцу маззап нохчашна лело магош дац, аьлла.

"Дин лардеш, Iалашдеш белла сан дедай, иза хьоьхуш, шун дедай а санна. Вай цIий цIена нах ма ду, иза цIена латтийта а ма гIерта!", – аьлла дара Кадыров Рамзана хIетахь дина тоьшалла.

Адамийн бакъонаш ларъечу “Мемориал” центро (Оьрсийчоьно иза арахьара агент лору, "Мемориал" реза яц оцу статусна. –Ред.) дIакхайкхийра, и кхеташо чекхйоллушехь "хатI нийса доцу" нах леца болийна Нохчийчохь, аьлла.

"ХатI нийса доцу" кегийнах лоьцуш бу, полицин гIишлош чохь мажош йошу церан, цул тIаьхьа дIахоьцу", – яздора бакъонашаларъярхоша.

Вайн пхенашца лела вайн дайн цIена нохчийн цIий! Вайн дегнаш чохь ю Ахмат цIе!!! АллахIу Акбар!

Тамашена делахь а, футболан "Терек" клубан цIе хуьйцучу хенахь а хьахийра "цIена цIий" махкарчу Iедало. 2017-чу шарахь "Ахмат" цIе тиллира оцу клубах. Иштта лаам кховдийна футболан фанаташа, бохура. Клубан президента, Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада дош делира лаам листа, хьахийра шен дай а.

"Социалан машанашкахь жигара дийцаредо иза. Тхо декхаре ду и дехар зен. Кхеташоно сацор ду иза, кIоргга ойла а йина, ерриг а башхаллаш а теллина”, – бохура Даудовс. Шен инстаграмехь яздира Даудовс: "Вайн пхенашца лела вайн дайн цIена нохчийн цIий! Вайн дегнаш чохь ю Ахмат цIе!!! АллахIу Акбар!"

Нохчийчохь массийтта бIе объект мехкан куьйгалхочун фамили лелош. Кхо бIе сов ду деккъа цхьа урамаш Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчийн а цIерш техкина. ДIадахначу кIиранах Кадыров Ахьадан цIе тиллина полицерчу лерринчу ницкъийн декъанна. ХIинца и тайпа ю цIерш дуккха а: СОБР "Ахмат", ОМОН "Ахмат-Грозный", ОМОН "Ахмат-Крепость".

Нохчийчохь гей-нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" бинчу талламца доьзна регионан куьйгалхочуьнга Кадыровга дуккхазза а хеттарш до, цо хIоразза а олура, республикехь бац гей-нах. Малхбузерчу HBO телекомпанина интервью луш 2017 шарахь Кадрыровс аьттехьа а ца дитира махкахь гомосексуалисташ бу боху къамел.

"Белахь, дIабига уьш Канаде, Далла бу хастам, тхох гена баха, тхан цIий цIандалийта", – бохура мехкан куьйгалхочо.

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-маша"цхьаьнакхетаралло (арахьарчу агентийн реестер язйина ю иза. – Ред.) чIагIдарехь, деккъа цхьана 2020 шарахь Нохчийчуьра оцу хьукмате арз хьажийна 74 стага. 200 гергга ЛГБТ-нах бевдда цигара деккъа цхьана 2017 шарахь.

"Кхачамбацар дIадаккхар дац иза - моттаргIа ю"

Конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а центран директорна Сокирянская Екатеринина хетарехь, ша вон яц зулам динчун къам прессехь цахьехорах долчу низаман проект, амма кхин агIо а ю цуьнан. Зулам динчух йолу информаци хIоразза а къовлуш хилча, мел динчу зуламан да кавказхо ву моьттур ду наханна.

"Нах оьгIазбоьлху, шайх цхьаъ лечкъадо, олий, шайггара тIекхуллу", – боху бакъонашларъярхочо. Къаьмнийн барт бохош, дин сисйсаздеш болу прессин хаамаш литта беза, бехкечарна таIзар дан а деза, ца оьшу керла низам арахеца, боху цо.

Кхузахь бан безарг боккха кхетош-кхиоран болх бу, стереотипаш ю дIаяха езарш

Къилбаседа Кавказан эксперт, социолог Стародубровская Ирина ца теша прессехь зуламхо схьаваьлла меттиг цайовзийтаро пайда бохьур бу бохучух. Кавказхошна тIекхоьллина йолу стереотип ю йохо езарг, ша низамо хIумма а хуьйцур дац, карор ду наханна дийца, боху цо

"Iиттарш яр лаьттар ду, уьш наханна кхеташ а хир ю. Кхузахь бан безарг боккха кхетош-кхиоран болх бу, стереотипаш ю дIаяха езарш, проблема иштта ца хуьйцу, низамаш тIеэцар - иза моттаргIанаш бен яц", – чIагIдо социолога.

Популизм ю низам юкъадаккха гIертар, Кавказехь атта бо дегабаам цхьамма дина зулам цигарчу наханна я динна тIедаьхьча, боху цо.

"Оцо [керлачу низама проекто] Нохчйчуьрчу хьаькамийн цIе язъяррий бен, кхин хIума лур дац", – аьлла хета цунна.

Керла дехкар юкъадаккхар доьхуш низаман проект чуелла Нохчийчоьнан парламенто Лахьан-беттан 11-чохь. Пачхьалкхан Думехь чуделла кехат тидаме даьккхира ши кIира хьалха. Зулам динчу стаг муьлхачу къомах ву билгал цадахар доьху цо.

"Доьхкуш ду зуламна бехкеболучийн къам, дин хаамийн гIирсашкахь, информацин-телекоммуникацийн хьасташкахь билгалдаккхар", – аьлла ю Пачхьалкхан Думин сайто йовзуьйту проектан текст.

"Шайн ойла шуьгахь ян а яц"

Низаман проект чуяла даьлла бахьана дара Керлачу Москвахь Лахьан-беттан юьххьехь дина тIелатар. Дов даьллера меттигерчу вахархочун веа стагца – прессех уьш кавказхой бу, бохура. ТIаьхьо билгалделира, тIелеттарш Азербайджанера баьхкина кегийрхой хилар.

Оцу хааман башхаллашгучу а йовлале пачхьалкхан RT телеканалан куьйгалхочо Симоньян Маргаритас дIахьедира телеграм-каналехула, "Кавказан къоман наханна" хоуьйтур ду хIусаман да мила ву – нийса а хоуьйтур ду".

"Суо тIеънарг а, "Кавказан къоман нахах" а хиларе терра боху ас", – билгалдаьккхинера Симоньяна.

Оьрсийчохь массеран а хила еза бакъонаш цхьабосса, я пачхьалкх къепедацаршна а, анархина а юьсур ю

Нохчийчоьнан куьйгалочо Симоньян бехкейира оьзда цалеларна, "хайп лаца" гIортарна. Амма тIаьхьо цо шен телерам-каналехь яздира, ша барт лехна RT каналан директорца, дов кIарг ма де, аьлла.

Юкъараллерчу жигархоша, политикаша, федералан телеканалийн кхечу векалша критика йира низаман проектна. Кадыровс тIаккха керла пост хIоттийра социалан машанехь – низаман проект цатайна "тайнигех доладеш волчунна", амма ца яьккхира цхьаьнан а цIе.

"Шайн ойла шуьгахь ян а яц, хиндерг гуш дац шу, патриотизм яц шуьца, ца гатдо аш Оьрсийчохь оьзда, цIена мел бехачийн ойла. Ца хуьлучу даьлча, Оьрсийчохь массеран а хила еза бакъонаш цхьабосса, я пачхьалкх къепедацаршна а, анархина а юьсур ю", – бохура шен критикашка Кадыровс.

Керла дехкар прессина юкъадаккхарна дуьхьал хилира шайн къамелашкахь Пачхьалкхан думан депутаташ, Оьрсийчоьнан Цхьаалла партера Затулин Константин а, Попов Евгений а, президентан гонехь адамийн бакъонаш ларъечу кхеташонан декъашхо Меркачева Ева а, политик-журналист Шевченко Максим а. Шаьш сийсаздан дан гIерта Кадыров, бохура цара.

Нохчийчоьнан парламенто кечйина низаман проект маца луьстур ю Думехь хууш дац. Цкъачунна документ толлуш ю Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу палатин информацин, политикан, технологийн , зIенан комитет.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG