ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Уьш тебан ма гIерта". Кремлца кIеда дийца мегар дац, боху немцойн интеллектуалаша


Германи- Путинна дуьхьал акци Берлинехь Оьрсийчоьнан векаллаллина гергахь, 2014 шо (архивера сурт)
Германи- Путинна дуьхьал акци Берлинехь Оьрсийчоьнан векаллаллина гергахь, 2014 шо (архивера сурт)

Германино а, Францино а юха а, 2015 шарахь санна, шайн юкъарло кхийдадо Оьрсийчоьнний, Ураинаний юкъахь машар беш. Юкъарло долон шайн лаам хилар довзийтина деношкахь немцойн а, францойн а арахьарчу гIуллакхийн министраша - Бербок Анналена а, Ле Дриан Жан-Ив а Дечкен-беттан I7-чохь Киевехь цхьаьнакхетта Украинан президентца Зеленский Владимирца а, дипломатин хьукматан куьйгалхочуьнца Кулеба Дмитрийца а. ГIур бу уьш Москва Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца къамел дан а. Оцу гIулчанна Германин бахархойх берраш а бац реза.

Оьрсийчоьно Украинан дозане эскарш, тIеман техника озоро а, Путина дIахьеечу ультиматумаша а сагатдойтучу немцойн Малхбалерчу Европан эксперташа, Бербок Аннналена Киеве а, Москва а яха кечлучу юкъанна, кехат хьажийна Германин Iедале. Цара иза декхаре до ша Оьрсийчоьнца хIинццалц сов кIеда схьаеъна политика "букхера дуьйна схьа" хийца.

Кехат яздинчу 73-нна юкъахь бу политикаш, политологаш, слависташ, историкаш, журналисташ, синмехаллийн белхахой, университетийн профессораш. Церан могIарахь бу, масала, керста демократех (Меркель Ангелин парти), дуккха а шерашкахь бундестаган депутат волу Поленц Рупрехт, "баьццарчийн" партера цуьнан коллега Бек Фолькер, оццу партин делегацин куьйгалхо Европан парламентехь лаьттина Хармс Ребекка, вевзаш волу историк Шлёгель Карл, Кембриджан университетехь Оьрсийчоьнан а, Кавказан а историн кафедрин куьйгалхо профессор Ян Хубертус.

ДIахьедарехь боху: "Оьрсийчоь тIеман ницкъашца уггаре хьалхарчу пачхьалкхех ю. Шен эскаршца а, долахь долчу заррат герзашца туьйсучу кхерамца а Оьрсийчоьно тIемаш бо, дIалоьцу Советан Iедал доьхча хIиттаелла пачхьалкхаш". Дуьйцу кехатан авторша Москвано кхечу пачхьалкхашна дуьхьал дIахьочу пропагандех а, цо дуьненаюкъара барт а, низамаш а дохош хиларх, шен мостагIийн лору арахьара нах бойъуш хиларх а, хакерийн тIелетарш деш хиларх а лаьцна.

Берлино дечу къамелел алсам хила деза цо ден гIуллакхаш, хьалхачул эвсардаккха деза ша дийриг

"И дерриг а я тергалдеш я буьйда критика ярах тоам а хуьлуш, еш дуьхьало а йоцуш Iа Германи кху тIаьххьарчу ткъе итт шарахь", – биглагдоккху эксперташа. Царна хетарехь, 2014 шарахь Оьрсийчоь Украинана тIелатар а яра "немцойн политика Оьрсийчоьнан неоимпериализм тергал а еш, буьйда Iийна хиларан тIаьхьало. Ткъа Европан Цхьаьнакхетаралло арахоьцучу санкцеша тоам боллуш дуьхьало ца йо хан-хене мел йолу а шен агресси шоръеш хьийзачу Кремлна". Кехат яздинчара декхарейо Германи шен Оьрсийчоьне болу хьажам хийца: "Иза дан аьтто болуш ю Оьрсийчоьнан партнерийн могIаршкахь йоккха экономика, шуьйрра инвестицийн таронаш йолучех цхьаъ йолчу Германин, "Берлино дечу къамелел алсам хила деза цо ден гIуллакхаш, хьалхачул эвсардаккха деза ша дийриг".

ДIахьедарна буха куьг яздинчех цхьаъ ву 20 шо гергга Москвахь болх бина нермцойн Welt а, Berliner Zeitung а газетийн корреспондент Квиринг Манфред. "Оьрсийчоь: йоккха пачхьалкх юхаденъялар?", "Путинан Оьрсийн дуьне" книгийн автор а ву иза.

ХIетахь хилла немцойн социал-демократийн лидер Шульц Мартин ву хьожуш Квиринг Манфреда язйинчу "Русский мир Путина" книге
ХIетахь хилла немцойн социал-демократийн лидер Шульц Мартин ву хьожуш Квиринг Манфреда язйинчу "Русский мир Путина" книге

– Наггахь бен хуьлуш доцург ду цIарлахь болчу наха оццул доккха-деза кехат яздар. И шатайпа кхайкхам кху муьрехь бар а, баржор а стенца дозу?

– Тхан кехат – иза мехала, баккъал а болу горгали бу оха хуьлуш лаьттачун хьокъехь тоьхна, Оьрсийчоьнан, Малхбалерчу Европан эксперташа Германин политикан дайшка беш кхайкхам бу иза. Оха декхаредо Iедал Москваца лелош йолу политика орамера дуьйна дIа хийца, карлаяккха. Сихха дан стенна деза иза? Кремло агресси чIагIъеш ю шен арахьарчу политикехь, цунна шогга дуьхьало ян еза.

– Муха?

– Уггаре хьалхарниг – тоийта деза деккъа дешнашца машаре кхайкхар. ТIаьххьарчу шерашкахь, иттаннаш шерашкахь вайна хезарг цхьа хаттар ду: "ХIун дан деза Оьрсийчоь теян? " Ткъа Оьрсийчоь оцу хенахь шенна ша къастийна Iалашонаш кхочушъеш схьайогIу – хьалхалерчу, Советан Iедалехь хиллачу олалле кхача, пачхьалкхашна политика къастор шен дола эца, аьтто балахь дIалаца а, формалехь я формалехь доцуш а. Цунна ондда, шогга дуьхьало ян еза, хIунда аьча, Малхбузе мел машар лоьхуш хьйзича а, ша сацон йоцу гIулчаш ю цо йохуш. Компромиссаш лехаро сацар яц Москва.

Боккха кхерам лаьтта Украинанна тIехь, цуьнан дозане оьзна эскарш, тIеман гIирс, цунна дечу гIо герзаца хила

– Зийна некъ бу экономикан, дипломатин санкцеш, уьш мел эвсаре ю къовсамехь лаьтташ делахь а. Украинана тIеман гIирсашца гIодар – иза мел къобалдо ахь?

– Со тешна ву, тIеман гIо дан деза Украинана. Баккъал а боккха кхерам лаьтта Украинанна тIехь, цуьнан дозане оьзна эскарш, тIеман гIирс, цунна дечу гIоьнца хила деза герз. Иза хьоло хьоьху некъ бу. Со реза вац Германин арахьарчу гIуллакхийн министранна Бербок Анналенина хетачунна, иза ца хуьтту ас буьйцу некъ тIеэца. Делахьа а догдоху ас цо Украинанна герз далар къобалдаре.

Цхьаболчу комментаторша, Украинехь лаьтта кхерам а, оцу хьокъехь цхьацца тIегIанашкахь Оьрсийчоьнца дIахьош долу дийцарш а дусту 1938 шарца, дагалоьцу "Мюнхенера дийцарш"...

– Историца дустар суна маьIна доцуш хета. Вайн кхечу заманахь ду дехаш, вешан гIагIанаш а болуш… Бух боцуш ду исторера схьаэцна хьал дустар. Делахь а магар-м дара яхначу заманера масалш тидаме дехкича. Коьртаниг: агресси айина лела политикан партнер теван гIертар – иза гIалате некъ бу. Кхеташ ду, дIаяхьа еза диалог, аьтто ма-боллу, амма го вайна, Москвано ультиматумаш духьалтуьйсу, ша аьлларг ца дахь, Бохуш, керла тIеман авантюраш а кегаеш. Иза аьттехьа а могуьйту хIума дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG