Украинан президенте Нохчийн Ичкерия руспубликин суверенитет тIеэцар доьхуш, и хаттар листа оьшу 25 эзар кхаж гулбина петицино. Марсхьокху-беттан 15-чохь пачхьалкхан президентан интернет векалтан официалан сайте хIоттийнера петици.
Петицин автор – украинхойн политик а, журналист а Гармаш Сергей ву. Чулацамехь яздина ду "Нохчийн Ичкерия республика йозуш йоцу, суверенитете пачхьалкх санна тIеэца а, цуьнца дипломатин юкъаметтигаш дIанисъян езаш" хиларх а.
Украинан президенте хьажийна электронан петицин тергоян еза, нагахь санна, кхаа беттачохь цунна 25 эзар стага куьйгъяздинехь, аьлла ду официалан сайтехь.
ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Украинхойн парламентан сацамна цкъачунна комментарий йина яц Кремло, ткъа «Грозный» телеканалан директоро Ахмадов Чингиза "филькина грамота" ю аьлла иза.
- Хьалхо ООН-н кхерамзаллин Кхеташонан гуламехь охан-беттан 5-чохь вистхуьлуш Украинан президенто Зеленский Владимира дIахьедира, Оьрсийчоьно "халкъан а, динан а башхалла" хIаллакъеш дIахьочу политико дIайоху "шина континентера иттанашкахь сов къаьмнийн паргIато, шайна ма-хетта даха йолу бакъо".
- ТIаьххьарчу беттанашкахь Украинан территори Iалашйо иштта нохчийн лаамхойн батальонаша а цхьаьна. Церан могIаршкахь – даймохк дIатесна тIе ца эцначу Ичкерин агIончаш а бу. Стигалкъекъа-баттахь Киеверчу политикашца цхьаьнакхийтира Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр Закаев Ахьмад, ткъа Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс юкъадаьккхира чергазашна динарг геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалдар. Оцу юкъанна президентан Зеленскийн офисо массарна а хезаш реакци йина яцара юкъахь къахьегарх. Карточкашка хьаьжча, ший а низаман проект хIинца а листина яц комитеташа.