Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла. Къилбаседа Кавказерчу регионан куьйгалхочо дина оцу кепара дIахьедар Соьлжа-ГIалахь йоьдучу пресс-конференцехь, яздо Новости агенталло.
"Украина вайн пачхьалкхех схьатоха езаш ю, и вайн территори ю", - аьлла Кадыровс, нагахь санна, оцу хаттарх йист яккхар шена тIедиллинехь, ша тоххара дерзийна хир дара аьлла, тIе а тухуш. Цо бахарехь, новкъарло йо цунна "пачхьалкхашна юкъарчу берташа".
"Йа Украинех дIатухур яра Нохчийчоь, йа тоххара схьаяьккхина хир яра, циггахь и хаттар чекхдаьккхина а хир дара", - дIахьедина Кадыровс.
И дешнаш хазийна цо Оьрсийчоьнан а, Украинан а дозанашкахь хьал телхина догIучу юкъанна. Малхбузен къайлахчу сервисаша дIахьедо, луларчу пачхьалкхана чугIорта Москва кечам беш ю аьлла. ТIамна кечлуш хилар бакъ ца до Кремло.
Дахначу кIиранах Туркойчуьрчу Кёрфез гIалахь Нохчийчоьнан Ичкерин президентан Дудаев ЖовхIаран цIарх майда схьаеллар емалдира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. ГIуран-беттан 21-чохь дIахьедар даржийра Кадыров Рамзана, "туркойн Iедало Оьрийчохь зуламаш лелийна террористаш тIекIабо", аьлла.
Арахьарчу политикаца доьзна сацамаш тIеэца бакъо яц пачхьалкхерчу регионийн куьйгалхойн аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитирийс ГIуран-баттахь, Кадыровс Францин президент "шен махкахь терроризме иракарахӀотторг" ву аларна жоп луш.