ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь дIалецначу тобан куьйгалхочун цIе яьккхина Кадыровн критико


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Туркойчохь дIалаьцна виъ вахархо Оьрсийчуьра ву аьлла, туркойн хьасташа дIакхайкхош Iораяьккхина информаци тIечIагIйина Маршо Радиоца хиллачу къамелехь нохчийн оппозицин блогеро Халитов Хьасана. Талламна хетарехь, Туркойчохь бехачу нохчийн оппозиционерашна тIелата кечам а беш, герз оьцуш хиллера цара оцу Iалашонна.

"Ас тIечIагIдо, лаьцначу ялх стагах виъ нохчо хилар. Оцу тобанан куьйгалхо Расаев Беслан хилар а. Тхуна хьалхе дуьйна хууш дара царех лаьцна, хIинца туркойн прокуратурано а тIечIагIди-кх", - аьлла Халитовс.

Sabah газетан хаамашца, талламна хетарехь, лецнарш Оьрсийчоьнна болх беш хилла. Цаьрга кховдийначу артиклашца набахтехь даккха 15 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу царна. Оьрсийн векалалло а, арахьарчу гIуллакхийн министралло а цхьана а кепара хиллачух хьахош дац.

Хьалхо, меттигерчу диспорана тIетевжина, Кавказ.Реалии портало хааме даьккхира, шеконашка эгнарш бузуш бу шина стагана йинчу кIелонца аьлла: блогерна Халитов Хьасанна а, Шемарчу нохчийн цхьахйолчу жихIадхойн командирна Ажиев Рустамна а. Гезгамашин-беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончана Истамбулехь тIелатарна бехкевора и шиъ.

Истамбулан Къоман иччархойн организацино а, полицин терроризмаца къийсам латточу Урхалло ГIадужу-беттан 9-чохь лецира арахьарчу мехкашкара ялх вахархо, шпионаж лелош хилла аьллачу шеконашца. Оьрсийчуьра ву виъ, Узбекистанера а, Украинера а ву цхьацца.

Гезгамашин-бутт бовш Туркойчохь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана бехкевира Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, шен гергарчарна бакъоларъяран органийн белхахочун Арсанукаев Ахьмадан наха чIир кхайкхорна. Делахь а, Халитовс Европехьчул а шена Туркойчохь атта ду боху ша а, шен доьзал а Iалашбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG