ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тутмакхийн элана" Шалинский Ахьмадна ультиматум кхайкхийна


Юккъерниг Домбаев Ахьмад (Шалинский Ахьмад), Прайм Крайм порталан сайтера эцна сурт

Карарчу беттан 2-3-чу дийнахь Афинашкахь хиллачу "тутмакхийн эланийн" цхьаьнакхетарехь ультиматум кхайкхийна криминалан гонашкахь Шалинский Ахмед аьлча вевзаш волчу Домбаев Ахьмадна, 150 миллион сом цо шена дитина аьлла. Хаам барехь, къуй мел тIаьхьабовларх а, цаьрца зIене ца ваьлла Домбаев. Цуьнца йоьзначу регионашка а цхьаьна дIакхайкхош, цуьнгахь хилла бакъонаш дIаяьхна.

Шалинский Ахьмаде кховдийначунна тIетайна иштта нохчийн криминалан авторитеташ – Седой Гилани а, Саратовский Тимур а.

Болчу хаамца, Шалинскийн цIарах ахчанаш оьхуш хилла Челябинскан а, Свердловскан а, Новосибирскан а, Кемеровон а, Волгоградан а, Ставрополан а мехкашкара. Оцу регионашкара тIаьххьарчу хенахь цо гулдинарг ду дерриг, мел лахара а, ши миллион доллар. Ткъа, дийцарехь, юкъахь оьшучу хьашташна ахча луш ца хилла цо.

Шалинскийс даредо, шега цхьаьнгара а ахчанаш кхьачна дац бохуш. Ткъа ахчанца доьзна шена дохку бехкаш, иштта Москвахь а, Нохчийчохь а 150 а, 300 миллион долларна эцна петарш, Шалинскийс чIагIдарехь, цо "чувоьллина хан токхучу заманчохь, къа а хьегна, даьккхина ду".

  • Нохчийчуьрчу Шелара ву Домбаев. Москварчу тIеман кхело талораш дарна 2011-чу шарахь набахтехь яккха 10 шо хан туьйхира цунна. Хан текхна цо Къилбаседа ХIирийчохь, Оренбурган а, Челябинскан а мехкашкахь. Маьршаваьлла, Нохчийчу юхавеана 2019-чу шарахь.
  • Набахтера мукъаваьлла дукха хан ялале Домбаев Москва дIавахара ваха. Цо даймохк дIатасале дара Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шен ларам бац " тутмакхийн низамашка", " тутмакхийн элийн" шайн Нохчийчуьра гIуллакхаш дита дезар ду аьлча.
  • 2020-чу шеран Марсхьокху-баттахь Къилбаседа ХIирийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, Домбаевна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна шаьш цо криминалитетан тIегIанашкахь лаккхара "дарж" шена тIеэцарна, аьлла. Талламо бахарехь, цунна "тажтиллина" иза БуьритIерачу №1 колонехь хан йоккхуш волчу шерашкахь.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG