ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сталин дагалоцуш турнир хилла Орел-гIалахь


Оьрсийчуьрчу Орел гIалахь Сталин Иосиф кхелхинчу Зазадоккху-беттан 5-чу дийнахь зударийн тобанашлахь мини-футбол дIаяьхьна. Сталин дага а лоцуш, футболан турнир цу дийнахь дIаяхьаран инициатива хьалхатеттира меттигерчу КПРФ-н декъашхоша.

1920-чу шарера схьа 1953-чу шарахь ша валлалц Советан Iедалан коьртехь лаьттина Сталин. КIирандийнахь КПРФ-н жигархоша баьччан кошатIе зезагаш дехкира. Партин лидеро Зюганов Геннадийс а дакъалецира оцу акцехь.

«Левада-центран» тIаьххьарчу таламашца, Сталинах «баккхийбечийн», «ларамбечийн», «безамболчийн» терахь оьрсашлахь 50% ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG