ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н латархочун Чимаевн керла гражданалла а, цуьнан Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца долу гергарло а


Кадыров Рамзан а Чимаев Хьамзат а
Кадыров Рамзан а Чимаев Хьамзат а

Дуккха хан йоццуш нохчийн UFC-н латархочунна Чимаев Хамзатана Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн паспорт делла, хIинца маьрша Америке ваха а, латаран къийсамехь дакъа лаца а аьтто хир бу цуьнан. Хьалхо цуьнан Америке ваха атто ца болура, и дузура цуьнан Кадыров Рамзанца йолчу йкъаметтигашца. Муха, стенна Малхбузехь дӀатарлуш ву, шен "Оьрсийчоьне безам" дӀакхайкхош, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна муьтӀахь волу спортхо – йаздо тхан редакцин материалехь.

МухӀажар а, Оьрсийчоьне безам а

Цхьанатоьхначу Ӏаьрбийн Эмиратийн паспорт шена делла аьлла, Чимаев Хамзата ша дӀакхайкхийра. Абу-Даби гӀала - спортан мехала дакъа хилла дӀахӀоьттина, Цхьанатоьхначу Iаьрбийн Эмиратехь, ша хазахетарца "Оьрсийчуьра кегийрхошна гӀо дийр ду" аьлла, дIахьедар дира цо Sport24 телеканалана йеллачу интервьюхь. Шен керлачу паспортах дуьйцуш, латархочо билгалдаьккхира, UFC-хь ша Швецера вахархо санна къовсалуш хиллехь а, шен цкъа а Швецин паспорт хилла дац, аьлла

Хинволу чемпион, мухIажир ваьлла, Швеце схьавеара шен 16 шо долуш, дийцира редакце махкахь бехаш, Чимаев вевзаш болчу нохчийн диаспорин векалша.

МухIажиран статусо бакъо ло маьрша дIа-схьа ваха, амма кхерамазаллан хаттарш бахьана долуш, ша схьаваьллачу пачхьалкхе ваха дихкина ду цунна. Кхузахь вай йуьйцург, Оьрсийчоь йу.

"Оьрсийчу вахар, Швецин гражданалла а йоцуш, мухIажаран статусан коьрта низам дохор ду – хIунда аьлча, кхерам а хилла, хьо дIавахана пачхьалкхе хьан йуха ваха бакъо йац. Иза вуно кхетаме ду. Хьо кIелхьара ваьлла пачхьалкхе хьо хӀунда воьду - билгалдоккху редакцин къамелхойх цхьаммо?"

Кхин цхьа хIума а ду – мухIажиран кехато бакъо ло хьуна, Шенгенан пачхьалкхе ваха, амма зонал арахьарчу муьлххачу а пачхьалкхе ваха виза хила йезаш йу хьан – масала, Туркойчу, Iарбойн Эмираташка, бохуш дуьйцу цо кхидӀа а.

Чимаев вевзаш волчу масех стага дийцарехь, Швецехь ваьхначу 11 шарахь цунна махкахочун паспорт ца далар бахьана, цуьнан Кадыров Рамзанца йолу йукъаметтиг а, иза Нохчийчу кест-кеста лелар а хир ду. Ша Чимаевс хьалхо гезгмашан-баттахь, дӀахьедар дира, ша "ах дуьне теллина" Оьрсийчоьнан гражданалла, Швецин йа Эмиратийн махкахочун паспортца хийца лууш вац аьлла. Шена Оьрсийчоь йезарна а мукӀарло дира цо. Кхо бутт баьлча спортхочо ша "машаран стаг" ву аьлла дIахьедар дира.

Кадыровн ӀиндагӀ

Эмиратийн паспорт атта луш дац. Амма 2021-чу шарахь дуьйна махкан низамехь хийцамаш бина, хӀинца медицинан, IT-н а, Ӏилманан а, спортан а, исбаьхьаллин а похӀма долу говзанчаш гражданалла йаккха йиш йолуш бу. Вахархочун паспорт деллачарна йукъахь ву Telegram-ан мессенджер кхоьллина Дуров Павел а, Мадрид "Реал" клубан ловзархо хилла волу Сальгадо Мичель а. ХIинца, царна йукъахь Чимаев Хьамзат а ву.

Оьрсийчоьнан паспорто бакъо ца лура спортхочун Америкехь латаран къийсамашкахь жигаралла дакъалаца. 2022-чу шеран дечкен-баттахь Чимаев Америке чу ца витира, цуьнан виза дIакъоьвлира. Цул тӀаьхьа ши шо даьлча цуьнан векалш харцдира визанца цуьнан халонаш йу бохург. Цуьнца цхьаьна Ӏаьрбийн пачхьалкхан паспорт схьаэцарна комментари йеш, ша Чимаевс дӀахьедира, хӀинца Америке ваха "цхьа а проблема йац" шен аьлла, цуьнца тӀечӀагӀдеш санна, хьалха уьш хилла хилар.

Киллеран уггаре а дика доттагӀ хилла хьох 

Американ визаца йоьзна проблемаш хилар бахьанех цхьаъ- Чимаевн Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца долу уллера доттагӀалла хила мега, йаздора Зидан Карим журналисто.

Чимаев гӀаравелира 2020-чу шеран товбеца-баттахь, цо рекорд хӀоттийча: итт дийнахь Катарехь шина латарехь толам баьккхира цо. Оццу хенахь – 2020-чу шарахь – дӀадоладелира Кадыров Рамзанан спортхочуьнца долу доттагӀалла. Катарехь толамаш баьхначул тӀаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Чимаев тоьллачу латархойн могӀаре дӀахӀоттийра, "дуьненайукъарчу аренехь цуьнан баккхий кхиамаш хир бу" аьлла. ХӀетахь дуьйна кест-кеста вогӀу Чимаев Нохчийчу, цигахь тренировкаш йо цо республикан куьйгалхочуьнца а, цуьнан кӀенташца а. Къаьсттина цо Ӏамош вара хӀетахь 16 шо долу Кадыров Ӏели, 2022-чу шеран гIура-баттахь шен латар дӀадахьале.

2021-чу шеран йуьххьехь Чимаевна критика йира Швецерчу бакъонашларъйархоша, Нохчийчу вахарна а, республикан куьйгалхочуьнца даьккхинчу сурташ бахьана. "ХӀара диктатура йу, нах кхерабелла бу", - йаздора Amnesty International организацин белхахочо Хеденборг Амис.

Оьрсийчоь Украинина тӀелеттачул тӀаьхьа а, Кадыровца долу доттагӀалла дIацатесира цо, спортхоша хаддаза ира критика йора цунна. "Нагахь санна Чимаев Кадыров санна болчу нахана гӀортор йеш велахь, тӀаккха цуьнан а ду куьйгаш тӀехь цӀий", -элира Przeglad Sportowy зорбане UFC-н латархочо Блахович Яна.

Чиллин-беттан йуьххьехь, хила тарлучу дуьхьалончех цхьаммо, UFC-н латархочо Стрикленд Шона, критика йира Чимаевна, иза "цхьа а сий доцуш" стаг ву аьлла.

"Чимаев санна сий доцуш стаг вац хьокху дуьненчохь. Киллеран уггаре а дика доттагӀа а хилла, G-Wagen машена тIехь лелаш ву хIинца. Хьо стаг вац, хьо кху махкахь хила хьакъ долуш вац (Америкехь)", - элира Стрикленда.

Тийна-тап аьлла Iар гӀоле хетара цунна

Редакцин белхахоша къамел динчу Швецерчу нохчийн диаспорин пхеа векало дуьйцу, спортхо Кадыровн агӀонча хира ву аьлла, дагах а дацара: иза политикана йукъе гӀерташ вацара, тийна-тап аьлла Iар гӀоле хетара цунна.

"Тхуна цкъа а дагахь дацара, цуьнан леларехь оццул хийцамаш хира бу аьлла. Цо Нохчийчохь лелийнарг а, Кадыровн берашца цуьнан йолу юкъаметтиг бахьана, вевзаш, тхан йукъараллехь хилла ала, эхь хета тхуна", - билгалдоккху къамел динчу цхьаммо.

Европерчу нохчийн политикан „Цхьаьнатоьхна ницкъ“ вовшахтохараллан куьйгалхочунна Сулейманов Джамбулатан, Чимаевс лелочух цхьа а тамаша ца бо.

Нуьцкъала “патриотизм” кхуллуш, нах тӀаме хьежа бо, амма шейна кхечу пачхьалкхашкахь бизнес а, бахамаш йоца

"Дуккха а Ӏаьрбойн пачхьалкхаш Оьрсийчоьнца дика йукъаметтигаш йолуш йу. Царна Путин, Американ дуьхьалонча санна го. Оьрсийчуьрчу дуккхачу бизнесхоша Европа, Эмираташца хийцина. И дерриг а тидаме эцча, Чимаевс (Эмиратийн вахархо хиларх лаьцна) дина дӀахьедарах цецвала хӀума дац", - аьлла хета цунна.

"Кадыров шен уллерчу спортхошкахула шена уозабиезам баккха гӀерташ ву", - билгалдоккху Нохчийчуьрчу хьехархойн институтан политолого (цуьнан цӀе йоккхуш йац кхерамазаллин бахьанашца). Хетарехь, республикан куьйгалхошна Чимаев муьлхачу махкан вахархо,йа муьлха байракх цо лелор, башхалла йац, аьлла хета цунна.

"Церан дахарехь и тайпа леларш мегаш ду. Иштта бехаш бу массо а хьаькамаш, "доттагIалла" хьал а даржа долу бен нахаца ца лелош. Миска нахана, цара патриотизм а, хьаналла а кхи долу хIумнаш дуьйцар ду, нуьцкъала уьш тӀаме хьежош, амма шаьш а, шайн доьзалш а ларбеш, кхечу пачхьалкхашкахь а бизнесаш а бахамаш оьцуш бехар бу.

  • 20I7-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла. 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.
  • Американ Iедалхоша "Ахмат" футболан клуб а, Кадыров Ахьмадан цIарах йолу Фонд а, латархойн "Ахмат" клуб а "Магнитскийн глобалан актан" буха тIехь долчу санкцийн тептаре йехира 2020-чу шеран гIуран-баттахь. Адамийн бакъонаш талхочу нахана дуьхьал долийна ду и тептар Вашингтоно.
  • Чимаев Нохчийчохь вина, шен 18 шо долуш Швеци дIавахара иза. Цунна масийттазза критика йира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца лело йукъаметтиаг бахьана долуш. Iай лата Iамош бара Чимаевс Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий, 16 долу Кадыров Элица цхьаьна гинера и шиъ Таиландехь. Шен Кадыровца йолчу йукъаметтигех Чимаевс иштта дIахьедира: "Нагахь санна, паччахьо шеца делкъе йан вола соьга алахь, со гIур ву" аьлла.
  • 2022-чу шеран гIадужу-баттахь UFC -н нохчех схьаваьлла шведахойн латархо Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Хьабибан ваша Абубакар а летира Абу-Дабихь. Цул а хьалха Чимаев Хьамзат а, Нурмагомедов Абубакар а масийттаза вовшашна Iийттарш йеш социалан машанашкахь вистхиллера, Чимаевс ша "Хьабиб вовшахвоккхур ву", нагахь санна вукхунна шеца лата "лаахь" аьлла дош деллачул тIаьхьа. Делахь а цул тIаьхьа масех де даьлча Нурмагомедов Абубакара Чимаев "бусалба ваша" ву шен элира."
  • Адамийн бакъонаш махкахь хьешарна а, Украинера тIом бакъбарна а нохчийн спортан клубаш а, ша мехкан урхалхо Кадыров Рамзан а Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн санкцийн бухахь боллушехь, америкахойн ММА-н латархой Соьлжа-ГIала леста хIинца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG