ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочо Пимблетта латкъам бина Нурмагомедовн фанаташна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ливерпулерчу "шолгIа Макгрегор" олучу UFC-н латархочо Пимблетт Пэддис латкъам бина, дагестанхойн экс-чемпионан Нурмагомедов Хьабибан фанаташа сийсазе комментареш язйо шега, йеттар ю бохуш, кхерамаш а туьйсу аьлла.

26 шо долу Пимблетт шен къегинчу толамашца вевзина ца Iаш, гIараваьлла кIоршаме къамелаш дарца а.

Масала, Британехь вехачу дагестанхойн латархочо Мокаев Мохьаммада бехкевина Пимблетт расизм ю цуьнца аьлла. Бусулбачу мухIажаро бинчу латкъамна цхьана ингалсхочо сийсазе деллачу жоьпана твиттерехь лайк хIоттийнера цо, яздо "Спорт-экспрессо".

Кху деношкахь ММА-н on Point ютуб-канале дIахьединера Пимблетта, цIеяхначу кхаа латархочуьнца бен Хьабиб тасавелла вац аьлла. "Со кхеташ вац, сийлахь-воккха спортхо муха лору иза!? Со тIаьхьакхуьуш вац",- бохура цо.

Ливерпулерчу латархочо аьлла и дешнаш бахьана долуш тIелеттера цунна Нурмагомедовн фанаташ.

Sportskeeda ресурсана еллачу интервьюхь билгалдаьккхина цо, "массеран а дагахь дерг боху" ша аьлла.

"Аш ма-бохху, Хьабиб бусулбачу нахана а, оьрсашна а, оцу регионехь [Дагестан] бехачарна а масал ду. Цуьнан фанаташа осала комментареш язъеш, вочу агIор гойту иза аьлла Пимблетта.

Шен спортан карьера ерзийначу Нурмагомедовс цкъачунна комментарий йитина яц британхойн спортхочо бечу латкъамех.

  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа.
  • Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар.
  • 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG