ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь Нохчийчуьра 40 вахархо велла боху хаамаш бакъ ца бина


Туркойчуьра Диярбакырехь мохкбегийначул тIаьхьа херцаршна бухахь нах лоьху, 2023 шо, чиллан-беттан 6-гIа
Туркойчуьра Диярбакырехь мохкбегийначул тIаьхьа херцаршна бухахь нах лоьху, 2023 шо, чиллан-беттан 6-гIа

Туркойчохь мохкбегийча 40 нохчо велла бохуш йаьржина информаци, тIе ца чIагIйо. Нохчийн диаспоран векало Висхаджиев Iелас аьлла Кавказ.Реалиига, херцаршлахь нохчий белла боху хаам бакъ бац. "Цкъачунна цигахь нохчий белла боху информаци цхьаммо а тIечIагIйина йац. Оцу меттигашкахь мохкбегийна маса стагана зулам хилла хаа гIерта тхо, амма нохчех лаьцна хаам бац цкъачунна", - билгалдькккхина Висхаджмевс.

Кавказ.Реалии редакцица къамелдинчу Истанбулехь а, Шемаца дозанехь бехачу нохчаша а иштта тIе ца дитира махкахой балар.

Нохчийчоьнна а, Къилбаседа Кавказана а лерина йозйечу масех пабликаша а, телеграм-каналаша а чиллан-беттан 6-чохь Iуьйранна хааме даьккхира, Туркойчохь мохкбегийча 40 нохчо велла бохуш. Стенгахь хилла бу бохам, дуьйцуш дацара баржочу хаамашкахь.

Туркойчохь мохбегийначул тIаьхьа дIасакхехьийтина хаам
Туркойчохь мохбегийначул тIаьхьа дIасакхехьийтина хаам

Свобода Радионо хаамбарца, Туркойчохь чиллан-беттан 6-чохь дийнахь шозза мохкбегийна – 7, 7 магнитуда йолуш Iуьйранна а, 7, 6 магнитуда йолуш делкъа хан хуьллуш а. Цхьа эзар ах эзар стаг велла аьлла бу хаамаш, меттигерчу хьаькамаша дийцарехь, кхин а алсам хила тарло уьш. Кхин а 221 стаг велла оппозицино контроль латточу Шеман дозана тIехь. Дийнахь мохкбегийча байинчех информаци гучуйаьлла йац.

ЧогIа мохкбегийна Ливанехь, Ливихь, Гуьржийчохь, Эрмалойчохь, Кипрехь. "РИА Новости" агенталлин хаамашца, мохкбегор хааделла иштта Къилбаседа-ХIирийчохь а, Къилба ХIирийчоь аьлла шаьш дIакхайкхийначу республикехь, Нохчийчохь а.

Хеттан паччахьалла долчу хенахь йина, Риман а, Византин а империн заманахь юхайина гIап йохийнера мохкбегийча Газиантепехь. Шемахь йохийна, Дуьненаюкъарчу Юнескон тIаьхьенан тептаре йазйина хилла Алеппон цитадель.

  • Мохбегийча зенаш динчу Туркойчоьнна гIо дийр ду аьлла 45 пачхьалкхо, Евроберто а, НАТО-хь а, хаамбина Эрдогана. ГIо дийр ду аьллачарлахь ю Оьрсийчоь а, Украина а. Масех дуьненан мехко, Оьрсийчоьно а, Германино а, Францино а, ГIажарийчоьно а гIо дийр ду аьлла Димаьшкъана.
  • Европан Дуьненаюкъарчу сейсмологин центран хаамашца, дуьххьара мохбегор доладелла цхьа миллион сов адам дехачу Газиантеп гIалина гергарчу 20 километар лаьттабухахь. ШолгIаниг 10 километар, Эльбистан гIалина къилбехь. Ший а гIала Туркойчоьнан къилбехь ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG