ТIекхочийла долу линкаш

Шен ма хуьллу журналисташна пебетта Украинерчу шейх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан лидеро ЧIеберлойн Муслима. Амма Киевехь цунна тIенисвалар а доккха ниIмат ду, хIунда аьлча, иза цхьана меттахь соцуш ван а вац.

Делахь а, таро хилира «Кавказ.Реалии» порталан корреспондентан Деркач Анваран ЧIеберлойн Муслимца цхьанакхета.

Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша цуьнан хьокъехь даийтина кехат листа кхайкхинера Муслим украинхойн СИЗО.

Цундела хьалхара хаттар дара, муха ю Украинан Iедалан шайн лаамехь тIаме баьхкинчу нохчашца юкъаметтигаш, аьлла.

- Цхьа а шеконаш а йоцуш, маьршша вуй хьо кху пачхьалкхехь? Цхьаммо тIехьашхула тешнабехк бан мегара я юй-те къайленехь латтош зIенаш Украинан а, Оьрсийчоьнан а къайлахчу сервисийн аьлла, ойланаш хила а хуьлий хьан коьртехь?

- Хила тарло царна юкъахь цхьа къайленаш. ХIуъа а хила тарло, амма цкъачунна ала хIума дац, дерриг дика ду. Тхо даим а «М» олучу секторехь ду (Мариуполерчу Азов хIордан йистехь). Тхаьш куп тоьхначу меттера, довла а довлуш ара ца довлу тхо. Бакъдерг аьлча, меттигерчу бахархошца ду тхан лелош гергарлонаш, Украинан кхерамзаллан кхеташонца а хьо-со ду тхан. Украина тхуна тхешан бертхо санна хета.

- Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн Къоман гвардин я пачхьалкхан эскархойн могIаршка йийла юьйлаелира 2015-чу шеран бIаьста шайн лаамехь вовшахтоьхна батальонаш. Тахана муьлхачу статусехь ю Шейх Мансуран цIарах батальон?

- ХIаъ, массо а батальонаш дIакхийтира хIетахь Украинан тIеман эскарийн декъех а, Къоман гвардех а. Шайн лаамехь вовшахкхеттачу украинхойн ницкъийн корпус а, тхан батальон а йисина шаьш, царех йозуш а йоцуш. Оха кхетадо, тхо тхайн лаамехь арадевлларш ду. Я кегий а дац тхо, кхечарна тIехьадевлла лела. Тхан цхьа тIемало ву 61 шо долуш, бисинарш цул а жимма кегий бу.

- Украинан официалехь йолчу структурашца цакхетамаш, конфликташ, гамонаш хила а хуьлий шун?

- ХIан-хIа! Цкъа а хилла яц тхан цаьрца проблемаш. Нагахь санна, цхьана декъехь цакхетам хилча а, тхоьга орца доьху, даим оха накъосталла а до.

- Кхуза тIаме вале хIун лелош вара хьо, Муслим?

- Эскарера со юхавирзича, сан махкахь Оьрсийчоьнца тIом болабелира. ХIетахь дуьйна ишта схьавогIу-кх со, герз кара а эцна, тIемаш беш. 1991-чу шарахь иккхира Нохчийчохь конфликт. ХIетахь Оьрсийчоьно оппозицин гIоьнца, кхузахь, Украинехь сепаратисташ олу царех, диверсеш лелайора. Оцу некъаша оьшу пайда ца бохьий хиича, Соьлжа-ГIалина тIелатар долийра эпсарша танкашца.

ТIаьхьо церан буьйранчаша шайнаш бац уьш, эскаран декхарш кхочушдина, мукъабевлларш бу уьш аьлла, дIахьедира. И бакъ дацара, оха йийсаре лаьцначийн кехаташка ма хьуьйсура тхо, цу тIехь яздина хуьлура, муьлхачу тIеман декъера бу а, церан регалеш а.

- Донбассехь изза хилира аьлла хетий хьуна? Изза эскарера мукъабевлларш а…

- ХIаъ! Изза сурт ду!

- Хьо муьлхачу пачхьалкхан вахархо ву?

- Советан заманара паспорт хиларал совнах, сан кхи кехаташ хилла а дац. Кеста Ичкерин паспорт ду соьга схьакхача дезаш.

Закаев Ахьмад ву уьш яздеш. 2014-чу шарахь, Украинехь со тIом бан волавелча, цхьана шарна кехат делира суна сан цIарца, шо даьллачул тIаьхьа хан дIаяхъяйта ца вахара со. Ма дарра аьлча, карахь цхьана а кепара кехаташ дац-кх сан. ХIетахь Нохчийчохь оьшура суна кехаташ, хIинца башха цаторийла а яц.

- Маца араваьлла хьо Нохчийчуьра? Муьлхачу некъашца вахара хьо?

- 2007-чу шарахь дара и, Оьрсийчухула дехьавелира со. Луганск кIоштехула веана со Украине. Вуьшта дуккха а къайлах некъаш ма ду масанхьа а.

- Хьайн доьзал Нохчийчуьра арабаккха ницкъ кхечирий хьан?

"Юьхьанца дуьйна Дудаев ЖовхIара шен къам дигинчу новкъа велира со"

- ХIаъ, сайн массо а гергарнаш кIелхьарабаьхна ас. Маьхчой бисира сан цигахь, юьхьанца Iедало тIекхуьйкхуш, хеттарш деш, шайн тергонехь латтийра уьш. ЦIера арваьлчхьана сан цаьрца зIе хилла а яц.

ТIаккха бевлира уьш Iедало хьийзочу балех. Сан доьзал Европехь бу. Йоллу, ала мегар ду, Европехула чекхваьлла со, цигахь сайн махкахошца цхьанакхетарш хуьлура сан, кхи дIа хIун дича бакъахьа дара-те бохуш, дагавуьйлура со царех.

- Муха, карахь кехаташ а доцуш лелла хьо Евросоюзан пачхьалкхашкахула?

- ХIаъ. Украинан Малбузерчу дозанехула Закарпатскан кIоштехула дехьа а вуьйлуш. Цигахь Советан хенахь дуьйна кIохцал-серах пен бу, жимма серло а латтош. Ас ма аллара, къайлах тачанаш ма хуьлу цигахь, масанхьа а санна.

Украине кхаччалц, со цхьанхьа а вуй хиина а дац, ас цхьанна а интервью ца лора. Цундела хир ду-кх сан дерриг а аьтто болуш чекхдалар хIинццалц. Ткъа хIинца батальонан цIарах ас до зорбанашца къамелаш, хIунда аьлча, сан накъостийн гергарнаш ма бу даймахкахь.

- Украинехь Оьрсийчоьнна дуьхьаллаьтта нохчийн тобанаш шина декъе йоькъу: Дудаев ЖовхIаран агIончаш а, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш вовшахтоьхначу «Имарат Кавказан» тIемалой а бохуш. Хьо хьаьнца ву?

- Юьхьанца Дудаев ЖовхIара шен къам дигинчу новкъа велира со, хIетахь дуьйна оцу новкъара вирзина вац со.

- Умаров Доккина чIагIо йина вуй хьо?

- Вац. Суна лиира хаа, тIекхиа, хIун тоба ю и, хIун Iалашонаш ю "Имарат Кавказо" юьхьарлаьцнарш, хаа. И хеттарш цу тобан хьалханчашка дала а лиира сцуна. Амма ца белира сан аьтто. Суна хетарехь, цкъа хьалха шен къоме хатта деза, къомо билгадаккха деза, пачхьалкхна гергахь, муьлха тIегIа, кеп оьшу царна.

- Хьенан куьйгакIел вара хьо тIом бан волалуш?

- Цхьаннан а. Со суо вара тобан лидер. Шерачу аренца тIемаш бина ву со. Масех экипаж яра сан. Кегийчу машенаш тIехь дIасадахар хуьлура тхан, иштта юьрта юкъахь къайладовла аьтто хуьлура тхан.

Дукха хьолахь, маса тоьпаш а, гранатометаш а хуьлура тхоьгахь. Атта а хуьлура тхуна ишта. Оьшучу хенахь цхьанхьа гуллора тхо, операци чекх а йоккхий, къайладовлура. Ишта-м тIеман юьххьехь нохчашкахь танкаш яра, масех "Град" а. Тхаьш лаьмнашка хьаладоьлхуш тIеман гIирс багабора оха, чудохку патронаш, молха а кхачийча, кхи дIа дан хIума дацара оцу герзах.

- Танкаш тIехь «шайн лаамехь лелларш» ца бийцича, хIун ду тера Нохчийчохь хиллачу тIемийн а, хIинца Донбассехь боьдучун а?

- Цигахь а, кхузахь а оха тIом бо маса тоьпашца а, гранатометашца а, минометашца а. Эскаршкахь 120 миллиметар ерш ю, тхоьгахь 82 миллиметарш. ХIинца-м керла, интересе, тIамна пайден гIирсаш юкъабоьвлла, масала «беспилотник» олу вертолеташ а цхьаьна кхоьллина. Тхайна хуург украинхошна а Iамадо оха, цаьргахь дукха хIуманна тхо а Iема.

- Украинано тIеман гIирс белирий шуна?

Къаьмнаша шаьш бан беза шайн кхолламан къастам. Тхо тешна ду, толамца хIара доьрзург хиларх"

- Трофейн герз а ду, эцнарг а ду, дукхахберш шайн машенашкахь схьабаьхкинера Европера. Царех цхьаберш хIинца а болуш бу. Тхоьгахь болу тIеман гIирс тоаме бу цкъачунна.

- ТIамо йоккха харж йо. Украинан пачхьалкхан структурашна юкъахь шун батальон ца хилча, мичара долу шуна ахча?

- Тхуна волонтераша а, таройолчара а гIо латтадо.

- Масане хуьлу, шун тIемалой лазийна, чевнаш йича, украинхоша шайн госпитале чуоьций шу?

- Делан пурбанца, масех меттиг бен ца нисбелла тхан, лазартне салти кхачо оьшуш. Чевнаш йинчунна дарба до госпиталехь.

- Вукху агIор тIом бечаьрца болчу хьайн махкахошца вовшахкхетар хиллий хьан цкъа а?

- Тхо даим а «М» секторехь ду. Кхузахь уьш хилла бац. Донецкан, Луганскан кIошташкахь нохчий бу бохуш, дуьйцуш, хезна суна. Тхо кхузахь мел ду, радиоэфирашкахула тхуна хезарг хIирийн, азербайджанхойн мотт бу. Нохчийн маттахь къамел хезна дац.

- ХIун Iалашо ю украинхошца тIом бечу нохчийн?

- Тхайн даймохк мукъабаккхарехь кхи дIахьош тIом бу-кх хIара. Дукха хезна суна, нохчаша Оьрсийчоь эшийна, цундела ял ю цара нохчашна дIалуш, оьрсийн низамаш цигахь лелаш а дац бохуш.

Со политик вац, со тIемало ву, цундела цуьнан мах хадо компетенте вац со. Шина тIамехь дукха ресурсаш хIаллакхилла тхан, тхайн махкахь тIом бан таронаш а эшийна тхан.

Къаьмнаша шаьш бан беза шайн кхолламан къастам. Тхо тешна ду, толамца хIара доьрзург хиларх.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG