ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телехьожийлашка шеконца хьоьжу Нохчийчура бахархой


Телехьожийлаша дуьйцучух ца теша Нохчийчура бахархой
Телехьожийлаша дуьйцучух ца теша Нохчийчура бахархой

1998-чу шарахь Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарла Ассамблеяно дIакхайкхийра 1996-чу шарахь Дуьненан Телевизионан форум хилла Лахьан-беттан 21-ра де, Дуьненан Телевизионан Де хир ду аьлла.

Пахьалкхашна хьехам бира Ассамблейно и де дазде машарна а, кхерамазаллина а, экономикана а, социалан дахар кхиарна а, вовшен култура йовзарна а хьажийна йолу телепрограммаш дIаса а йохьуьйтуш аьлла.

И де даздан долийна дукха хан яцахь а, телевизионан истори йолаелла 100 шо гергга хьалха. Электронан зIенарех пайда а оьцуш, сурташ дIасадаларан хьалхара зераш дIадуьйладелира 1920-гIа шераш долалуш Iамеркехь а, Японехь а, Советан Союзехь а.

1933 Оьрсийчура схьаваьллачу Iамеркерчу инженеран Зворыкин Владимиран аьтто белира катодан биргIа ян. Иза тIаьххьалц коьрта дакъа дара массо а телевизионан.

И бахьана долуш 1936-чу шарахь Британехь а, Германехь а, ткъа 1941-чу шарахь Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а гайта йолийра телепрограммаш.

Амма Европехь телевизион шуьйра яьржира 20-чу бIешаран 50-чу шерашкахь. Ткъа дукхачу куьуш йолчу пачхьалкхашкахь шайн телевизионаш юкъаевлира 60-чу а, 70-чу а шерашкахь.

Тахана кху дуьнентIехь цхьа а пачхьалкх а хир яц шен телевизион йоцуш.

Оьрсийчоьнан телевизионан истори йолаелла 20-чу бIешарахь, 30-чу шерашкахь хьалхара передача ярца. Иза хилира 1932-чу шарахь. Ткъа кхин а 5 шо даьлча 1937-чу шарахь Москох Шаболовка олучу меттехь схьайиллира цу махкара хьалхара телецентр.

1939-чу шарахь телевизион буьззинчу барамехь болх бан йолалуш гайтинарг яра коммунистийн партин (ВКП (б)-н 18-гIа гулам схьабоьллуш яккхина филм.

Кхин дIа телевизион шуьйра яржо новкъарло йинарг бара 1941-чу шарахь Германица баьлла тIом. Иза дIаберза ши де дисча Стигалкъекъа-беттан 7-чу дийнахь Шаболовкерчу телецентро дIаболийра шен болх. Ткъа ГIура-бетан 15-чу дийнахь Европехь уггара хаьлха, кIирнах шозза программаш а гойтуш, болх бан йолаелира Советан пачхьалкхан телевизион.

Хилам а хилла дIахIоьттира телевизион нохчийн дахарехь а. 40 шарал тIех бевллачу нахана дика дагадогIу хир ду нохчийн маттахь йолчу передачашка хьажа шаьш дийнна доьзалца охьаховшуш хилар а, телевизионехула нохчийн концерт, я спектакл гайтаре шаьш сатийсар а.

Цу дуьххьар Нохч-ГIалгIайн телевизионо гойтуш хиллачу спектаклшкахь коьрта турпалхо хуьлуш яра нохчийн халкъан актриса Багалова Зулай.

Багалова Зулай: «Театран спектаклш дIаязйора телевиденехь. Вайнехан дуьххьарлера режиссер вара Насреддинов Ваха. Цул хьалха, дешна вацахь а, дика похIма долуш кхин цхьа режиссер вара. Руслан яра цуьнан цIе. Цуьнан фамили дага ца йогIу суна. Цара, Бадуев СаьIидан дийцарийн шаьш инсцинировкаш а йой, спектаклш яхара телевизионехь.

Цу хенахь декъаза техника яра, таханлерчуьнга хьаьжча. Делахь а, цу хенахь цара цу декъазчу техникаца яьхна йолу киношка а, спектаклшка а хIинца а хьоьжу нах. Уьш дагалуьйцуш бехаш бу нах».

Нохчашна къаьсттина дика дага а йогIуш а, безамца хьожуш а ерг ю Багалова Зулайс коьрта рол ловзийна йолу Бож-Iела-спектакл. Ткъа цу чура «Хаза ю ломанца бIаьсте» йиш гуттара безамца ладоьгIучех ю вайнаха.

«Хаза ю ламанца буьйса,
Батто стиглахь нека до,
Ойла ю тоелла тховса,
Безам кийрахь ийало.

Собар дехьа, дIа ма гIохьа,
Сайн даггар дийцитахьа,
Ши дош ала бакъолохьа,
"Еза, йола" алийтахьа.

Наб озийначу хин йистехь
"Веза, йогIу" ахьа аьлча.
Цу лекхачу толлан IиндагIехь
Бехк буй ас илли аьлча?».

Тахана Нохчийчохь йолчу телевизионах лаьцна а ю Багалова Зулайн шен ойла, тIаьхьарчу хенахь иза цуьнга баш хьожуш яцахь а.

Багалова Зулай: «Со тахана вайнехан телевидене хьожуш яц. Аса радионе ладугIу, айса а цу чохь цхьацца хIума йоьшун дела. Со телевидене хьожуш яц, суна ца лаьа цуьнга хьажа. Цунах лаьцна хIумма а ала а ца лаьа суна. Цигахь цхьа а спектаклш а яц, хIумма а яц. Заводерчу самодеятелностан тIегIа ду иза».

Журналист Султанов Ахьмад студент вара Нохчийчоь йозуш йоцу пачхьалкх ю аьлла, дIакхайкхийначу хенахь. Маьрша Нохчийчохь гучуевлира дуккха а нехан долахь йолу телекомпанеш бохуш, дагалоьцу цо.

Султанов Ахьмад: «Дуьххьар суна кхоьллина аьлла, хезнарг «Борз» цIе йолу телевидени яра. Юха «Малх-ТВ» олура цунах. Дуккха а рицкъ а дайинера иза юьллуш цуьнан долахочо. И санна йолчу телевизионаш гойтуш ерш клипаш а яра, сарралц кинош а гайтара цара.

ТIаьхьо Нохчийчохь шайх бIобулуш болу нах шай-шайн телекомпанеш схьаелла буьйлабелира. Бакъдерг дийцича, хIун бахьана долуш йохкуш яра уьш хууш дац. ТIом а ца болуш, дахар нисделлехь, цхьа политикан Iалашо йолуш хилла хила а мега уьш».

Тахана а ю Нохчийчохь Iедалша латтош йоцу меттигера телекомпанеш. Церан балхах лаьцна иштта дуьйцу Султанов Ахьмада.

Султанов Ахьмад: «Цхьацца кIошташкахь тахана а цхьацца телевизионаш йолуш ю. Цара гойтуш ерш а ю изза клипаш а, эшарш а, кинош а. Амма цара керланаш а гойту шайн кIоштийн куьйгалхоша лелочух лаьцна.

Динах лаьцна программаш мелла а кIезиг хуьлу. И хаттар мехала долун дела Iедалша шайн тергоне эцна ду иза. Цхьацца хаамаш а бо цу каналашкахь. Политикана гена лаьтташ ю уьш».

Зама хийцаелла. Нохчийчохь деха адам шина тIеман бала Iевшина ду. Цундела далахь а, телевизионе хьажар мелла а кIезиг ду республикерчу бахархойн. Амма хьожуш берш а тешаш бац цу чухула дуьйцучух.

Нохчийн халкъан актрисе Багалова Зулайга хаьттира оха, дикачу агIор хьал хийцалур ду аьлла хетий хьуна аьлла.

Багалова Зулай: «ЧIогIа дегайовхо ю сан... Со цунах тешна а ю. Кестта чекхдер ду вониг, дерриг а диканиг а бен хир дац, Дала мукъалахь! Со теша-кх цунах»!

The Hollywood Reporte олучу Iамеркерчу журнало бинчу талламца, кху тIаьхьарчу цхьана шарахь Оьрсийчохь, хаа а луш, лахделла телевизионе хьожуш болчу нехан терахь. Дечкен-баттахь дуьйна Марсхьокху-батте кхаччалц лаьрча 4 шарел тIехбевллачу бахархойх телевизионе хьожуш вара 67,8 %. Цул хьалхарчу шарахь и терахь дара 69 %.

Ткъа кху деношкахь интернетехь бинчу цхьамогIа талламашца а догIуш, карарчу хенахь Оьрсийчохь хIора денна телевизионе хьожуш болчу нехан терахь ду 22 %. 45 % цу талламехь дакъалаьцна болу нах хьовсуш бац телевизионе. Ткъа 22 % наггахь хьовсуш бу цуьнга.

И терахьаш дIоггара кхоччуш дацахь а, цара гойтуш дерг ду телевизионе хьожуш болчу нехан терахь Оьрсийчохь лахлуш хилар. Ткъа иза сингаттаме гайтам бу телевизионехула махкана урхалла дан марзделлачу Оьрсийчурча Iедалшна.
XS
SM
MD
LG