ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

UFC-н президенто бакъ ца до Нурмагомедов октагоне юхавар


UFC-н президент Уайт Дан
UFC-н президент Уайт Дан

UFC-н президенто Уайт Дана юкъара даьккхина экс-чемпион Нурмагомедов Хьабиб ММА-н латаршна юкъавар. Кхин дегайовхо яц шен аьллачу Уайта хьехна фанаташна дог диллар.

"Тешийша, сайга далург дерриг а дира ас. Дехарш дира ас цуьнга висахьара бохуш, амма цо карьера ерзийна, цкъа а эша а ца оьшуш. ХIинца Хьабиб эшонза тренер ву. Оцу кIентан массо а хIуманца аьтто хир бу. Шен дахаран керлачу декъе вирзина иза", - аьлла Уайта TMZ Sports хьостан интервью луш.

Кху деношкхаь ММА-н гIиргIазойн чемпионо Физиев Рафаэля емалйира Нурмагомедовн латаран кеп, ша цкъа а цуьнан фанат цахилар билгалдоккхуш. Цул совнах, Физиев реза вац Дагестанерчу латархочун Махачев Исламан тийсадаларшна а.

"Со цкъа а вацара цуьнан [Нурмагомедов Хьабибан] фанат Со тIелатархо ву, иза латархо. Ницкъе ву иза латарехь, Хьабибан тасаваларца массо а эшавойла ду, амма суна ца тов и кеп. Добер Дрюца Махачев Исламан хилларг санна латарш а ца деза суна. Латаран кхаа раундехь хIуммаъ а ца гайтира. Цо эшийра иза, амма сингаттаме тийсавалар дара иза", - аьлла Физиевс.

UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира Нурмагомедов Хьабиб кху шеран Зазадокху-баттахь, цо шен карьера ерзош ю ша аьлла, дIахьединчул тIаьхьа. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а.

Оьрсийчоьнан шоу-бизнесера хьолечу нахах лаьтта рейтинг хIора шарахь а санна зорбане даьккхина оьрсийн Форбс (Forbes) журнало. Шо хьалха а санна, хьалхарчу меттигехь ву ийначу кепехь латаран спортхо Нурмагомедов Хьабиб. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).

Дагестанерчу латархочо Махачев Ислама толам баьккхина UFC-н коьртачу турнирехь Бразилерчу спортхочуьнца Мойзес Тьягоца хиллачу тасадаларехь. Турнир дIаяьхьна Лас-Вегасехь, яздо ТАСС агенталло.

4-чу раундехь эшийра Махачевс бразилхо. ХIинца цуьнан активехь 20 толам бу, ийначу кепехь хиллачу латаршкахь (ММА) цхьа эшам а. Ткъа UFC-хь хIара толам борхIалгIа бу Махачевн спортан карьерехь.

29 шо ду Махачев Исламан. ХIинжа-ГIалара схьаваьлла ву иза. Махачев ишта ву самбон дуьненан чемпион а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG