ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уьш нохчий-мутанташ бу". ГIирман муфтийс Рустемов Айдера – кадыровхойх, кхерамех лаьцна


Рустемов Айдер, 2020-чу шарера сурт
Рустемов Айдер, 2020-чу шарера сурт

ГIирмерчу бусулбачу нехан динан украинхойн Урхаллин куьйгалхочо къамел дира Киеверчу маьждигехь бархI оьрсийн эскархочуьнца, царлахь Нохчийчуьра схьабоьвлларш бара. Буьйралло омра а делла, кхаьчна шаьш Украине, бохура цара, массарна а шаьш бусалба нах хета.

XVIII–XIX бIешерашкара Кавказан тIамах дагадаийтира царна муфтис, хIетахь Оьрсийн империно церан дайш бойъуш, церан латтанаш шайна схьадахар дийцира. ДжамаIатца ламаз дича, Рустемовс ламазан кузнаш делира царна совгIатна, масех исламан книгаш а, шайлахь оьрсийн маттахь Къуръан долуш.

ГIирман муфти оьрсийн эскархошца цхьанакхеттачул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Рустемовна кхерамаш тийсира.

"Ас хьогара жоп доьхур ду, хьо миччахь хилахь а", - дIахьедира Кадыров Рамзана. Цо тIетуьйхира, йийсархой Оьрсийчу йухабирзиначул тIаьхьа, уьш Украине йухаберза беза, ГIирмерчу муфтина дIадекъархьама.

Оьрсийн эскархошца къамелдарх, шен дахарх, кегийрхой тIаме хьийсош болчу нохчийн динан гIуллакххойн дIахьедарех лаьцна Рустемов Айдера дийцина Кавказ.Реалиин сайтаца хиллачу интервьюхь.

– Йийсархойн ойла муха хийца гIертара хьо?

– Дохковаларан некъаш лехар йара цхьанакхетаран тема. Делан Жайни тIехь йийцина йолу серло дIагайтар йу динан гIуллакххочун Iалашо. Цхьанакхетар хилале кIезга хан йара сан. Аса Къуръан схьадиллира, и аяташ карийра, сайна уьш билгалдехира, тIаккха дIадийшира. Церан маьIна дийцира. Амма цара и тIелоцур дуй, церан дог схьаделлалур дуй – и сан Iалашо йац. Аса далийнарш дохковаларан аяташ дара.

– Аша джамаIатаца ламаз дечу йукъанна, уьш хьуна тIехьа лаьтташ болуш, хIун ойланаш йара хьан?

– ДжамаIатан ламаз дечу хенахь имам хьалхаваьлла хуьлу, вуьйш тIехьа дIахIуьтту. Уьш хадархошца бахкийнера, уьш ларбора.

– Цаьрца къамел дан хала дарий хьуна?

– Вуно хала дара. Цул а масех де хьалха оха тхайн тIамехь белла накъостий дIабоьхкинера. Масала, царлахь вара Украинехьа тIом бина нохчо.

– Йийсаре муха кхечира и нах?

– Оцу кепара хаамаш тхоьга ца буьйцу. Нохчийчуьра бахархой а, вагнерхо-казах а вара цаьрца. Верриг бархI стаг вара.

– Маьждигехь шун цхьанакхетар вовшахтоьхнарг мила вара?

– Хьалха оха журналистаца Золкин Владимирца а, цуьнан накъостаца Дмитрийца а къамел дира, ши видео дIайазйира. Цо гуттара а до йийсархошца къамелаш. Цхьана болх бан аьтто бу вайн, элира ас. Йийсархойн ламаз дан, йа динан теманех къамел дан лаам хилахь, со кийча ву аьллера ас.

Цо телефонехула элира, ша йийсархой бахкора бу, маьждиге а баьхкина, ламаз дан лаам бу шайн элира цара.

– Хьоьца динчу къамело ойла хийцина аьлла хетий хьуна церан?

– Церан дегнаш чохь дерг вайн ган йиш йац. Суна хетарехь, оцу бархIаннах шинна, йа кхаанна дагахь кхеттера тхан къамел.

– Кхин дIа хIун хир ду оцу йийсархошна?

ГIирмехь репрессеш лелош йу гIирмлойн татарашна тIехь. Фронтехь нах байъарна йуккъехула кхин башха къаьсташ дац иза

– Уьш зуламхой бу, уьш кхуза нах байъа баьхкина. Царна хIун дан деза сацам бийр бу леринчу органаша. Суна хетарехь, уьш тхан украинхойн йийсархошца хийца беза, йа шолгIа вариант йу – ша дохковаьлла хиларна царна тоьшалла дан лаахь, тIаккха цхьайолчу батальонна йукъа а вахана, Украинан агIо лаьцна, тIом бан беза цо. Аьлча а, шайн леларца Украинина тIехIотта йиш йу церан, уьш кхуза бахкийтинчу наханна дуьхьал.

– Йийсархошца хьо цхьанакхетарна хьуна кхерамаш тийсинчу Кадыровн дIахьедарех лаьцна хIун ойла йу хьан?

– Хетарехь, [Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедарша] рогIерчу наханна тIехь лар йитина хила мега, йа цунна шена тIехь. Хетарехь, [цуьнан реакци] резонанс бахьанехь йина хила мега. Делана дика хаьа.

– Дийцахьа, Украинехь ГIирман муфтий муха хилира хьо?

– 2014-чу шарахь ГIирмана оккупаци йича, муфтий Аблаев Эмирали а, цуьнан гIовсаш а оккупантийн агIонехьа бевлира, массарна а гуш коллаборанташ хилира царах. Царна тIехь [оьрсийн] Iедало шантаж йина хиллера, кхерамаш тийсина, ахчанца а шайгхьа баьхнера.

Украинан материкан декъе сехьабевлира дуккха нах оцу ахгIайренера. Керлачу меттигехь наха социалан-динан дахар долийра. ГIирма-татаран къомо тIелецира Украинан материкан декъехь керла дина цхьанатохар кхоллар – ГIирман татарийн хилла а ца Iаш, Украинера берриг бусулбан нахен цхьанатохаралла. 2016-чу шеран лахьан-баттахь ГIирман татарийн 14 йукъаралло со ГIирман муфти хаьржира Киевехь хиллачу цхьанакхетарехь.

– Цул хьалха муха дара хьан дахар?

– Со рогIера ГIирман татар ву, Делах тешаш стаг ву. Динан Iилма ду сан, амма хьалха со вацара динца боьзна болх бан лууш. Iарбойн маттера гочдархо болх беш вара, Iилманан редактурица боьзна болх бора, финансийн директор вара компанехь, телерадио вышкашца болх бора.

Кхин дIа дахаран некъаш ду. Со динехь стаг ву. Бусулбачу нехан кхеташонехь со хьалхатеттира. ТIаккха оццул жоьпалла сайга кховдийна хилча, йуха ца велира со.

– Украинера тIом джихIад ду бохучу нохчийн динан гIуллакххошка хIун эр дара ахь?

– Динца дуьстича, бух боцу къамел ду иза. И тоьшаллаш аьшпашна тIехь гулдина ду. НАТО шайн тIе ца латийта Украинехь тIом боло безна шайн бохуш, чугIортар динца бакъдан гIерта уьш. Амма цара [динан гIуллакххоша] джихад ду бахар, фатваш хIиттор (исламан низамашна тIехула динан куьйгалхочо бина сацам. – Ред. билг.) - уьш харц логикица деш ду.

Амма хIора лартIахь волучунна кхеташ ду, цара ларбийриг даймохк боций. Церан фатваш ма-барра аьшпаш бу. Оцу тIамах джихIад олуш, оха далош долу тоьшаллаш даладо цара. Амма башхалла йу, хуьлург цара харцхьа даккхар.

Оьрсийчоь – аьшпийн пачхьалк йу. Нохчийчуьра муфтиш, имамаш… Ас царах нохчий ца олу, ма-дарра аьлча, уьш кадыровхой бу. Мутанаташ-нохчий бу уьш, рашизман куьце а бевлла. Оьрсийчоьно болийначу акха тIамах йоккха билгало хилла къаьмнашна.

– Кавказерчу динан гIуллакххошца зIенаш йуй хьан, йийсархой хийцархьама йолийна?

– Оха цунна ойла йира, дуьххьара дистхилира. Амма динан цхьанатохараллин таронаш шуьйра йац. Тхан дакъа лаца аьтто бу. ГIирмехь репрессеш лелош йу гIирмлойн татарашна тIехь. Фронтехь нах байъарна йуккъехула кхин башха къаьсташ дац иза.

Тхан махкахой набахтешка а хьийсош, оьрсаша дIадузу йийсархойн терахь, тIаьхьо уьш хийцархьама. ГIирма маьршайаккха йолийча, и коьрта хирг хилар кхеташ ду тхо. Тхан нах схьабаха безар бу. Оха хIинцле а орца доьху, дуьйцу цунах лаьцна.

  • 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси йиначул тIаьхьа ахгIайренехь гIирмтатархошна дуьхьал репрессеш йолийра. Динан книгаш лелорна хуьлу царна дуьхьал даьхначу терроралла лелорна бохучу артиклийн гIуллакхийн бахьана. Дуккха а оцу репрессех зенаш хилла болу нах бакъоларъяран "Мемориал" центро а, дуьненайукъарчу цхьанатохараллаша а политикан тутмакхаш лаьрра. Шайн гIирм-ьаьархошна хетарехь, шаьш аннексина дуьхьал хиларна тIаьхьабевлла лела шайн оьрсийн Iедал.
  • Коьртехь мехкан муфтий Межиев Салахь а волуш, нохчийн Iеламчаш тIеман кечамех чекхбевлла Гуьмсерчу Оьрсийчоьнан спецназан университетехь. Цара дIахьедира, оьшучу далахь Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъалаца шаьш кийча ду аьлла.
  • 2022-чу шеран бIаьста дуьйна Нохчийчохь джамаIатца ламазаш дан долийра оьрсийн эскархошна лерина. Гурахь оцу брамашкахь дакъалаца дуьгура школера а, берийн бошмашкара а бераш. Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа дийцира, стенна оьшу и меттигерчу Iедална.
  • Буьззинчу барамехь Оьрсийчоь Украине чугIоьртичхьана Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан политика а, меттигерчу пропагандин коьрта тезисаш а нисса бIостане йирзина цуьнан вийначу ден Кадыров Ахьмадан весеташна.
  • ГIадужу-беттан юьххьехь Укрианехь Оьрсийчоьнан эскаршна дуьхьал тIемаш бан кхечира Шемахь нохчийн тобанхойн хилла командир Аджиев Рустам, Шишани Iабдул-Хьаьким аьлча дика вевзаш волу. Шен сацам мича бахьанашца бара а, Нохчийчоьнан хиндолчух шена хетарг а дийцира цо Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG