ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан къилбаседехь хи дистина: мел лахара а 44 велла


Марсхьокху-беттан 14-чохь бинчу хаамашца, Туркойчоьнан къилбаседанехь хи тIедаьлла, бохам иккхина велла мел лахара а 44 стаг, яздо Настоящее Время телеканало.

Ерриш а йоьхначу гIишлойн цIенош а, херцарш а толлуш ю орцанхоша кхин дIа а. Пачхьалкхан къилбаседанерчу провинцешкарчу Iаьржачу хIордан кIоштахь хи деста доладелира дахначу кIиранах даккхий догIанаш делхарна. Къаьсттина даккхий зенаш хилла Кастамону провинцин Бозкурт гIалина. Оцу цхьана провинцехь велла 36 стаг.

Бозкуртехь хи тIедаьлла дохийна цIенош
Бозкуртехь хи тIедаьлла дохийна цIенош

Кхин а ворхI кхелхина Сином гIалахь, - цхьаъ - Бартынехь.
Ши эзар сов вахархо кIелхьарваьккхина хи буха воьдучуьра.

Бозкурт
Бозкурт

Хьалхо кху кIиранах Туркойчоьнан Iедалша хаам бора, гоьевллачу курорташна гергахь тийса юьйлаелла цIераш эххар а дIаяйа аьтто бели шайн аьлла. Оцу цIерашкахь велла исс стаг, юьртабахаман кIошташна хаъал зенаш дира.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG