Президентана Джо Байденна сих-сиха критика ечу Сенатерчу республикахойн лидера Макконнелл Митча, дIахьдина шена "дог тешоран" билгалонаш го администрацера Украинина дуьхьал Оьрсийчоьнан агресси юхатохарца доьзна цо юьхьарлаьцначух аьлла.
Макконнеллна хетарехь, Байдена хIинца, гуш ма хиллара, нийса кеп хаьржина Украинина гонаха хIоьттина хьал бахьана долуш, шен къоман кхерамазаллехула йолчу тобанца дIадаханчу мукъачу деношнкахь Кэмп-Дэвиде кхеташо дIаяьхьначул тIаьхьа.
"Оцу хенахь дуьйна суна хезаш долчу доллучо а дог тешадо. Уьш гIулчаш яха дагахь бу тIелатале, тIелатталц а ца Iаш", - дIахьедина Макконнелла Франкфортехь (Кентукки штат) шен хиллачу зорбан-конференцехь.,
"Суна хетарехь, администраци нийсачу агIор йоьдуш ю", - тIетоьхна цо. .
Макконнелла кхайкхам бина сихха НАТО-н эскарш Польшехь а, Румынехь а, Балтин пачхьалкхашкахь а тIаманна кечде, ткъа Украинина кеманашна а, ракеташна а туху герз хьажаде аьлла.