ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан депутата Страсбургехь критика йина Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу политикана


Украинан Лаккхарчу Радан депутат Гончаренко Алексей (2019-чу шеран архивера сурт)

Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн комитеташкахь дийцарш деш хиллачу украинхойн Лаккхарчу Радера "За свободный Кавказ" фракцийн юккъера депутатийн тобан кхоллархочо Гончаренко Алексейс критика йина Оьрсийчоьно Къилбаседа Кавказехь лелочу политикана.

Шен къамелехь Украинан ПАСЕ-ра векало Гончаренкос билгалдаьккхира, "Оьрсийчоьнах мукъадовла" гIерта къаьмнаш инзаречу Iаткъамна тIеIиттало.

"19-чу бIешарахь чергазашна геноцид йира. 20-чу бIешарахь нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашна а геноцид йира цигахь. 20-чу бIешеран чакхенгахь цара (Нохчийчоь ю цо юьйцург. - Редакцин билгалдакахар) шайн кхане а, маршо а къовса йолийча, Оьрсийчоьно юха а ницкъ бира. 200 эзар гергга нохчо вийра. Стенна? Нохчийн къомах "Путинехьа латархой" бан лаарна, Украина санна йолу пачхьалкхашна тIелетарш дан", - дIахьедина Гончаренкос.

Цо бахарехь, 2 000 нохчо ву Украинехь тIом беш украинхошна дуьхьал: "Кадыров Рамзана Нохчийчоьнах цхьа коьрте дан йиш йоцург дина. Цигахь оьрсийн низамаш а дац лелаш. Юккъерчу бIешерашкахь санна беха хIинца Къилбаседа Кавказера бахархой – нах байъар, зуьдарий хьийзор, шуна дагадан мел-мегарг а. Цара нах бойу, иза кхузахь – йистехь, вайна гена доццуш хуьлуш ду".

Гончаренкос тIетоьхна, ПАСЕ-н, адамийн бакъонехула йолчу организацин санна, декхар ду Къилбаседа Кавказера бахархошна гIо даккха: Къилбаседа Кавказехь деха къаьмнаш шайн маршо къуьйсуш ду. ГIо дайтийша вайга оцу наханна, Оьрсийн Федерацино охьатаIийна долу и къаьмнаш кIелхьара дахийтийша вайга".

Iедалехь а, оппозицехь а йолчу партийн декъашхоша официалехь Мангал-беттан 20-хь кхоьллина ю "За свободный Кавказ" депутатийн тоба. Цига юкъавахана Гончаренко Алексей, Вятрович Владимир, Чийгоз Ахтем, Парубий Андрей, Потураев Никита, Магомедов Муса, Лубинец Дмитрий, Саврасов Максим, Юраш Святослав, Наливайченко Валентин а. ТIейогIучу хенахь декъашхойн терахь алсам хир ду, аьлла дIакхайкхийна.

  • 2011-чу шарахь Гуьржийчоьнан парламенто геноцид лаьрра Оьрсийн империно XIX-чу бIешарахь чергазашна йина депортаци. ХIора шарахь Европан пачхьалкхашкахь нохчаша а, гIалгIаша а митингаш, гайтамаш хIиттабо, Чиллан-беттан 23-хь дIабохорна лерина.
  • Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь (1994-1996 шш. а, 1999 -2009 шш. а) хIаллак хилира, тайп-тайпанчу зерашца, иттанаш эзарнашна тIера бIеннаш эзаршка кхачалц нах.
  • Украинерчу фронтан шинне а агIор тIом беш бу нохчий – пачхьалкх ларъеш, оьрсийн эскаршна дуьхьал лаьтташ нохчийн лаамхойн тобанаш а ю. Украинана дуьхьала тIаме хьийсийначу Нохчийчуьра кадыровхошлахь а, "лаамхой" олучарлахь а даккхийра зуламаш дарна хенаш йиттина нах бу, иштта чохь яккха тоьхна хан чекх ца яьлларш а.
  • Охан-беттан 21-хь Эстонис, Литвис геноцид лаьрра Оьрсийчоьно Украинехь лелориг. Охан-беттан 28-хь иштта сацам тIеэцна Канадас а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG