ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Туркойчоьнна Кадыров манкурт ву". Нохчийчоьнан куьйгалхочо юха а кхерамаш туьйсу Эрдоганна


Эрдоган а, Зеленский а, 2022-чу шеран Чиллан-беттан 3-гIа де
Эрдоган а, Зеленский а, 2022-чу шеран Чиллан-беттан 3-гIа де

Лазийна болу Мариуполь ларйийраш катакомбашкара кIелхьарабахар хьехна долу Туркойчоьнан Iедална дуьхьала эмоциалан пост арахийцира Кадыров Рамзана, Анкарана оьрсийн бусулбачийн реза ца хиларца кхерамаш а тосуш. Политик динан барамашна тIетовжу.

Шен телеграмерчу каналехь Кадыровс билгалдаьккхира, "Азов" полкан тIемалой Украинехь а, цул арахьа а "саццанза исламан синмехаллаш сийсазъеш а, дерриг ислам динах кхаьрдаш а дIахьедарш дарца" бевзаш бу аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо "ислам дин бехдечаьргахьа", "киллершкахаь, делах ца тешачаьргахьа" гIодаккха гIертарх ларвалар хьехна туркойн президентана Эрдоганна, иза Оьрсийчуьра уммано вуно шога тIелоцург хиларна.

Эрдоган Реджеп Тайипе нохчийн политико хIара дина дIахьедар дуьххьара дац. 2021-чу шеран ГIуран-баттахь туркойн Кёрфез гIалахь къобалъянза Ичкерин дуьххьарчу президентан, генералан Дудаев Джовхаран цIарах парк йиллича цо "харжам бе" элира, "дуьхьалонан гIуллакхаш дарца кхерам а тосуш" – валлалц хан токхуш волу курдойн сепаратистан Олджан Абдуллан иэс Соьлжа-ГIалахь бIешаре яккхарца. Цул хьалха а, цул тIаьхьа а Кадыровс масийттаза хьахавора Эрдоган, амма ларамечу кепехь.

Исламна тIетовжа мегар дац

Зазадоккху-беттан 10-хь Туркойчоьно тIом болабелчхьана дуьххьара Украинан а, Оьрсийчоьнан а тIеман министрийн Кулеба Дмитрийн а, Лавров Сергейн а дийцарш дар вовшахтуьйхира. Оцу цхьанакхетаро сатийсина долу жамIаш ца делира, амма дукка хан ялале президентан Эрдоганан куьйгаллехь Стамбулехь кхин а цхьаъ дуьхьала лаьттачу агIонийн векалийн цхьанакхетар хилира.

Малхбузенан альянсо а, НАТО-с а сатуьйсу, тIамо а, экономикан санкциша а Оьрсийчоьнан ресурсаш кхачорг хиларе, Путин Iедалх а воккхуш, аьлла хета Стамбулерчу Коджали университетан дуьненаюкъарчу юкъаметтигийн декъан куьйгалхочунна, политологна Ифран Кайа Ульгерна. Оцу хьелашкахь Туркойчоьнна хьийхира, цхьана агIора, конфликт а, герз кхийсар а сацош, дипломатикан гIуллакхаш дар самса дахар а, кхечу агIора – Мариуполехь нисбеллачу тIемалошна эвакуаци еш юкъаметтиг лелор а.

"Оьрсийчоь официалан тIегIанехь реза яц оцу кхайкхамна кхоччуш жоп дала. Амма кхеташ ду, шен долахочун позици а, оцу пачхьалкхан болу хьежамаш а Кадыров Рамзана дIакхайкхийна хила тарло. Кадыров – иза Оьрсийчоьнан интересаш хьалхатоьттуш, шен къоманна луург тидаме ца оьцуш куьйгалхо ву. Цо "Азован" тIемалойн хIокъехь динчу дIахьедарша новкъарло йийр яц Туркойчоьнна машар дIахIоттош ницкъ тIебахийта. Туркойчоьнна диалог д1аяхьа партнер а ца хета иза", - билгалдоккху Ульгера.

Оцу хаттарехь сийлахьчу исламан кхетамаш Кадыровс лелор нийса дац, хIунда аьлча, ислам дин, уггара хьалха, харц тIемашна дуьхьала ду. Оьрсийн Федераци агрессоран вастехь ю. Шен махкана тIелеттачунна дуьхьало йар исламан хьежамашца догIуш ду, билгалдоккху политико. Амма исламан хьежамашна тIетовжу Кадыров, къизалла а, сийсазалла, тIеман зуламаш къобалдархьама. Динан хьежамех пайда а оьцуш, украинхошна тIехь ницкъ латтор низамца догIуш ду бахар магийна дац, тIетуху эксперта.

Ирфан Кайа Ульгера билгалдоккху, таханлерачу Нохчийчоьнан куьйгалхочун дас Кадыров Ахьмада а леладора иза, шен хенахь Кремлехьа дехьаволуш.

"Вевзаш волу киргизхойн яздархочо Айтматов Чингиза "БIешарал дахлур ду де" шен романехь къаьсттина билгалъяьккхина и концепци. Шен къоман, динан интересашна дуьхьала лаьтташехь, оьрсийн интересаш хьалхатоьттурш туркошна манкурташ а, шайн орамех дIахеддарш а хетар бу. Кадыров Рамзан а ву манкурт, туркоша а, Туркойчоьно а баккъал а чоьте ца оьцу и стаг", - дерзийра къамелдечо.

Туркойчоьнан гIорана Москван лаамаша доза туху

Геополитикан тIегIано а, дуьненаюкъарчу аренехь йолчу позицино а, Оьрсийчоьно а, Украино а дийцарш дарехь юккъаралла лелон аьтто ло Туркойчоьнна, боху Украинан стратегин талламийн Къоман институтан белхахочо Замикула Николайс.

Туркойчоьнах лаьцна дIахьедарш деш Кадыров динца доьзна тоьшаллаш дахкон гIерта. Амма цуьнан моралан а, динан аспекташна тIетовжар кхачам боцуш хуьлу, боху Замикулас.

"Кадыровс баккъала а ша Делах тешаш стаг санна гайта гIертахь а, цуьнан тIемалоша Украинехь хилла а ца Iаш, шайн къоманна тIехь лелочу харцоне хьаьжча вайна гучудолу, дино хьоьхург цара шатайпа кхетош хилар. Зазадоккху-баттахь машанехь гучубелира азербайджанхочо Кадыровга а, кадыровхошка бина кхайкхам. "Азовсталехь чубоьхкина тайп-тайпана дин лелон нах бара", - билгалдоккху украинхойн эксперта.

Замикулас иштта дагадоуьйту азербайджанхойн студентах Абдуллаев Гусейнах лаьцна, иза кадыровхоша Iазапехь латтош хиллера – жима стаг кIелхьараваккха аьтто хилира президент Алиев Ильхам юкъагIоьртича.

"Цундела Кадыровн йанне а бакъо яц бусулбачу динан къинхетамна, йа моралан низамашна а тIетовжуш къамелаш дан. Оцу гIуллакхо гойту, баккъала а Делах ваьлларг мила ву", - дерзадо эксперта.

Путин гуманизмехьа верзор

"Кавказан къаьмнийн Ассамблейн" куьйгалхо Кутаев Руслан а реза ву, Кадыровс бохург туркойн куьйгалло цхьанне агIор дийцаре дуьллург ца хиларх.

"Эрдоганан тоъал юххера, тешаме юкъаметтигаш ю Путинца. Цо цкъа а ца лечкъадора иза, йа эхь хеташ ца лелара. Оцу хеначохь Туркойчоь массочу ханна Украинан цхьаалла ларъярехьа йара. Суна хетарехь, Мариуполехь долу хьал а, дерриг тIеман дов а листархьама Эрдогана дукха белхаш до", - билгалдоккху къамелдечо.

Кутаевс дIахьедо, "азовхоша" а, Украинан куьйгалло а Израиле, Туркойчоьне, Папа Римскийга а орца дийихира, хIунда аьлча, катакомбашна чубоьхкинчарна юкъахь христианаш, иудейш, кхиндолу дина векалш а хиларна, иштта цо билгалдоккху, бусулба динехь гуманизм вуно лакхарчу тIегIанехь Iуьллу, къаьсттина, хийрачу, лазийначу наханна хьокъехь.

***

Делахь а "Азовн" тIемалой заводан дозанера арабевлира. Оьрсийчоьнан тIеман министралло чIагIдарехь, оршотан-дийнахь "Азовсталера" араваьлларг 959 стаг вара. Оккупаци йинчу дозанашка дIабигира уьш, оьрсийн агIоно бахарехь, дарбан хIусамашка а, колонешка а. Украинан тIеман министраллин гIовсо Маляр Аннас дIахьедира, хийцаран процедурехула уьш шайн махка юхабоьрзург хиларх.

Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртинчул тIаьхьа баьллачу баттахь тIамах лаьцна бIеннаш гергга арахецарш дина Кадыровс шен телеграм-каналехь. Царна юккъехь цо масийттаза кхерамаш тийсина Украинерчу тIемалошна а, мехкан куьйгаллина а. ТIеман тийсадаларшца йоьзна шортта цуьнан посташ хIиттийна фейкаш ю элира эксперташа. Политологаша бахарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхо жигара лелаво оьрсийн пропагандо кхерамаш тийсаран дакъалг санна, ткъа ша Кадыров шена пиар еш хьийза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG