ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моллица забарш ян кхераме ду Туркойчохь


Туркойчоь -- Дуьненна а вевзаш волчу туркойн пианистана Сай Фазилана тIехь кхел ярна реза боцу нах гулбеллера Истанбулерчу кхелана хьалха, "Тхо хьоьгахьа ду" аьлла, баннер а карахь, 18ГIад2012
Туркойчоь -- Дуьненна а вевзаш волчу туркойн пианистана Сай Фазилана тIехь кхел ярна реза боцу нах гулбеллера Истанбулерчу кхелана хьалха, "Тхо хьоьгахьа ду" аьлла, баннер а карахь, 18ГIад2012

Дукха хан йоцуш молла кхойкхуш волу муэдзин дукха сихвелла а хетта, цунах лаьцна Твиттерехь забар йинера вевзачу Туркойчура пианисто Сай Фазила. Цу кепара цо дин сийсаз дина аьлла, кхеле озийна иза Iедалша. Нагахь пондарчин бехк хилар тIечIагдахь, цхьа шо ах шо хан тоха мегаш ю цунна.

Линкана тIе
ХIара пондар локхуш верг Туркойн махкара вевзаш волу пианист Сай Фазил ву. ПохIма долуш хиларна цо пондар лекхна Нью-Йоркерчу филармонин а, Берлинерчу симфонин а оркестршца. Сай Фазил цхьана муьрехь Евробертан цIарах културан векал хилла а ву.

И бахьана долуш йоццучу хенахь шен цIахь, Туркойчохь, вевзаш а, лоруш а стаг хилла дIахIоьттира иза. Амма тахана иза похIма долу Сай вац. Иза ву туркойн Iедалийн тидам тIебахана стаг. И тидам боьзна бу динах лаьцна ларам боцуш цо йоза дина бохучух.

42 шо долу артист Истанбулерчу кхелана хьалха хIоьттира даханчу Еарин дийнахь (ГIадужу-беттан 18-чу дийнахь). Цунна бехке диллинарг ду, хьул а ца деш, дин сийсаздар. Нагахь суьдо Сай бехке ву аьлла, сацам бахь иза чувуллур ву, цхьа шо ах шо хан а тоьхна.

Еарин дийнахь Сай Фазила тIецалецира шена буьллуш болу бехк. Цо дийхира кхелахошка ша бехказа ваккхар. Амма, сацам бечу метта, суьдхоша тIаьхьатеттира кхел яр тIедогIучу шеран Чиллан беттан 14-чу дийне.

Сай Фазил кхеле озоран цхьа бахьана ду - Твиттерехь йитина йолу забар. 22 секундехь бен дахделла доцу молла кхайкхар шена хезча, цо Твиттер агIон тIехь забар йинера: «Цу бесса сихвала хIун хьашт ду? Чохь хьожуш тIехьийза йоI-м яц те, я боьттина лаьтташ кад бу те хьожуш»?

Диндайшна ца тайна молла кхайкхарца цу тайпа забар яр. Амма, Сай Фазилан агIончашна хетарехь, кхузахь дуьйцуш дерг дин хилла ца Iа, юьйцуш ерг ю дешан маршо. Пианистана дуьхьал схьадиллина дов нийса дац аьлла, нах гулбеллера Еарин дийнахь Истанбулерчу кхелана хьалха. Царна юкъахь яра туркойн махкара схьавяьлла немцойн политик Дагделен Севим.

Дагделен Севим : «Тхуна хетарехь, хIара гIуллакх шена хетарг алар йолчу маршонна дуьхьал хьажийна ду. Цундела ву со кхузахь. Сайна цунах дакъа кхочуш хилар гайта веана со».

Сай Фазилана тIехIиттина болу нах реза бац махкахь яздархой а, журналисташ а, културан белхахой а кхеле ийзош хиларна. Венерчу прессан дуьненаюкъарчу институтан куьйгалхочуьнан когаметта ву Миллс Энтони. Цу кепара нах кхеле ийзош хиларо гойтуш ду, Туркойчохь кхелан системина реформа ян езаш хилар бохуш, дуьйцу цо.

Миллс Энтони: «Хуьлийла иза, Iедалан кеп исламан чулацам болуш хиларна, хуьлийла иза, Туркойчоьнан терроризмаца доьзначу низамашца доьзна, амма иза хуьлуш ду дукха шуьйра низам тига йиш хиларна. Карарчу хенахь 70 журналист ву Туркойчоьнан набахташкахь. Уьш массо а, я массо а ала мегар долуш, чубоьхкина бу, терроризмана дуьхьал долу низам бухе а диллина».

Миллса дийцарехь, терроризмах лаьцначу низамца а догIуш, журналист чуволла аьтто бу цо эскархочуьнца интервью кечъяхь а.

Даханчу кIирнах Евроберто пресса маьрша хиларх лаьцначу шен рапортехь критика йира Туркойчоьнна, цо юх-юха а маьрша хила йолу бакъо а, нийсонца кхел хилар йолу бакъо а, шена хетарг ала йиш хиларан бкъо а кIоршаме хьоьшуш хиларна.
XS
SM
MD
LG