ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинан кхерамазаллин Кхеташонан секретара къобалйина Ичкерин йозуш цахилар


Украинан СНБО-н секретарь Данилов Алексей ву Киеверчу кхерамазаллин форумехь. Киев, 2022-чу шеран гIуран-беттан 1-хь.
Украинан СНБО-н секретарь Данилов Алексей ву Киеверчу кхерамазаллин форумехь. Киев, 2022-чу шеран гIуран-беттан 1-хь.

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхелхича кхочур йу Ичкерина суверенитет, дIахьедина Украинан къоман кхерамазаллин а, тIеман дуьхьало йаран а Кхеташонан секретара Данилов Алексейс.

"Путин дIаваьллачул тIаьхьа Ичкери маьрша пачхьалкх хир йу. Кадыровца, йа Кадыров воцуш, и шеко йоцуш хир долуш ду, тешна ву со, дукха сиха хир ду. ХIунда аьлча, и къаьстина пачхьалкх йу, Оьрсийн Федерацица цхьа а йукъаметтиг йоцуш", - аьлла Даниловс "Украинская правда" зорбанна йеллачу интервьюхь.

Даниловс бахарехь, Путино "Кадыровна а, цуьнан агIончашна а Оьрсийн Федерацин муьлххачу а гIалахь жоьпалла доцуш шайна луург лело бакъо йелла ца хилча, Ичкери дукха хенахь дуьйна гIаьттина хир йара, маьрша а хир йара".

"Бакъдерг аьлча, Путин кхоьруш ву Кадыровх. ХIунда аьлча, цунна йаккхийра проблемаш хилийта таронаш йолуш стаг ву иза", - билгалдаьккхина СНБО-н секретара.

  • Кху шеран гIадужу-баттахь Даниловс шен доларчу твиттеран агIонехь кхайкхам бинера Украинехь тIом беш болчу нохчашка, шайн даймахка йуха а берзий, Ичкерин йозуш цахилар къовса, и дан "хан йолчара".
  • ГIуран-беттан 14-хь фракцишна йукъарчу депутатийн "Маьрша Ичкери" вовшахтохаралла гучуйаьлла Украинан Лакхарчу Радехь. Вовшахтохараллина юкъахь ву "Халкъан йалхо", "Аз", "Европейская солидарность" фракцийн 12 депутат. Дукха хан йоццуш Францихь вовшахтоьхначу нохчийн "Цхьааллин ницкъ" боламца йукъарлонаш ду церан.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Дуьххьара цуьнан декъехь вара урхаллин а, оппозицин а партешкара итт депутат. Тобанан куьйгалла дира Гончаренко Алексейс. Чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалйе аьлла, стигалкъекъа-баттахь дуьххьара дагадеанарг иза вара.
  • ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина доза лоруш, "нохчийн къомана йина геноцид" йемалдйеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тийсира цигахь хиллачу 287 депутато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG